ГIиргIазойчуьра СИЗО-хь шена гIелойарх дIахьедина Нохчийчуьра вахархочо Мовлаев Мовсара

Бишкекера талламан изоляторехь шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедина Нохчийчуьра вахархочо Мовлаев Мовсара. Iазапаш хьегийтина Мовлаевга Нохчийчохь, Оьрсийчу веддера иза. ГIиргIазойчохь бехкевина иза бакъо йоцуш шайн мехкан доза хадорна. Йалх бутт хан тоьхна цунна чохь баккхийта, цул тIаьхьа пачхьалкхера ара а воккхуш.

СИЗО-хь шена йиттина аьлла дIахаийтина Мовлаевс гIадужу-беттан 31-чохь апелляцин кхелан кхеташонехь, йаздо "Кавказский узел" гIирсо, амма дерриг а дийца ца ларийра иза. Кхелахойн коллегин куьйгалхочо йукъахваьккхира иза, кхеле таллийта доллу кехаташ схьа ца кхаьчна аьлла, дийцаршдар дIатеттира лахьан-беттан 16-чу дийне.

Мовлаевн адвокато Автандил Бакыта ресурсана йеллачу комментарихь билгалдаьккхира, гIело йарх латкъам ГIиргIазойчоьнан Iазапех дIахьедарехула йолчу Къоман Центре хьажийна аьлла.

Иштта Автандила чIагIдо, Мовлаевн гIуллакхан материалашкара "берриг аьлча санна дIабайина" Нохчийчохь цунна тIаьхьабовларх а, цунна тIехь къизаллаш лелорах а хилла хаамаш. Цунна хетарехь, Мовлаев Оьрсийчу дIавахийта шайн таро йу ала дина хIума ду и.

Бакъо йоцуш доза хадорах Мовлаевна таIзар кхайкхийра кху шеран гIадужу-беттан 4-чохь. Мел а лаккхара хан тохахьара шена аьлла, дехар динера цо, Оьрсийчу ша дIа ца велчхьана.

Гезгамашин-баттахь ГIиргIазойчоьнан Iедалшка велира Мовлаев, шена мухIажаран статус лахьара аьлла. Карарчу заманчохь цуьнан дехар луьстуш ду пачхьалкхан къоман кхерамзаллин комитето.

  • 27 шо долу Мовлаев Мовсар тхэквандо спортан мастер ву. 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь. Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.
  • Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваьккхира, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.
  • Нохчийн жигархойн хаамашца, кадыровхоша лечкъийна бигинера Йоккхачу АтагIахь беха Мовлаевн боллу гергарнаш. Шеларчу полицин декъехь уьш латтийна а бохура, амма фициалехь информаци бакъйина йацара.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а дуьйцура, дукха хьолахь республикера ницкъахоша лечкъийна нах тIаме хьийсорах. Царех цхьаболучарна ультиматум хIоттайора, йа тIаме доьлху шу, йа Iазапаш хьоьгу, цул тIаьхьа шаьш айдинчу гIуллакхца набахте а доьлхуш олий.