ГIирмин тIайтIехь динчу эккхийтарна тIехула нах лецарх хаийтина ФСБ-но

Гайтаман сурт

ГIирмин тIайтIехь дина эккхийтар бахьана долуш Оьрсийчуьра пхи вахархо, Украинера кхоъ, Эрмалойчуьра цхьаъ лацарах дIахаийтина Оьрсийчоьнан кхерамзаллин урхалло (ФСБ). Уьш берриш а бехкебо эккхийтар кечдарна. Урхалло 12 стеган цIе билгалъяьккхина, хиллачунна бехке хила тарло аьлла. Цунах лаьцна хаамбина "Интерфаксо".

ФСБ -н а, талламан комитетан а версица, эккхийтар вовшахтоьхна Украинан тIеман министраллин таллархойн урхалло а, цуьнан куьйгалхочо Буданов Кирилла а, иштта урхаллин белхахоша а, агентуро а.

Талламчашна хетарехь, оьккхуьйтург лачкъийна хила тарло гIишлошъяран полиэтиленан пардо юккъехь 22 паллеташ тIехь кир кхоьхьучу машенан кузов чохь. И мохь марсхьокху-баттахь Одессера Болгари дIахьажийна хилла боху, цигара Гуьржийчу кхачийна, тIаккха Эрмалойчу, цигара дIа Гуьржийчоьнан дозанехула Оьрсийчу.

Хьалхо Болгарин премьер-министран декхарш кхочушдеш хиллачу Донев Гылыба дIахьедира, пачхьалкхан Iедалша тIе ца дуьту, тIаьхьо ГIирмин тIайтIехь иккхина машен шаьш долчахь хилла бохург.

ГIирмин тIайтIехь эккхийтар хилира гIадужу-беттан 8-чохь Iуьйранна. Талламан версица, кир кхоьхьу машен иккхинера цигахь. ТIайн цхьа дакъа чудоьжна, ягориг тIехь хиллачу цIерпоштах цIе яьллера. Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира и эккхийтар терроран тохар ду элира, дIахьедира, иза кхочушдинарг а, иза тIедиллинарг а – Украинан къайлаха сервисаш ю аьлла. Киево масийттазза дIахьедира, легитиман тIеман Iалашо лору шаьш тIай, амма хиллачух официалехь йина комментарий яц.

  • Оршотан Iуьйранна, гIадужу-беттан 10-чохь Оьрсийчоьнан тIеман эскарша мел лахара а бIе тохарш дира ракеташца а, дронашца а Украинан яккхийчу гIаланашна а, йоллу кIоштийн меттигашна а аьлча санна: Киевна, Харьковна, Одессина, Днепрна, Львовна, Запорожьена, Кривой Рогна, Николаевна, Винницана, Ивано-Франковскана, Тернопольна, Кропивницкийна (Кировоград), Житомирскан кIоштана а.
  • Ростовн кIоштан Iедалхоша дIахьедина, регионехь терроран тохарш дан лаккхара кхерам латтарх, администрацийн официалан сайташ тIехь тIетаьIIина йозанаш ду зорбане дохуш кхарамзаллин низамех. Аксайскан кIоштан хьаькамаша дIахьедарца, и доьзна ду ГIирмин тIайтIхь динчу эккхийтарца.
  • ГIирмерчу тIайтехь хиллачу эккхийтарехь велла воьалгIаниг ву Москван Арбитражан кхелан суьдхо Маслов Сергей. Цо листинчу тIаьххьарчу искех ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан Кадырова Iайштан компанига кховдийна хилларг. Хаамийн зорьанашкахь яздарца, Cadillac Escalade машенчохь хиллера суьдхо Санкт-Петербургерачу гидашца-историкашца Чучакин Эдурадаца а, цуьнан хIусамненаца Софронова Зояца а, иштта Евпаторера фитнес-тренерца Оргеткин Глебца а.