Гуьмсехь дронаша дина тохар, хьиджабашца къийсам. КIиранан жамIаш

Нохчийчоь, Гуьмсе

Нохчйчохь дронашца динчу тIелатарийн тIаьхье, хьиджабашна тIехула депутатийн "къийсамаш", Эжаевн таIзар хийцаза дитар – цунах а, доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 87-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Your browser doesn’t support HTML5

Эжаевн таIзар хийцаза дитар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #87

Нохчийчохь дронашца дина тIелатар

Украинехь буьззинчу барамехь тӀом болабелчхьана дуьххьара дронашца тӀелатар дина Нохчийчохь гIадужу-беттан 29-чу дийнахь Ӏуьйранна, иза тӀечӀагӀдина меттигерчу Ӏедалша. Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмираташкахь а, БахӀрейнехь а хилла, оцу дийнахь Соьлж-ГӀала юхавирзинера республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Юьхьанца цо дӀахьедира, тохар бахьана долуш Гуьмсехь йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" дозана тӀера "яьссачу гӀишлонан" тховх цӀе йаьлла аьлла, цхьа а стаг вийна цахилар билгалдоккхуш.

"Оьрсийчоьнан спецназан университет" ("РУС") Украине тӀаме хьажо лаамхой олу нах кечбечу коьртачу центрех цхьаъ йу. Кхузахь Ӏамош бу Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкара гулбен йолахой. Цу хьукматан куратор ву, Кадыров Рамзанан кӀант Адам. "Университет" Путин Владимиран цӀарах йу, цо билгалдоккху, тӀеман а, пропагандин а агӀор иза Нохчийчоьнан куьйгаллина мехала хилар.

КХИН А ХЬАЖА: "Спецназан университетана" дронашца тохарш динчул тIаьхьа украинхойн йийсархой байъина аьлла Кадыровс

Кавказ.Реалиин редакцино бохам хиллачу меттигехь даьхна суьрташ зийна хьесапашдеш, цӀейалар бахьана долуш, "РУС-н" административан гIишлонан тхов берриг аьлча санна, баьгна бу. Кху шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан президент тIеийцира цигахь.

Хетарехь, мел кӀезга а, цу гӀишлон цхьа дакъа баккъалла а даьсса хилла - цуьнан ма-дарра бахьана хууш дац, хетарехь, иза тодеш хиллачух тера ду. Динчу тохарх лаьцна шен резиденцера дуьйцучу Кадыровс дош делира "бекхам" бийр бу аьлла. Цо дIахьедира, тIамтIехь болчу нохчийн буьйранчашна омра дина ша, йийсаре баьхкина Украинин эскархой байа аьлла. Нагахь санна, и омра билггал дина делахь, цо дохош ду дуьненайукъара низамаш, тIеман зулам и долуш санна, хьесап дан тарло цуьнан.

ГIадужу-беттан 29-чу сарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо зорбане йаьккхира Гуьмсехь динчу тӀелатарх лаьцна рогӀера пост –цо дӀахьедира, тӀелатар бахьана долуш иттех гергга украинхойн йийсархо велла аьлла. "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" дозана тӀехь латтош бара уьш боху, регионан куьйгалхочо Кадыровс цхьа а тоьшалла ца далийра цунна.

Киево комментарий ца йина цуьнан дӀахьедаршна, ткъа тӀелатар динчул тӀаьхьа йаьхначу видеош тIехь гуш билгалонаш йац цигахь йийсархой латтийна хиларх а, йа байъина нах бу аьлла а.

ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь делкъал тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийра, ша бийр бу аьлла бекхам хӀинцале а кхочушхилла. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан эскаро тохар дина Киевера ВСУ-н Коьртачу штабан дронаш лелочу центрана, Гуьмсехь динчу тохаршна дуьхьал.

Кадыровс зорбане даьккхира тхов боьхначу гӀишлонан сурт – изза сурт гучуделира тахана Ӏуьйранна Z-пабликаш олучийн зорбанехь а. Украино тохар дина хилар тӀечӀагӀдина дац.

Официалехь Киево шена тӀе ца эцна "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" тӀелатар дар. Украинин масех хаамийн гӀирсо, къайлахчу сервисийн цӀе ца йокхучу хьосташна тӀе а тевжаш, дӀахьедира, дрон Дагестанера йа ГӀалгӀайчуьра хьажийна хила тарло аьлла. Оьрсийчохь уггаре а йоккхачу Wildberries маркетплейсана гонах иккхинчу бизнесан конфликтаца доьзна хила тарло бохуш, къедораш а йеш. Луларчу шина республикера лаккхарчу даржхошна дуьхьал лаьтта Нохчийчоьнан куьйгалхо оцу девнехь.

КХИН А ХЬАЖА: Украина тӀелетта йа къайленехь беш тIом бу? Дуьххьара дронашца тIелатар дина Нохчийчохь

И верси тӀечӀагӀйина йац йозуш йоцчу хьостанашкара.

ТӀеман-политикан аналитико Федоров Юрийс, Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу комментарехь шеконе диллира Дагестанера йа ГӀалгӀайчуьра тӀелатар хила тарло бохург. Билггал хила тарлуш дерг ду бохура цо – и тIелатар Украино дина хилар: "Къайлахчу сервисийн хаамех цхьа а теша мегар дац, и хаам мухха белахь а, хIунда аьлча, церан Iедал дац шаьш лелочух лаьцна бакъдерг дийца, йа муьлхха а хьолах лаьцна дийца а – цу кепарчу йукъараллийн иштта лелар ду. Суна хетарехь, хила тарло и украинхойн тIелатар. Иза хила мегаш ду – техникаца дуьстича, йуха а билгалдоккху аса. Бакъ ца дан йиш йац, нагахь санна, вай фантазица ойла йахь, иза дагестанхоша, йа ГIалгIайчуьра наха дина хир ду бохург а, амма суна хетарехь, ишта хуьлийла дац."

2022-чу шеран аьхка Кадыров Рамзана дехар дира, Нохчийчоьнан лаьмнашкахь ПВО-н системаш дӀахӀиттайе аьлла, и дина йа ца дина а, хууш дац. Ичкерин политико Закаев Ахмеда тӀаьхьо элира "Оьрсийчоьнан спецназан университет" Украинин герзахойн ницкъийн легитимехь йолу Ӏалашо йу, цо цунах кхетийра, и база уггар а хьалха Кремлан интересашкахь лелош йу аьлла.

"Суна хетарехь, Кадыров кхеташ вара, оккупаци йинчу Нохчийчохь Путин спецназан университет кхолла волавелчхьана, иза кхеташ вара, иза… иза ша вацара кхеташ, амма цуьнан гонера нах кхетара, и меттиг тохар дан хьакъ долуш йуйла. Сан шеко йац, цхьа хан йаьлча, цхьана билгалчу хьелашкахь, цу “спецназан университете” кхочур йолу тIема йуьйлурш хир йуйла. Амма и меттиг цхьана а кепара йоьзна йац йа нохчийн къомаца а, йа нохчашца а. Цундела суна хетарехь, и меттиг хьакъ долуш йу тохарш дан", - элира Закаев Ахьмада.

Хьиджабашна гонах къовсам

Кху деношкахь Оьрсийчохь йуха а дӀаболийра дешаран хьукматашкахь хьиджаб а, никъаб а лелор дехкаран хьокъехь къийсамаш. ГIадужу-беттан 28-чохь дешаран хьукматашкахь динан духар лелор доьхкуш сацам бира, Владимиран кӀоштан дешаран а, кегийрхойн а политикин министралло. ШолгӀачу дийнахь Пачхьалкхан Думехь регионан векал Игошин Игорь цхьаьнакхийтира Нохчийчуьра депутатаца, республикан куьйгалхочуьнца гергарло лелочу Делимханов Адамца. Цо дийцарехь, цхьаьнакхетарехь барт хилла "питане омра йухадаккхийтарна тIехь болх бан".

КХИН А ХЬАЖА: Хьиджабаш йехкарца доьзна Владимиран кIоштара депутатаца хиллачу цхьанакхетарх дIахьедина Делимханов Адама

Делимхановс дIахьедира, эзарнашкахь Оьрсийчоьнан бусулба нах бу тӀамехь дакъалоцуш, ткъа Владимиран кӀоштарчу дешаран хьукматашкахь хьиджаб а, никъаб а лелор дехкар Конституцина дуьхьал ду, тIетуьйхира цо. Цул сов, депутато билгалдаьккхира: "Суна кхин цкъа а дийца лаьа никъабна а, хьиджабана а йукъахь йолчу башхаллех лаьцна. Никъаб юьхь дӀакъовлуш йолу зударийн духар ду, ткъа хьиджабо юьхь къовлуш йац. Тхо а дац никъаб къобал йеш, амма хьиджабах лаьцна аьлча, и лелор бусалба зудчунна тIехь динехь декхар ду".

Делимхановн дӀахьедарна луьра критика йира уггаре а йаккхийчу Z-пабликийн авторша – церан реакци гулйира "Агентство" олучу интернет-зорбано. Къаьсттина тӀамна гӀортор йечу блогерша хьехар дира Нохчийчуьрчу депутатана "хьайн уставца нехан килсе ма гIерта" аьлла, ткъа Владимиран кӀоштан Ӏедалшка "къар ма ло" бохура. "Кавказский узел" зорбано билгалдоккху, социалан машанашкахь Владимирскан кӀоштан бахархой а цхьаьна оьгӀазбахана хилар, шайн регионан чоьхьарчу гӀуллакхашна йукъегӀертарна.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан муфтийс куьйгалла ден центр дуьхьал йу хьиджабаш лелор дехкарна

Цу девнехь дакъалецира Дагестанера депутата Хамзаев Бийсолтас, цунна а критика йира пачхьалкхан "Россия 1" телеканалан эфирехь. Къаьсттина эфир дӀахьош волчу Попов Евгенийс (иза а ву Пачхьалкхан Думан декъашхо, иштта "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо а). ГIадужу-беттан 30-чу сарахь телеграммехь деа дашах лаьтта хаам йазбира Поповс: "Хамзаевс телефон тоьхна. Цо кхерамаш тийсира. Хуьлуш хуьла".

Оьрсийчоьнан дешаран хьукматашкахь бусулба динан духар дехка тарлуш хилар уггаре а къийсамечу теманех цхьаъ йу, карарчу хенахь Ӏедалан агӀончаш бекъабелла бу. Стигалкъекъа-баттахь и дийцарш йуха а дӀадолийра Пачхьалкхан Думан куьйгалхочун гӀоьнчас Даванков Вячеслава дешаран хьукматашкахь, динан духар дехка бакъо ло аьлла, дехар кховдийначул тӀаьхьа. Мангал-баттахь Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра кхайкхам бира Оьрсийчохь никъабаш лелор "сихонца" дехка деза аьлла – иштта комментарий йира цо Дагестанерчу килсашна а, синагогашна а тӀелетарш динчул тIаьхьа.

ХӀоразза а бусулба нехан духар дехкар доьхуш дехар кховдийча, Къилбаседа Кавказера лакхарчу даржашкахь болчу пачхьалкхан белхахоша луьра реакци йо, Путинна гӀортор йар а, бусулба наха Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалацар а хьахош. Кремло а, Пачхьалкхан Думас а комментари ца йо цу къийсамшна.

Эжаевн таIзар хийцаза дитина

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йина Оьрсийчохь уггаре а йоккха исламан "Умма" арахоьцийлан директорна Эжаев Асламбекана тоьхна хан йуха а йаьккхина, бехктакхаман гӀуллакх йуха листа, ишта йаздина ду гӀуллакхийн картотеки тӀехь. Хьалхо Нохчийчуьра вахархочунна I7 шо хан туьйхира, терроризмана ахча латторна бехке а вина.

Официалан версица, 20I2-гуламаш беш хилла Эжаевс Москвахь а, Соьлж-ГӀалахь а, Туркойчохь а терроризмана хьажон шайна ахча латточу контрагенташца цхьанакхетарш дIахьош хилла. Таллам а, кхел а тешна йу, дуьненайукъара террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу организацин декъашхошна лерина, цо 34 миллион сов ахча дехьадаьккхина аьлла, ткъа "Умма" арахоьцийлех пайдаоьцуш хилла, и ахча гулдеш а, дехьадоккхуш а.

КХИН А ХЬАЖА: Исламан литература арахоьцучу Эжаев Асламбекана дина таIзар хийцаза дитина Лакхарчу кхело

Эжаев Асламбека шена бехк тӀе ца лоцу. ДӀахьедо, и ахча зорбанан цӀийнан коммерцин гӀуллакхца доьзна лелийна дара бохуш. ТаӀзар деш дуккха а процессуалан низамаш дохийна аьлла, дӀахьедира цуьнан адвокато. Къайлахчу тешаша а, Бегиев Ӏалима а динчу тоьшаллашна тӀе а тевжаш, кхоьллина гIуллакх ду иза – тӀаьххьарниг, кхечу гӀуллакхехь бехке веш вара, цу кхеташонехь дакъалоцуш а вацара: цуьнан тоьшаллаш дӀадийшира кхелан белхахочо, протоколехь цуьнан цӀе а ца йаьккхира. Бегиевн а, Эжаевн а гӀуллакх оццу суьдхочо Репета Константина дӀадаьхьира, материалашкахь билгалдаьккхина ма-хиллара. Цул совнаха, цхьа зулам дарна бехке веш вара Эжаев, амма бехке хилар тӀечӀагӀдира шина артикалца. Террорхойн гӀуллакхашна йукъаозорна биллинчу бехкаца, адвокат лаца цуьнгара бакъо дIайаьккхира, дийцира адвокато Мусаев Мурада.

КХИН А ХЬАЖА: Исламан "Умма" зорбан цIийнан директор лаьцна терроризманна ахча латторах йолчу шеконца

Дехьадаьхна ахчанаш арахоьцийлан коммерцица доьзначу гIуллакхашна хьажийна дара бахарна, "нийса критикаца мах хадийра" "тоьшаллаш цхьаьнатоьхна", хьесап дира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь. ТаIзар хийцаза дитира.

Нохчийн мухIажар Оьрсийчоьне дIайала хьийза

ГIадужу-беттан 29-чу сарахь Венерчу Боснин а, Герцеговинан а векалтана хьалха митинг дӀайаьхьира Нохчийчуьра йахархо Хадисова Селима Оьрсийчоьне дӀайаларна дуьхьал. Гезгмашан-баттахь Туркойчуьра схьакхаьчча, Сараевон аэропортехь лаьцнера иза а шен жимачу кхаа бераца.

Цу акцехь дакъалоцуш вара 30 гергга стаг, Венерчу Боснин а, Герцеговинан а векалтана хьалха Ичкерин а, Украинин а байракхаш а, "Депортаци сацайе", "Селимина маршо", "Сацаде нохчий хьийзор" тIехь йаздина плакаташ карахь а долуш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте дийцира акци вовшахтоьхначу Австрера Нохчийн Ичкерия Республикан векало Дунаева Розас.

"Оьрсийчуьра йедда мухӀажар карарчу хенахь экстрадици йан боккхачу кхерамехь йу. Оьрсийчохь цунна тӀехь гӀело йийр йу, кхин а адамийн бакъонаш талхор йу. Уггаре а ирчаниг – иза йен тарло. Карарчу хенахь шен кхаа берах дӀасакъастийна йу иза. Цаьрца цхьана Сараево схьайеанера иза ", - билгалдаьккхира Дунаевас.

КХИН А ХЬАЖА: Хадисова Селима Оьрсийчоьне дIайаларна дуьхьал митинг хIоттийнера Австрехь

И цхьаьнакхетар чекхдаьлча, Боснин а, Герцеговинан а векалалле дӀакхачийра резолюци. Хьалхо Дунаевас йазайинера петици, Хадисова Селима дӀахецар доьхуш, карарчу хенахь цунна куьйгаш йаздина 300 гергга стага.

Оьрсийчохь Хадисова бехке йеш йу "Исламан пачхьалкх" олучу дуьненаюкъарчу террорхойн вовшахтохараллица уьйраш хиларна, бахьана - радикалан исламхоша Ӏуналла дечу территорина йукъарчу Туркойчуьра дозанехь цо дуккха а хан йаккхар.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: