Зудаберийн дешарх лаьцна кест-кеста къийсамаш лелха бусулбанашна юкъахь. Цхьаболчара чIагIдо, уьш шайн чохь Iан беза, церан гIуллакх дац школе эха бохуш. Вукхара емал до цу кепара зударшна тIехь ницкъ бан гIертар. Ткъа муха бу цу хаттарехь хьежамаш нохчийн юкъараллехь? Дешийта мегар дац дехка... Мичахь хIотто еза аьлла, хета вайнахана кхузахь йогIу хьаьрк?
Зудабершна деша ца магор бусулба динехь бух болуш дац, баккхийчу Iелим наха дийцарехь. Амма ислам дин шайн луъ-луучу я шайна хет-хеттачу агIор тудучу цхьаццайолчу тобанаша чIагIдо, зудаберашна а, зударшна а дешар хьашт дац, бохуш. И саннарг дара масех шо хьалха Пакистанера Сват аре дIалаьцна хиллачу тIалибаша юхьаралаьцнарг а.
Цара шаьш и мохк шайн дола ма баьккхина, уггаре а хьалха радиозIенехула дIакхайкхинарг дара, вуно сиха цигахь болх беш йолу зудаберийн ишколахь дIа ца къовлахь, шаьш таIзарш дийр ду цигахь доьшучарна а, хьоьхучарна а, аьлла.
Цу хенахь 11 шо хилла Юсафзай Малала шен дас схьайиллина а, лелош а йолчу зудаберийн ишколехь доьшуш яра. Амма тIалибийн омра кхочуш ца дар ша шен валар хьехар санна кхераме хиларна, иза а, цуьнца цхьаьна кхин а иттанашкахь меттигера зудабераш-кхиазхой доьшуш хилла ишкол дIа а къевлина, цуьнан цIахь саца дийзира.
Кхузахь ала догIу, тIалибаша дIакъовлийтина хилла йолу ишколаш – уьш Малхбузенан кхетамехь ма-хиллара, мехкарий а, кIентий а цхьаьна доьшуш яц, зудаберийн шайн ишколаш ю, божаберийн -шайнарш ю.
Цул совнаха, кхеташ ма-хиллара, бусулба Iедалехь догIучу кепара коьрта хIума тиллина а, ламаз-марха а лардеш а ду цигарчу ишколашкахь, ур-аталла урок йоьдуш лаьтташехь ламазан хан тIекхаьчча, массара а дIахIуттий, шайн Далла Iамал а еш. ХIетте а, цу кепара бусулба динца догIучу агIор дешар а ца магийнера тIалибаша мехкаршна.
Ишкол дIакъевлинчул тIаьхьа Юсафзай Малалас, ша цIахь Iачу хенахь, цхьацца йозанаш дина хиллера, шен а, шен доьзалан а, шен нийсархойн а дахарх лаьцна- тIалибийн олаллехь, я деша а, я кертара арадовла а бакъо а йоцуш. Ткъа и йозанаш цу меттиге репортаж ян баьхкиначу Бибиси -телевизионан журналисташа деша а дешна, зорбане даьхнера шайн сайта тIехь.
ХIетахь дуьйна доллучу дуьненна а дIаевзинера и йоI, ткъа тIалибаш II шо долу бер шайн а, Делан а мостагI дIакхайкхийнера, шайн ка даьллачу мIаьргонехь иза шаьш юьйр ю а аьлла. Кхо шо даьллачул тIаьхьа цу меттигашкара тIалибаш Пакистанан Iедало дIачовхийнера. Ткъа бутт хьалха юхаметтахIоттийначу ишколера автобусца цIайогIуш йолчу Малалина тIалибаш кIело а йина, цунна кхузза герз тоьхнера. ХIетахь дуьйна яланза яьлла йолу иза цкъа хьалха меттигерачу, ткъа карарчу хенахь Лондонерчу лоьрийн цIийнахь ю.
Цунна дуьхьал талор динчул тIаьхьа дуьххьара Голливудере актриса а, амма иштта Цхьанатоьхначу къаьмнийн векал а йолу Джоли Анжелина яра, хаамийн гIирсашкахь Юсафзай Малалина машаран Нобелан совгIат догIу, цунна иза даларан хаттар айдан деза, аьлла юккъедаькхинарг.
И хIума нийса карийначийн терахь дела денна алсам долуш доллучу дуьненна тIехь а. Иштта, масала, Лондонехь пIераскан дийнахь эзарнаш британхой урамашка бевллера, шайн премьер-министре Кэмерон Девиде цу йоIана нобелан совгIате йолу номинаци е, аьлла, кхайкхам бан.
Ткъа Цхьанатоьхначу къаьмнийн юкъараллин куьйгалло лахьан беттан итталгIа Юсафзай Малалина белашашгIорторан де дIакхайкхийра, цуьнца цхьаьна ишколашкахь зудаберашна дешаран бакъо яларна гIортор а еш.
Дукхахболчу бусулба динан дайша юх-юха а билгалдоху, зудаберашна деша ца магор я бусулба динца догIуш а ца хилар а, я КъурIан чохь я Пайхамарна (Делан салам хуьйла цунна) Суннатехь бух болуш а ца хилар. ХIетте а цхьаццайолчу радикала тобанаша доьхку мехкаршна а, зударшна а дешар.
Нохчийчохь уггаре а луьра тIом болчу хенахь ишколашкахь хьехархочуьн болх бина ю карарчу хенахь Австрехь ехаш йолу Амнат. Цуо ТIехьа-мартан кIоштахь а, ГIалгIачурчу мухIажарийн четар-гIаланашкахь а белхаш бина, берашна хьоьхуш. Уггаре а кхерамечу хенахь а ишколаца а, дешарца а йолу марзо дIа ца хедар нохчийн берийн, бохуш дуьйцу цуо. Иза иштта тешна ю, мелхо а зудаберашна кхин а чIогIох оьшу дешар а, хьекъалца кхиар а бохучух.
Амнат: „Зудаберашна деша ца мега бохург бусулаб динца догIуш дац. Мелхо а, суннат ду Iилманаш Iамор, бусулба Iилма хилла ца Iаш, тайп-тайпана дуьненан Iилманаш Iамор а. Зудаберана, мелхо а, дукхох а оьшу и дешар. ХIунда аьлча, иза хьаладоккха хилча, маре дахча, дешна а, шен олх беш а йолчу зудчуьн сий дикох хуьлу. Дала тIе ма кхачадойла, цунна цхьа сингаттам балахь, иза йисина я йитина нислахь, тIаккха а шен доьзалхочунна сискал яккхалур ю цуьнга. Дешна ца хилча, яккхалур ма яц иза. Дешар – иза бусулба динехь зудаберана а, божаберана а цхьатерра тIедиллина ду“.
Тамашийна ду, Дала магийнарг доьхкуш болчу цхьаццаболчу шаьш суьпа лоручу нехан Iадаташ, царех кхета а, уьш тIеэца а хала долуш. Пайхамаран хьадис ду, „Iилманаш Iамон гIерташ волу стаг дийнахь марха а кхобуш, буса сахиллалца ламазаш а деш волчунах тера ву. Абукъубайс ломал лекха дашо цуьнгахь хиларх, ткъа цуо и деши юха сагIийна дIаса а декъарх, цунна боккхох мел я сий хир дацара, Iилманийн цхьа агIо цуо Iамийча санна, аьлла“.
Иштта цхьана кхечу хьадисехь аьлла ду: „Кху дуьненан, тIаьхьа тIедогIучу бакъдуьненан а пайданаш – хааршкахь бу“, аьлла. Иштта и дешаран а, Iилманаш Iаморан а, хаарш IаIоран а пайданаш буьйцуш долу хьадисаш вуно дукха ду. Амма цигахь цхьанхьа а аьлла дац, дешар - иза боьршачу нехан гIуллакх ду, ткъа зудаберашна иза дихкина ду, аьлла.
Венерчу бусулбачийн Цхьанакхетараллин зударийн хьашташца долчу декъан куьйгалхочо Бажирати Амина Карлас дийцира Маршо радиоане, зударшна дешар магийна ца хиллехь, мичара бевр бара бусулба умматехь Пайхмаран заманчохь сел хьекъале а, дешна а болу зударий, бохуш. Пайхмаран (Делан салам хуьйла цунна) зударех цхьаццаберш цу дешаран къелла йолчу хенахь а хилла дешна, Хадишат масала, я Умм-Салама. И тIаьхьарниг, Ум-Салама, кхин а тIе вуно хаза байташ язъеш а хилла.
И дерриге а тидаме эцча, тамашийна хетало, бусулба динца шайн леламаш бакъ а беш, мелхо, цу динан цIе йожош а, цуьнца цхьаьна ца догIу хIума лелош болу нах.
II шо кхаьчна долу бер мостагI кхайкхорий, иза пхийтара а далале дер я де гIортарий цхьана агIор, ткъа зудабераш ишколе дахарий вукха агIор цхьана терзана тIе диллича, цу шиннах муьлхарниг дезох хир ду аьлла хета теша царна?