ГIаззе кхоалгIа а гIо кхачорах хаийтина Кадыровс – МЧС-н кеманца цуьнан йоI Хадижат йара

Гайтаман сурт

Лахьан-беттан 17-чохь суьйранна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, ГIазза секторехь бехачу бахархошна лерина кхоалгIа гуманитаран гIо дахьийтарх. МЧС-н кема йуха а гIаьттина Соьлжа-ГIалахь – Кадыровс новкъадаьккхира кема, Соьлжа-ГIалара школазхойн дешаран департаментан куьйгаллехь йолчу шен шолгIачу йоIаца Хадижатца.

Мисаран Эль-Ариш аэропорте мохь дIакхачон, "Путин Владимиран тIедожорца а, МЧС_н министран Куренков Александран тIедиллираца" ИЛ-76 кема билгалдаьккхинера, тIечIагIдо Оьрсийчоьнан чолхечу хьолан министраллехь. Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, ГIазза секторна лерина Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан ахчанах эцна хилар 30 тонн гуманитаран гIо. Цо бахарехь, оцу Iалашонна 129 миллион сом деллера фондо.

Мохь дIабахьийта Соьлжа-ГIаларчу аэропорте веанера Нохчийчоьнан куьйгаохо шен шолгIачу йоIаца Хадижатца. Цо дIахьедира, "республикера кIоштийн дешаран йоллу урхаллаша" накъосталла дира гIо вовшахтухуш аьлла. ХIара дуьххьара дац, Кадыровн бераша Палестинана гIо дечу акцихь дакъалоцу: хьалхо Соьлжа-ГIалара мохь дIабохьуьйтуш улло ваьлла вара регионера "Хьалхарчийн болам" организацин куьйгалхо, 18 шо долу Кадыров Ахьмад.

Соьлжа-ГIалин аэропортехь Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира, Нохчийчоь "дуьххьара йолайелла Палестинера вайн вежаршна гIо дан", Израилан ХЬАМАСца конфликт йолайеллачул тIаьхьа керла дохьуьйту гIо хIинца кхоалгIа ду. Оцу йукъанна хьалхара гуманитаран гIо ГIазза секторе оццу МЧС-н кеманашца дахьийтира гIадужу-беттан 19-чохь Подмосковьера Раменское аэропортера а. Ткъа Кадыровс дуьххьара гIо кхачорах дIахьедира гIадужу-беттан 31-чохь, ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь жуьгташна дуьхьал къепедацарш лелийначул тIаьхьа.

  • Оьрсийчоьнан Iедалхошна коьрта хила тарло Кремло а, федералан Iедалхоша а Палестинана гIо латторах къайладахьар, хIунда аьлча, Израильца Дагестанера хиламашна тIехула йукъаметтигаш талхар тоаме ду, аьлла хета эксперташна. Кавказ.Реалиино хьалхо дийцира, Оьрисйчоьно Палестинана деш долу гIо Соьлжа-ГIалара стенна дIакхачадо.
  • ГIадужу-бутт бовш Кадыровс шен телегарм-каналехь йаздира, ГIазза секторера 20 эзар доьзална кхачанан-сурсатийн гIо хьажийна шаьш аьлла. Цо билгалдаьккхира, шен нанас Кадырова Айманис "гIоьналлин акцишкахь" дакъалацарх – марсхьокху-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаршка йазйира иза, формалехь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан куьйгалла деш хиларна. Марсхьокху-беттан йуьххьехь Путин Владимира совгIат дира Кадыровн нанна – Айманина - Сийлаллин орденца.
  • Кадыровн Ахьмадан цIарах фонд а, "Ахмат" футболан а, латархойн а клубаш а йаьхна "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь вовшахтоьхначу санкцийн тептаре 2020-чу шеран гIуран-баттахь. Вашингтоно пайдаоьцу оцу тептарх, адамийн бакъонаш хьоьшучу нахана дуьхьал санкцеш йохуш.