Москохарчу журналисташа а, бакъонашларьярхоша а дийцаре деш лаьтташ ду бахархойн синтем а, юкъараллехь къепе а ларьян декхарийла йолчу полисхойн урхаллин хьаькамо 17 шо бен доцу Гайлабиева Хеда йигар. Цу хьокъехь шена хетарг зорбанехь хааме даьккхина дика евзаш йолчу бакъонашларьярхочо Локшина Татьянас.
«Кхеталуш ду, мел тIеIаткъам бина хила беза Хедина а, церан доьзална а, кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин хьаькамна и езаелчахьана. Ша аьлларг хIуъу а махкахь чекхдоккхуш волчу мехкан куьйгалхочо ша къобалдина полисхойн хьаькамна и ялор.
ТIех дика хууш ду Iедалдас а, ницкъаллин структураша а шайн аьллар тIех цасовцар ловш цахилар, кхузара йоьIан а, цуьнан цIерачийн а резахилар доцург кхин харжам хиллачух тера а дац». Ишта яздина Локшина Татьянас бакъонашларьярхойн цхьаьнакхетараллин сайт тIехь.
Ножай юьртан кIоштехь бертахь а, бертаза а нисдинчу цу захалонах Iедалан хьостанаша дуьйцург а, могIарерчу наха далхориг а йоккха башхалла йолуш ду. Ма-дарра аьлча цара аьттехьа а ца дуьту, шен деда хила мегар долчу стеган шен лаамехь I7 шарера йоI долаяьлла бохург.
Массара а кхеториг цхьаъ ду : йоI а, цуьнан цIераниш а кхера а бина, ницкъала берта балийна хилар. Телевизионехь загс боху мах беш гайта а гойтуш, дIадехьначу керла «доьзал кхолларх» шайна хетарг довзуьйтуш бу Соьлжа а, Шелан а кIошташкара зударий Маликат а, Лиза а.
Маликат: «Нахана нийса ца хета юкъахь 30 шо а долуш йоI йигар. ТIехьаьжча а гуш дар-кх и мел бертахь йоьдуш ю. нехан доьзалхочун ирс дайар хетта-кх иза массарна а. Царна шаьш говрахь хетахь нахана дастаме хеташ хIума ду-кх иза».
Лиза: «ХIорш оццул нахала ца бевллеххьа-м мотта там а бара и шен лаамехь йоьдуш ю. Схьагуш долчу суьрто гойтург тоьпаш тоха юьгуш санна йоьдуш ю-кх иза, тоьпан тоха. Шен лаамехь йоьдург ишта хуьлийла а дац.»
Маршо Радио: Ножай юьртахь йолчу йишас хIун боху бах ахь? Нахана хIун хета цунах?
Маликат: « Йишас а наха дийцарехь гена дер долуш захало дац иза. Ца луъушехь, кхера а бина ницкъала дайтина захало ду боху массара а. Хьаькамийн хIума чекхдуьйлуш лаьтташ ду-кх хIара цкъачунна. Шаьш Iедалехь болу дера цара шайна хIуъу а могуьйту.
Цара шаьш дIакхайкхийна ма-дара 18 шо кхаччалц йоIана маре яхар доьхкуш,ткъа шаьш хIуъу а лелош ду. СемаIашкара йигна кху муьрехь I5 шо долу йоI. Мискачунна ца мегаш,хьалдолчарна мегаш. Нийса ма дац иза. Цундела нах ца теша-кх царех,адамийн тешам бовш бу-кх.»
Маршо Радио: «И санна хIумнаш хIора шарна а сихлахь бен лахлуш дац» бохуш даре до наха.
Лиза: «Шен да, дика хьаьжча денда а хила мегар волчуо I7 шо кхаьчна йоI йига гIерта аьлла нахала даьлла дера,шаьш низамо мА-бохху лелаш ду, вукху зудчуьнца къаьстина а ву ала гайтина и загс яр а. Беламе хIума ду да-м. Уьш хьанна хIун моттийта гIерта-м ца хаьа,сонта бевлла,дуьххьала дIа шаьш хIун лелор ду ца хууш, буьзина хьербевлла лелаш бу-кх уьш».
Соьца къамел динчу Маликата а, Лизас а чIагI ма-дарра карарчу хенахь Нохчийчохь Iедалехь болчара, таро йолчара магош ду шайна, йоьIан лааме хьаьжна а доцуш, цу кепара зударий кхийлар.
Гергарнаш берта балош а ду зеделларг - сацийта аллалц ахча далар, цунах гIуллакх ца хилча кхерам тасар. Ишта зудаялар кхузахь керла дац.
Масала, ши-кхо шо хьалха Новр кIоштехь а дигна лаккхарчу даржехь волчу хенарчу стага жима нускал, и маре ца дан йоIа куьйга пхенаш хедийначул тIаьхьа, то а ялийтина, 1,5 млн сом тамана охьа а диллина. Цунах болх-некъ а бина тIаьхьаваьлча и санна мареш иттаннашкахь карор ду кхузахь,бакъду царех, лаамца, лаамза а бигначех декъал хилларш, доьзал а болийна марехь биснарш мел бу хууш дац.