Экстремистийн йукъаралла вовшахтоьхна аьлла ГIалгIайчохь бехкзуламан гIуллакх долийна Оздо Ахьмадан (Гудиев Темерлан) хьокъехь – Оьрсийчоьнел арахьа болх бечу гIалгIайн маршонан Комитетан декъашхочунна.
"Сапа Кавказ" телеграм-каналан информацица, Комитетан леларехь бакъоларйаран органашна хаайелла Оьрсийчоьнан дозанийн цхьаалла йохоран билгалонаш а, экстремистийн йукъаралла кхоллар а.
Оздо Ахьмадан бIанакъосташлахь канало хьахийна гIалгIайн суверенитетан Комитетан куьйгалхо Гаркхо Ансар (Картоев Анзор), пресс-секретарь Йоулой Руслан (Евлоев Руслан), Ториев Мохьмад а. Царна дуьхьал гIуллакхаш долийний, хаамехь йаздина дац.
Хетарехь ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало чIагIдо, Оздо Ахьмад иштта бехкеварх терроризмаца воьзна хиларна а, низамехь йоцу герзашца тоба вовшахтохарна а. Талламан версица, 2016-чу шарахь Шема вахана хилла иза, цигахь "Джебхат ан-Нусра" тобанах дIа а кхетта, Асад Башарна дуьхьал тIемаш бина цо.
- ГIалгIайн маршонан Комитет кхоьллина йу стохка Истанбулехь дIайаьхьначу ГIалгIайчоьнан суверенитетан агIончийн съездехь. Цуьнан Iалашо йара – маршонах а, суверенитетах а йолчу идейна гонах гIалгIайн йукъаралла вовшахтохар, культурин, динан а идентификалла ларйар, керла ГIалгIайн пачхьалкх кхолла бух боттар. Иштта "йуха а халкъ Iеха ца дайтар а, царна тIехь ницкъ ца байтар".
- Организацин декъашхочо Оздо Ахьмадан дешнашца, йозуш цахиларан деклараци дIакхайкхон Комитето бина сацам Украинаца болчу тIамца боьзна ца Iаш, боьзна бара кхул а хьалха "Оьрсийчоьнан оккупацина бухахь латторан" зеделлачуьнца а.
- Стохка чиллан-баттахь экстремизмана дуьхьало латточу ГIалгIайчуьра Центро хеттарш дан тIекхайкхинера гIалгIайн блогеран, жигархочун, гIалгIайн маршонан Комитетан пресс-секретаран Йоулой Русланан да.
- 2024-чу шеран дечкен-баттахъ Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" реестре йаьккхира гIалгIайн Комитет. Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь Гаркхо Ансара дийцира республикехь а, цул арахьа а шаьш бечу балхах, ГIалгIайчуьра йукъаралла муха кечйина йу а, оьрсийн пачхьалкхаца йолчу йукъаметтигех а.
- "Джебхат ан-Нусра" (ТIамана гIодар) – "Аль-Къайдан" Шемара а, Ливанера а дакъа ду. 2012-чу шарахь Шемахь бахархойн тIом боьдучу заманчохь кхоьллина и тоба, гIаттамхойн уггар а кхиамечу тобанех хилира. Террорхойн организаци лерина и Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а, СаIуда Iаьрбийчоьно а, ООН-о а. Цуьнан куьйгалхочо масийттаза дIахьедира и тоба вовшахйаккхарх а, Асад Башаран дуьхьалончех кхин керла йукъаралла вовшахтохарх. Доккхачу декъана "Джейш-аль-Фатх" йара йуьйцург.