Оьрсийчоьнан депутаташ хьалхарчу дешарехь низам тIеэцна, террористаш зулам дича церан гергарчаьрга жоп деха бакъо луш долу. Ши кIира а дацара иза Путин Владимира Пачхьалкхан Думе кховдийна. Цу низаман проектана реза хилла массо а депутат, цхьа стаг виссалц. Ткъа хIун хир ду нагахь цунах низам хилахь?
Оьрсийчоьнан президенто баханчу беттан 27-чу дийнехь Думе кховдийначу низаман проектана реза хилира 430 депутат. Дуьхьал вара цхьа стаг. Иза ву Оьрсийчоьнан Коммунистин партин (КПРФ) цIарах волу депутат Коломейцев Николай. Кхин цхьа стаг шена хетарг ца хоуьйтуш Iийра. 19 депутат кхаж тосуш вацара.
Карарчу хенахь Оьрсийчохь лелачу низамца а догIуш, теракт йича дина зе меттахIотто декхарелахь ву ша зуламхо. ТIехула тIе дакъалоцу пачхьалкхо а. ХIинца и кеп хуьйцуш ю. «Терроризмана дуьхьало яр» цIе йолчу низаман тIехь хир ду теракт ярна жоп лур ду бехке волучуьнан гергарчара а аьлла.
Ткъа муьлаш бу и «гергара нах» аьлла хаьттира оха ГIалгIайчохь а, ГIебартлойн Балкхаройчохь а, кхин йолу Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь терроран тIелетарш дийна аьлла кхелаш еш болчу нехан суьдашкахь дуккхаза а адвокат хиллачу Ахильгов Батыре.
Ахильгов Батыр: «Нагахь цигахь буьйцурш гергара нах белахь, цу юкъа богIуш дуккха а нах хила там бу. Карарчу хенахь лелачу низамашца, цигахь юххера гергара нах аьлла кхетам бу. Юххера гергарчу нахана юкъахь ду бераш а, да-нана а, хIусамнана а. Нагахь, юххера а ца олуш, буьйцуш берш гергара нах белахь, уьш милла а хила тарло».
Ткъа мел нийса ду, адамийн юкъаметтигашка диллича, гергарчерга жоп дехар? Адвокатана Ахильгов Батырана иштта хета.
Ахильгов Батыр: «Аса сайна хетарг эр ду цу хаттарехь. Суна хетарехь, и низаман проект юккъерчу бIешарашка юхадахар ду. Цо гойтуш ду шега латталуш доцу хьал Iуналлехь латто гIерташ йолу система ледар хилар. ХIунда аьлча, кхин хIума суна цигахь гуш дац. Жоьпалла тIе муха дуьллур ду бехк боцучу стаганна»?
Иза иштта хилча цхьа ницкъаш бу-кх Оьрсийчохь цу низаманна тIехьа лаьтташ. Муьлуш бу уьш? Ахильгов Батырана кхузахь къайле ю аьлла ца хета.
Ахильгов Батыр: «Суна хетарехь, и низам тIеэцийта гIерташ ю террор ца хилийта кхерамазалла ларъян декхарш долу низамаш лардон органаш. Ткъа цу тайпа низам тIеэцаран бахьана ду цара лелочу кепашца цаьрга шайн декхарш кхочуш далуш ца хилар. Иза цхьа зарамзакъ лаха гIертар ду, цунах пайда а оьцуш, цу террорахошна Iаткъам бар Iалашонца».
Ткъа мел кхиаме хир ду, цу тайпа низам тIе а эцана, Iедалша дагалаьцнарг?Гергарчаьргара жоп деха мегар аьлла совцур бу Оьрсийчоьнан Iедалша террористаш лоруш болу Къилбаседа Кавказехь болу тIемалой аьлла шега хаьттича адвокато Ахильгов Батыра иштта жоп делира.
Ахильгов Батыр: «Уьш, суна хетарехь, уггаре а коьртачуьнах кхеташ бац. Террорист талор дан воьдуш ойла еш ца хуьлу я шен гергарчерах а, я цхьаьннех а. Кхин дIа а йийр яц цо церан ойла. Цу низаман тIаьхьало хир ю бехке боцу нах - цу террористан гергарнаш- хьийзор. Амма со кIезиг тешаш ву цу гIуллакхо уьш совцор ву бохучух».
Кху деношкахь велла дIаваллалц чохь яккха хан тоьхна «Магас» цIе лелош хиллачу «Кавказ Имаратан» куьйгаллехь хиллачу Тазиев Iелина. Iедалшна бек[ам бан лууш кхин а тIемалой бу лийцина а, чубоьхкина а. Церан гергарчера-м дезар дац-те цара дина зе меттахIотто?
Ахильгов Батыр: «Низам вай дуьйцуш хилча, цо болх бойла дац дIаяхана хан юкъа а лоцуш. Амма, и низам тIеоьцуш хиларо гойту, ша система хIуа а дан кийча хилар, эр вай, цу террористашна а, церан гергарчаьрна а таIзар дан. Цундела, нагахь цу низамехь иза дIаяхана хан юкъа а лоцуш, даханчу бIешаран 17-чу шарера дуьйна, болх беш хир ду аьлла яздина хилар гучудалахь, со цо цецвоккхур вац".
Путин Владимира Пачхьалкхан Думе кховдийначу низаман проект тIехь кхин а бу цхьацца хийцамаш. Иштта, цу документ тIехь билгалъяьхна ю цхьацца Iедалех йозуш йоцу вовшахтохараллаш терроран хиларан сацам баран а, уьш дIаяхаран а механизмаш. ТIехула тIе бахархой жоьпе ийзор бу, терроран тIелатар дан дагахь дешна аьлла а.
Кхин цхьа хIума а ду цу тIехь. Терроран организацина юкъарваьлла стаг маьрша вуьтур ву, нагахь цо кхин зулам ца динехь.