Банкехь ахча латточу регионех хIитточу рейтингашкахь Къилбаседа Кавказан дукхахйолу республикаш еххачу заманчохь тIаьххьарчу могIаршкахь нисло. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, оцу кепарчу статистикех бахархошна тIедогIу рицкъ кIезиг хиларна ду аьлла кхетор нийса хир дац – шайн гулдина ахча пачхьалкхана гуш хилийта адам кхоьруш хилар а ду цигахь.
2022-чу шеран жамIашца Оьрсийчоьнан цхьана вахархочунна догIург юхалерича (статистикана юкъахь ю аннекси йина ГIирма а, Севастополь а) бахархоша банке дуьллу ахча 259 эзар сом ду юккъерчу барамехь. Оцу гайтамца тIаьххьарчу меттигашкахь даим санна ю ГIалгIайчоь (13,6 эзар), Нохчийчоь (17 эзар), Дагестан (32,3), Кхарачой-Чергазийчоь (42 эзар). Оцу юкъанна стохкалерачу шарца дуьстича, дукха дацахь а, мел а алсамдаьлла хаало оцу регионашкахь банке дохку ахчанаш.
Уггар дукхаха кхиар билгалдаьккхина Нохчийчохь. Мехкан бахархоша шарахь гулдинчу ахчанан барам 23% лакхабаьлла, кхин а сов лакхара го цхьана Ненецкан автономин гонашкахь – 59%. ХIетте а банке дохкучу ахчанийн юккъера барам Нохчийчохь 15-ззар лахара буьсу йоллу пачхьалкхе хьаьжча.
Цул совнах, Къилбаседа Кавказан республикаш дикка тIаьхьа ю, шайца цхьаьна федералан гонашна юкъа йогIучу луларчу Ставропол-кIоштана. Банке дуьллу ахча юккъерчу барамехь 120 эзар сом ду Ставрополехь – иссоза бохург санна алсам ду и ГIалгIайчохь долчул, доьазза Дагестанехьчул а.
"Цхьа ши эзар дуьсу"
Оцу статистикан уггар а гуш долу бахьана хета – къоьлла а, лахара тIебогIу пайда а аьлла, тешна ву Дагестанера "Яблоко" партин куьйгалхо Эседов Альберт.
"Банках тешар-цатешар, йа и цахилар дац кхузахь дуьйцург. Иза доьзна хила тарло, бахархошна тIебогIу пайда, сурсатийн мах а оццул боллушехь, лахара хиларца. Доьзалехь бюджет йайаран структура а оцу регионашкахь муха ю аьлча, дукхахболу бахархой дагахь бац шайгарчу ахчанан цхьа дакъа банкашка охьадилла", - дуьйцу къамелдечо.
Дукхаболу бахархой дагахь бац шайгарчу ахчанан цхьа дакъа банкашка охьадилла
Къилбаседа Кавказан республикаша дуккхаъчу шерашкахь дIалоьцу рейтингашкахь тIаьххьара могIарш школехь хьехархоша оьцучу алапашца а, тIебогIучу пайданца а, иштта кхечу коьртачу социалан-экономикан кхиаран гайтамашца а. Эксперташа билгалдоккху, йаккхийчу федералан дотацеша Iаткъам ца бо бахархойн токхена а, хIума эца таро хиларна а аьлла.
"Оцу мехкийн бахархой дукха хьолахь къен бу, лаккхара чкъор доцург. Нах миска мел хуьлу а, ахчанаш банке кIезиг дохку", - билгалдоккху экономисто, географо Зубаревич Натальяс.
Дагестанан статистикан зерашца, регионера юккъерчу алапна а, бахархоша баттахь дойучу ахчанна а юкъахь башхалла ю кхо эазр гергга сом. Оцу юкъанна 2022-чу шеран 9 баттахь сурсаташна а, коммуналан хьашташна а республикехь дайина ахча 18 проценте лакхадаьлла.
"Банкан системех болчу тешамах а, динан факторх а дерг аьлча, Къилбаседа Кавказан регионашна леррина компанеша исламан банкингехула проекташ юкъайоху. Суна хетарехь, цо хьал башха ца хуьйцу, хIунда аьлча, бахархошна тIедогIучу рицкъанца хаалур дац иза. Ур-атталла официалан статистико а башха къайла ца хьо, хIора баттахь хьашташна ахча охьадиллинчул тIаьхьа мехкан бахархойн карахь ши эзар сом бен дуьсуш цахилар", - билгалдоккху Эседовс.
Белла нах
Оцу юкъанна, цу кепара статистика хIоттош ю бахархойн терахь дагардинчу ларарш тIехь. Зубаревича билгалдаккхарехь, Къилбаседа Кавказерчу мехкийн социалан-экономикан хьолана таллам бечу заманчохь лара деза оцу регионашкару демографаша тIейаздийриг а. Церан бараман мах хадабойла ю урхаллийн а, пачхьалкхан а статистикехь бIостаналла хиларца.
Масала, ГIалгIайчохь школашкарчу дешархойн терахь шозза лахара ду деша хан йолчу берийн терахье диллича. 2010-чу шеран ерриг Оьрсийчоьнан бахархойн лараршка хьаьжча, махкахь 130 эзар стаг вара 18 шарал лахара хенаш йолуш. Оцу юкъанна, дешаран министраллин хаамашца, 2012-чу шарахь дешархойн терахь 55 эзар стаг дара.
КХИН А ХЬАЖА: "Хьал тодар дац иза - кеп ю". Хинйолу муниципалан реформа а, Кавказан дахар а2020-чу шарахь хиллачу лараршца школе даха хан йолу бераш 130 эзар гергга дара. Ткъа меттигера дешаран министралла сецира 2014-чу шеран марсхьокху-баттахь дешархой багарбечуьра. Оцу хеначохь республикехь 57 эзар дешархо вара.
Росстатан а, Коьртачу банкан а информацица хIоттош ю банке дохкучу ахчанийн юккъерчу барамех рейтинг. Цундела тIейазбеш хиларна ларарш дечу хенахь жамIаш харцахьа гойту: демографийн мах хадорца, банке ахча диллар тIаьххьарчу могIаршкахь долчу Нохчийчохь, бахархой лоручу хенахь терахьаш совдаьхна хила тарло – 600 эзарна тIера 1,8 миллионе кхаччалц.
"Дерриг а дац иштта къен"
Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа билгаладккхарца, банкан статистика харцйаро йаржайо низамехь йоцу бизнес а.
"Къилбаседа Кавказ – башха регион ю, къайлах экономика а лелош. Ма-дарра аьлча, кавказхойн хIусамашкахь хиллачарна гуш ду, статистикехь ю боху къоьлла цигахь цахилар: цIеношкара бахам, масала, Оьрсийчоьнан регионан шахьарал арахьа бехачу нехачул а тоьлаш хуьлу", - билгалдоккху политолого, "Либералан Оьрсийчоь" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.
Зубаревич Натальяс чIагIдо, Къилбаседа Кавказан бахархой консервативе ю, царна гIолехь хета шайн ахча гIайби бухахь латтийча, хIунда аьлча, цуьнан доккхаха дакъа – формалехь доцуш тIедеана рицкъ ду. "Формалехь боцу пайда дукха тIе мел богIу, банке диллар кIезиг хуьлу", - дийцира къамелдечо.
2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша элира "низамехь доцург лелор" коьрта фактор ю Къилбаседа Кавказера регионашкара экономикан кхиарна доза деттарна аьлла. Федералан пачхьалкхан статистикан сервисо тIаьххьара динчу лараршца, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а низамехь доцу гIуллакх лелочийн дакъа алсам дара болх бан хьакъ болчу нахал а. Дагестан (49,1%) а, ГIебарта-Балкхаройчоь (48%) а шайн ма-хуьллу герга ю оцу тIегIана.
Ахча банке диллар – шайна тIедогIу рицкъ гучудаккхар ду
" Ахча банке диллар – шайна билггал тIедогIу рицкъ гучудаккхар ду. Шуьгара ахча дIадаккха тарло. Итт шо хьалха, стабилехь долчу соьман курсо 10-12 процент шарахь пайда беш хиллачу хьолаца дуьстича, хIинцалера процент инфляцил а лахара ю, дIоггара пайден а ца хета. ЦIахь къайладаьккхина, мичча хенахь а схьаэца йиш хиларх тешам алсам бу", - дуьйцу Жаворонковс.
Къилбаседа Кавказехь банке ахча дилларан статистико гойту регионерчу бахархошна мел рицкъ тIедогIу а, и стенгара долу а, элира дерзош Зубаревича.
- Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а (иштта Алтайра а, Тывара а) "къона говзанчаш" кхечу меттигашка белхаш бан дIаболхахь царана "гIоьнна" ахчанаш даларх дийцира Оьрсийчоьнан Iедалша. 116 800 сом дала дагахь бара 35 шаре бовлазчу, Къилбан-Малхбузен, Уралан, Генарчу Малхбален, Сибирин регионашка балха хIуьттучу кегийрхошна.
- Регионалан бюджетера ахча кIезиг дойучарах лерира Дагестан 2021-чу шеран жамIашца. Уггар а лахара ахчанаш дойучу итт регионашлахь нисйелира иштта Ставрополан кIошт, ГIебарта-Балкхаройчоь, Волгоградан а, Ростовн а кIошташ а.
- Белхазалла йолчу Оьрсийчоьнан субъектийн пхийтта регионашлахь нисйелира Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а ялх республика – юьйцурш ю официалехь бахархой мукъа ца хилийтаран центран чоьтехь болу болх бан хан йолу нах. Белхазалла хиларехь хьалхара меттигаш дIалийцира ГIалгIайчоьно а, Нохчийчоьно а.