Ши кIира сов хан ю Украинехь Оьрсийчоьно болийна тIом боьду. Хаамийн аренехь оьрсийн эскаран "локомотиван" васт кхаьчна тIаме бахначу нохчийн нуьцкъахошна. Дукхачу хьолехь иза хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан ницкъаца, цо хIора денна социалан машанашкахь меттигерчу тIемалойн "хьуьнарш" гайтарна а, "нацистех а, царна хьалха уьдучех а" Украина кIелхьараяккха кийча бу бохучу нуьцкъахошца кхерамаш тийсарна а.
Регионан куьйгалхо Украинан Iедалхошка даккхийра дIахьедарш дан ларийна, оцу бахьанца нохчийн тIемалой оьрсийн чугIортаран шолгIа юьхь хилла дIахIоьттина президент Путин Владимир дIаваьлча. Оьрсийчоьнан тIелатарна нохчийн юьхь кхолларна дуьхьало йан йийзира тIе ца эцначу Ичкерин политикийн а, оппозицин блогерийн а. Уьш видеокхайкхамаш яздан буьйлира, Кадыровс дуьйцург – иза берриг нохчашна хетарг доцийла рогIерчу бахархошна хоуьйтуш.
Боьдучу тIамехь санна таханалера Нохчийчоь, ала мегар долуш, шина декъе екъаелла. Пачхьалкхан зорбанаша ма-хуьллу гайта гIерта меттигерчу бахархоша Оьрсийчоьнан тIелатар шеко йоцуш къобалдеш санна. Республикехь евзачу кепехь до иза – "саготта болчу бахархойн" видеокхайкхамашца. ГIаряьлла ю, масала, дийцарехь, шайн кIентий тIаме хьовсийначу нохчийн зуьдарша дIаязъе видеош, Кадыров Рамзане "царна са ца гаттор" доьхуш.
Суна ца леа вайн нах леш ган, кхара Украина схьайоккхур шайша, бохуш маьхьарш детташ лаьтташехь
Делахь а, мессенджерехула яржош нохчийн маттахь дIаязйина аудиош ю– царех цхьахйолчунна тIехь евзаш йоцчу зудчо боху ша шен виъ кIант дIавоьллина. Турцехь вехачу оппозицин блогера Халитов Хьасана, шен хьостанна тIе а тевжаш, дIахьедина, оцу зудчун кIентий Украинерчу тIемехь кхелхина хилар – республикехь официалехь вуьйцург шиъ велларг бен вац. Кхечу аудио тIехь меттигера яхархочо кхайкхам бо нохчийн наношка республикера военкоматана хьалха митинге гулдалар, шайн бераш тIаме ца хьийсор тIе а дожош.
Ишттачу контрасте хьал лаьттачу юкъанна Нохчийчохь дIахьош "МыРезерв" акци ю, иза йолийна Кадыровн гIоьнчас, республикан зорбанан министра Дудаев Ахьмада. Цуьнан декъашхоша гуш-хезаш шайн "лаккхарчу куьйгалхочо омра ма-даллара" Украине баха лаам хилар гайта деза. Делахь а, дукха нах ца хIоьттира оцу юккъехь дакъа лаца – флешмоб тIелаьцнарш бара, доккхачу декъанна, нуьцкъахой, Iедалан белхалой, иштта кехаташ дIалетош хьийза, меттигера Iедалехьа йолчу юкъараллин цхьанакхетараллин декъашхой а.
Кавказ.Реалиис хеттарш динчу меттигерчу бахархоша шайн цIераш ца йовзуьйтуш дийцира Украинерчу кризисо муха хийцина шайн дахар, иштта бовзийтира шайн баланаш а. Респонденташа шайн цIерш лечкъор уьш Нохчийчохь бехаш хиларца доьзна а ца Iа, Оьрчийчохь болх бан доладеллачу, 15 шаре кхачалц чохь яккха хан тоха аьтто лучу "оьрсийн тIемалойх лаьцна фейкаш яржор" бохучу керлачу низамца доьзна а ду иза.
Илес, Соьлжа-ГIалин цхьахйолчу доьшийлан информатикан хьехархо
Цкъа делахь, оцу тIаме сан шиъ юххера гергара стаг вигина. Суна хаьа уьш балхара дIавоккхур ву, бохуш, пхиъ миллион гIуда тохарца кхерамаш а тийсина цига вигина вуйла. ШолгIа делахь, царах цхьанна цIахь боккха доьзал биссина. Иза тхоьца зIене валанзе дукха хан ю, хьалхарчу деношкахь дуьйна ала мегар долуш.
Суна кIордийна хIоразза керла телефонан зIе тохалц дахар текхон. Суна ца леа вайн нах леш ган, кхара Украина схьайоккхур шайша, бохуш маьхьарш детташ лаьтташехь. Суна къахета уьш кхин гур боцу нанойх, зударех. Кхузахь ур-атталла тезета гулвала а йиш яц хIинца. Де мел дели десташ ду вайн беллачу кIентийн терахь, уьш кхоччуш ларамца лахьте берзон йиш а яц.
Хаац суна хIун хуьлуш ду оцу экономиках, амма оха тхайн информатикан чоьнна эца кечбина цхьацца кегийра гIирсаш дIатеттина. ТIаьхьарчу деношкахь церан мехаш шозза дистина. Кхин а сов хир ду уьш, соьга ма-аллара, долларан мехе хьаьжжина.
Дуьйцу, резервехь лаьттарш "Iаморашка" буьгу бохуш, Iеха бой тIаме дIабигар. ПаргIат синтемехь хьайн гIуллакхаш дан йиш яц ишттачу сингаттамечу хьолехь. Наха дуьйцург бен уьш дацахь а, со цец-м вера вац цара кхана дешархой схьа а луьйцуш оцу тIаманна юкъа кхийсича. Сихха хIара дIадерзийта лаьа. Аса сагаттадо сайн гергарчарна. Суна уьш могуш-маьрша цIабахкийта леа.
Диана, Соьлжа-ГIалара флорист
Аса чIогIа хала лов хIара хаамийн фон. Сан дIацаболу синлазам бу, наб яйна. ХIинца оцунах тIом ала йиш йоцучу сонтачу хьоле даьлла гIуллакх. Ур-атталла гуш-хезаш и дийца а ца хIутту нах, критика йар-м хIунда хьехадора. Бевзачара дуьйцу, хьуна тIе а баьхкина хьан телефоне хьийса тарло. Со ца мега ишта… Суна бевза дукха мехкарий ирчачу гIайгIанехь бу. Дуьххьарчу деношкахь соьга тIе ца эцалора и хьал, тешаш а яцара хуьлучух.
ТIамна дуьхьала бер вайн дукха белахь а, иза дIазаийта ца хIутту цхьа а, вай долчахь муххале а.
Окху шина кIирачохь со балано дIахоьцуш яц, Iаткъам бу кийрахь, маьрша йоцуш санна, тIебогIуш кхерам болуш санна хьийзаш ю. Аса ма-дарра дIабоху, сан невроз ю, психиатрана тIе яха езаш ю со. Сингаттамо дегIан тайп-тайпанчу меттигашкахь ов детта суна. Ишттачу хьолехь соьга дийцалур дац оцу тIамах лаьцна сайна мел-хетарг. КъинтIера довла…
Зарема, берийн нана
Дуьххьара сан коьртехь дерг сайн кIентий хьулон меттиг лахар ду – диснарг хIумма а доцу хIума хета. Эскаре дIагулош хилахь, воккхахволу шиъ къайлаваккха меттиг лоьхура аса. Со кхета, дуккхаъчу наношна соьл хала ду, дукхачарна шайн бераш кхин гур дац, цундела суна ца леа церан декъехь хила. ХIара кегор сихха дIабоьрзур бу аьлла ца хета суна, тIаьхьалонаш хир ю тIом хIинццехь сацахь а – хIинццале йолуш ю уьш-м.
Беллачарах лаьцна хаамаш Оьрсийчоьно лечкъадо, белларш цхьана бахьанашца Украинера дIа а ца буьгу. Церан декъеш дIа ца ло шайн наханна, ткъа цара сатуьйсу шайн дайш, кIентий цIабахкаре. ТIамна дуьхьала берш вайн дукха белахь а, иза дIахаийта ца хIутту цхьа а, вай долчахь муххале а.
ХIинца ковид яьржина 2020-гIа шо долуш санна хета, наха туьканашкара дIаийдо дерриг сурсаташ. Шекаран галин мах хIинца 3 800 сом бу, ши эзар меттана, схьахетарехь Оьрсийчохь деш дац иза, Африкера кхоьхьуш ду. Суна гарехь, хIинца санна дахар дIакхехьархьама долучул совнах кхин а оццул ахча эша мега тхуна. Хетарехь, Путина бохура дукха бераш долчу доьзалшна гIо дийра ду, амма сан кхи сатийсамаш дац оцу хьокъехь.
Сайд-Эмин, цхьайолчу министраллин белхало
Хаамаш доьшуш, долчу хьолана тIехь тидам беш, хетало, бух боцучу метте хьоьжуш санна. Окху пачхьалкхехь цивилизацино кхоьллинарг, уггаре диканиг, дийнаниг хIаллак хуьлуш ду, чIогIа ирчачу кепехь юккъерачу бIешершка кхочуш ду. Цхьанне хIумах тера бац и синхаам – тIеман патриотан моханашна юккъехь хуьлучунга хьежар.
Кехерам а бу. Кханенга хилла сан тешам байна. Йоьду хан вуьшта хаало. Эран яйъина хIора секунда ягаръян волавелла. Со окху хьоло пайдехьа гIуллакхаш чекхдахарна тIеверзийна. Цхьацца графикаш тIера терахьаш доцурш, суна кхин башха ца хаабелла санкцийн Iаткъам. Дукха ца Iаш иза Iаабала мега вайн, хIинца а "тулгIе" схьа ца кхаьчна.
ТIеман сизан дехьарчу нахах дерг дийцича, аса доггаха сагаттадо царна. Вайна санна цхьанне ца хаьа тIо… спецопераци хIун ю. Сихха хIара дIадерзаре догдоху аса. Peace.
Заурбек, Iедалан белхало
ХIинцале цхьа цIаьххьана дахарна бохам ца хилла суна Украинера тIом бахьана долуш. Ерриг йазлуш ю массо ханна, саццанза. ТIом ца хилча а йазло уьш. Деха дуьйцур дац аса, амма со тешна ву, сурсатийн, коммуналан, зIенан, йагочун, массо хIуманан а мехаш дестар – иза массо ханна хир ду. Дукха хIума ду вайн арахьарчу валютех доьзна, хIинца муххале а. Сурсаташца дерга-м къаьхьа де ду – вайн наханна бахьана ло ахь боьхна хьийза а, шортта тIаьхьалонаш гулон а.
Дицделла вайн "террористех кIелхьара дохуш" йа "конституцин къепе дIахIоттош"?
ХIара дерриг сихха дIадоьрзург хиларх теша леа, амма меттадогIуш вай шортта Iийра ду, лазаме а хир ду иза. Со тIаме дIакхайкхарх ца кхоьру – сатуьйсу-кх ца кхайкхаре.
Ислам, мэрин цхьахйолчу департаментан белхало
Моралан а, ахчанийн а зен сунна кхоччуш хаадела и тIом бахьанехь. Хетадала там бу, пана махкахь хуьлучух сан бала хила ца беза аьлла. Амма цхьа стаг герз а эцна кхечунна тIевоьду бохучо со кийрара хIаллакво. АллахI Дала кхоьллина са схьаэца бакъо яц цхьанне а. Керстачу нехан куьйгкIелахь тIом а бина кхелхинчу оцу нахах "шахIидаш" стенна олу цхьахболчу наха?
Ахча дийца даьккхича, ерриг хIума язъелла, соьман мах оьхьаболуш бу хIора денна, кIезга эца декхаре ву со хIинца сайна оьшурш. Массо хенахь санна, и тайпа хIума рогIерчу нахах хьакхало. Бехкечара шайн бехк тIелаца беза, хIара тIом сацон беза, цуьнах жоп дала а деза.
Радима, Iаьрбийн меттан хьахархо
Бакъдерг аьлча, со ца кхета вайн кIентий стенна гIо Оьрсийчоьнна гIо доккхуш цигахь тIом бан? Оцу империца ши тIом ма лайна вай. Вайна ца хиъча, кхин хьанна хуур ду Оьрсийчоьно ша цхьаъ "кIелхьараваккха" гIерта бохург - иза хIун ду? Дицделла вайн "террористех вай кIелхьара дохуш" йа "конституцин къепе дIахIоттош"? Суна дика дагадогIу и дерриг. Сан кегий шераш – иза берриг тIом бу. Суна хаьа дукха нах лаамза баханий цига, делахь а. ТIамах лаьцна хаамаш доьшучера со сецна, дукха чIогIа синан Iаткъам бо цара суна. Цигахь хуьлург озийна даьккхича санна вайн цIахь лелийнарг ду-кха.
Ахчанца чIогIа зен дина суна оцу гIуллакхо. ХIора баттахь аса 7-8 эзарнах оьцуш хила кхачанан сурсаташ стомара 15 эзар делла эцна аса. Со кхетарехь, угара оьшучу сурсатийн мах бу тIекхеттарг, вуьшта туьканашкахь кхи йоккха башхалла яц. Стенга дог даха деза сунна ца хаьа.
***
Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь Украинана чугIоьртира. Зазадоккху беттан 11-хь – ялхийтталгIа де-буьйса ду тIом боьдуш. Оцу хеначохь, Кавказ.Реалиин талламца, тIеман тийсадаларшкахь вела Къилбаседа Кавказера мел-кIезга а 104 стаг. Нохчийчуьра хаамаш кхочу, тIемалой дIабухкуш хIиттийна тезеташ ду, бохуш Илсхан-Юртахь, Гуьмсехь, Шелахь, Ойтрахь, кхечу ярташкахь а.
Малхбузерчу мехкаша сецош ю шайн Оьрсийчоьнца хилла массо а агIонашкара зIенаш. Оьрсийчоь шена дуьхьала санкцеш яьхначу мехкашлахь лидер ю аьлла Bloomberg хьостано. Дехкарийн барамашкахь махко тIаьхьакхоьсна Иран, Шема, Къилбаседа Корея а. Уггара дукха Оьрсийчоьнна дуьхьала санкциш яьхна Америко (1 194), Канадо (908), Швейцарино (824), Евроберто (766), Францино (760). Агенствано и дехкархш тардина "финансийн зарратан тIамца".