ГIелонех кхелхинчу 4 шо долчу йоьIан йиша а, ваша а кхечу доьзале доладайта дIаделла

Малгобекера Муцольгова Самирин тезат. 2023 шо стигалкъекъа-беттан 18 де Похороны Самиры Муцольговой в Малгобеке. 18 мая 2023 года

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь шен доьзалехь гIело латтийна, йеллачу 4 шо долчу Муцольгова Самирин ваша а, йиша а Малгобекан Iедалхоша цхьана ханна Iуналла дан доьзале делла.

Ханна цхьана зудчуьнга леладайта и ши бер дIалуш сацам бина кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссино. Цу зудчун шен а бер ду, ткъа цуьнан доьзал бакъахьара лоруш бу. Цуьнан а, берийн а цIераш йохуш йац.

ТIаьххьарчу 2,5 баттахь бераш Малгобекан кIоштан дарбанан цIийнехь дара, хаамбира администрацино. Хьалхо меттигерчу "Фортанга" гIирсо йаздира, царна тIехь а ницкъбина хила тарло аьлла.

Зорбанан гIирсаша йаздора, йийначу Самирин йалх шо долуш йиша а, шо кхаьчна ваша а ву бохуш.

  • Стигалкъекъа-беттан 16-чохь кхелхира Муцольгова Самира. Цул а кхо де хьалха дарбанан цIийне кхачийнера иза кхетамчохь йоцуш. Сих-сиха къиза йетташ хиллера берана – лоьраша къастийнера цунна тIехь чолхе чевнаш хилар а, пневмони а. Лоьрийн экспертизана тIетевжина, Кавказ.Реалиица къамел динчара дIахьединера, и йоI хьизийна билгалонаш цунна тIехь хаайаларх. Цунах лаьцна имама Чумаков Хьамзата а дийцира, йоIера хьал теллинчу лоьрашна тIетевжина. ТIаккха Талламан комитетехь и хааамаш "бакъ бац" элира.
  • Самирин нене бехкаш кховдийна хаа а хууш, цунна тIехь къизаллаш лелорна, иштта гIуллакх долийна ненан декхарш кхачам боллуш кхочуш ца дарна. Лаьцна хиллера Самирин ненанана а, амма иза дукха ца Iаш дIахийцира, къизаллаш лелош декъахь иза хиларх тоьшаллаш ца карийна. Хаамабора, оцу йоIана тIехь эвхьазалла лелийна стаг а цхьаьна лаьцна бохуш, оцу информацина тоьшаллаш дац.
  • Йитттина, дийцарехь, хьизийна йеллачу ГIалгIайчуьра Малгобекера 4 шо долчу Муцольгова Самирин гIуллакх зуьйчу талламхочо дуьхьало йина, зен хиллачийн агIонан адвокаташна гIуллакхан матераилаш йовзийта.
  • Оцу йоьIанна тIехь эвхьазаллица хьийзорах лаьцна гIалгIайн жигархоша, блогерша, адвокато а дIахьедира, иштта ур-атталла ницкъахошца йоьзна хила тарлуш йолчу телеграм-канало а элира цунах дош. Шен белхан накъосташка кхайкхам бира каналан авторо, "дIа а лаций, массарна а гуш, кхел йе оцу бераш хьийзочу стагна тIехь". Ткъа бер деллачул тIаьхьа цо йуха а кхайкхамбира Талламан комитете: "Шуна хууш ма ду, и йоI хьизиний" аьлла.