Гурашкахь латтон ламасташ. Нохчийчоьнан Iедалхоша къийсам латтор бу "гIиллакхехь доцчу ловзаршца"

Кадыров Рамзан тойнехь

Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолу йоI, республикан синбахамаллин министр Кадырова Iайшат йистхтилла, меттигерчу бахархоша зуда ялийначу ловзаргахь юкъадаьхна керла ламасташ емалдеш. Уггар хьалха дуьйцург ду керла доьзал кхуллучара ден деза совгIаташ. Хьаькамо кхайкхамбина махкахошка, оцу кепара харжаш ма йе аьлла. Оцу юкъанна Кавказ.Реалиино хеттарш динчу тергамчаша тидаме ийцира, тамбоцу ахча а дойуш, деза ловзарш хIиттош "ламаст" юкъадаьккхинарг КадыровгIеран доьзал хилар.

Ловзарш хIиттор халачу даьккхина шаьш бахархоша, боху Кадырова Iайшата меттигерчу телеканалана еллачу интервьюхь. Цунна хетарехь, кетаран а, коьртах буллучу хIозан а, кхинйолу езачу хIуманийн а меттана марнанна "нускало дан деза шен хIусамден керта гIиллакх а, дика амал а". Хьаькам "цецъяьллера", оцу кепара "керла хIуманаш" ма леладе аьлла, ша бинчу кхайкхамна тIетовш махкарчу дуккхаъчу бахархоша жоьпаш делча.

"ТIаьххьарчу хенахь нохчийн зуда ялийначохь гучудуьйлу дуккха а керла юкъадаьхна, вайн менталитетца догIуш доцу хIуманаш. Кхечу къаьмнашна и дерриг а гуш ду, царна а моьтту, вайн культурин и цхьа дакъа ду. Цхьа башха маьIна а, тидар а долуш ду вайн гIиллакхаш. Дайшкара диссина ду уьш вайна, тIейогIучу тIаьхьенна а вай дIакховдо дезаш ду уьш", - аьлла хета Кадырована.

Кетарш а, хIазарш а дала таро массеран а яц. Тхан гIиллакхашца догIуш дац и

Цкъачунна хууш дац, цуьнан дIахьедарш, мехкан Iедалхошна марзбеллачу административан гIирсаца бехкамаш а беш доьрзур ду, йа бина хьехамаш санна дуьссур ду. Кавказ.Реалиин оцу хеттаршна культурин министраллехь жоп делира, тIехь терго латтон кепаш царна "дагайогIур" ю аьлла.

"[Ловзар хIотторан] керланаш [республикин] куьйгаллина ца тайна ца Iаш, шена халкъана а ца тов. Бахархойн цIарах деш ду цо и къамел. Оцу тIехь къахьоьгуш ду тхо карарчу хенахь. "Особый разговор" программехь (ЧГТРК "Грозный". -Редакцин билгалдаккхар.) къамел дийр долуш ю Iайшат – цигахь дуьйцур ду оцу хаттарх лаьцна. Кеста дагадогIур ду, муха контроль латтор ю оцу доллучунна а тIехь", - дIахьедина шен цIе къайлаяхьар дехначу Нохчийчуьрчу культурин министраллин белхахочо.

Цуьнца догIуш омранаш – деза ловзарш хIитторна дозанаш тохарх- хIинцале а дIакхачийна кеп-кепарчу урхаллашка, динан дайшка а, зорбанан гIирсашка а, хаамбо редакцин хьасташа. Грозненскан кIоштарчу цхьахдолчу маьждиган имамо Бауддис дIахьедира, и тенденци ца яржийта хьажийна хир бу болх аьлла.

"Муфтиято тIедожийна, оцу тайпа меттигаш ма хилийта аьлла, наггахь бен хуьлуш и доцушшехь. Хьал долчу наха лелон хIуманаш ду уьш, мискачу нехан таро яц уьш дала, и совгIаташ шайна тIеэгадахь а, церан ахча дац. Цундела хIинца дIаболийна боккха болх бу, и хьал сацон Iалашонца", - элира Iеламчас.

Республикехь ловзарш хIиттош дойучу ахчанна тIехь терго латтон гIортар дуьххьара дац. Масех шо хьлаха Нохчийчоьнан динан урхалло юкъара массарна а дIакхачош низамаш тIеийцира нускалх томана дала магочу ахчанан барамех. Томах лун ахча шо шаре ша-шаха тIекхеташ хиларна Iедало йина реакци яра иза.

"Муфтийс вовшахтуьйхира Нохчийчоьнан республикан боллу имамаш, тхох дагавелира, оха мах хIоттийра. Нагахь санна, нускал дуьххьара маре доьдуш делахь, цунах там бу – 50 эзар сом. Нагахь санна, шолгIа, йа кхоалгIа йоьдуш елахь, 30 эзар. Юьхьанца 30 а, 20 эзар а дара хIоттийнарг, инфляци бахьана долуш мах хьалаайбина", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Нохчийчуьрчу бахархойн дахар шайн лаамехь долчуьра дIадаьлла – къаьсттина гуш ду иза 2017-чу шеран аьхка дуьйна, хIетахь Нохчийчохь болх бан йолаелира доьзалаш вовшахтуху комисси. Ницкъахоша а, хьаькамаша а, динан урхалло а юкъахь къа а хьоьгуш, боьхна доьзалаш юха а вовшахтухуш, уьш цхьаьна Iойтура. Кадыров Рамзана дIадолийначу хIуманех цхьаъ дара иза.

Миллиардана ковра

Нохчийчохь ловзаршкахь Iаламат яккхий харжаш йеш, масалш гайтинарш бу КадыровгIеран доьзалан векалш. Масала, 2016-шарахь мехкан куьйгалхочун цIийнах волчу кIанта зула ялийначохь, "Газета.Ru" гIирсан лараршца, миллиард соьмал сов хила тарлора элитан машенех лаьттачу кортежан мах. Wraith а, Phantom 22 а моделийн Rolls-Royce (шайлахь шиъ раритетан 1960-чу шерашкара Phantom йолуш), олучу 22 машенах лаьттара ковра, мел кIезиг а, Mercedes-Benz S-Class-ан 30 седан яра, некъаш доцчохь а маса дIайоьду ML олу 25 гергга автомобиль яра, иштта 20 гергга "Гелендваген" а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчун Кадыров Абубакаран а, UFC-н латархочун Чимаев Хьамзатан а, регионан куьйгалхочун дукха хенахь дуьйна хиллачу доттагIчун Мацуев Зеламханан кIентан а ловзарш лаккхарчу тIегIанехь дIадаьхьира. Оцу хIора а барамехь, кхин долу деза гIуллакхаш ца лерича а, вертолета тIера зезагийн гIаш а, конфетти а эгийра хьешашна тIе, Соьлжа-ГIалара а, шахьара кхачон а коьрта некъаш дIа а къовлуш.

Оцу "ламастийн" йийсарехь болчу кегийчарна шераш оьшу, шаьш тIехьерчийна кредиташ дIатекха

Оцу юкъанна Нохчийчуьрчу культурин министраллин информацин декъан хьаькамо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедира, ловзаршкахь керла тенденциш юкъаевлла ах шо хьалха аьлла. Цо а тIечIагIдира, цаьргахула болх шаьш хIинцале а болийна аьлла.

"ХIаъ, оха комиссиш а, белхан тобанаш а вовшахтоьхна. Зорбанан гIирсашна тIедиллина, газеташкахь а, социалан машанашкахь а, сайтехь а рубрикаш ю схьайоьллуш, кхетабо нах. Нах бехачу меттигашкахь тобанаш ю гулйина, и тайпа хIуманаш ца нисдалийта. ХIунда аьлча, хIазарш а, кетарш а яла массеран а яц таро. Вайн иштта Iадаташ дан а дац – цхьа керла ду-кх хIара тхуна", - чIагIдо пачхьалкхан белхахочо.

Цо билгалдоккху, кегийчарна совгIаташ дар дехка цхьаьннан а бакъо яц: "И церан шайн лаам бу, амма цигахь гIиллакхашца-ламасташца догIуш хIуммаъ дац".

Къайлах а, массарна хезаш дIакхайкхийна а дехкарш дохош масийттазза ловзарш хIиттийра Кадыровн гергарчара а, цуьнан гонашкарчу наха а Масала, 2020-чу шеран гезгамашин-баттахь зуда ялийра Кадыров Абубакара – Нохчийчохь коронавирусан пандеми марсаяьллачу муьрехь дара и. Ткъа Чимаев Хьамзатан ловзар хIоттийра дуккха а нах гулбина, барамаш хIиттор къайлах дихкинчу юкъанна – доьзна дара и, хаамбарехь, Украинерчу тIамехь махкара дуккха а белларш хиларна. Гуш дара, могIарерчу бахархойх бен хьакхалуш доцуш дара и тоьхна доза .

Ламастийн гурашкахь берш

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочо Кутаев Руслана боху, махкахь ловзаршкахь деза совгIавташ луш мода юкъаяьккхинарш республикан Iедалхой бу.

"И ламасташ юкъадалорна бехкаш бахархошна дахкар лартIахь хир дацара. Карарчу хенахь долу Iедал дуза доладелчхьана лело долийна и хIуманаш. Церан бух боцчу хьоло а, и дIагайта гIертаро а юкъадаьхна ду и низамаш. Къоначу доьзалан юкъаметтигийн тIегIа кхин ца маггол лакхаяьккхинарш уьш бу - Iедале а кхаьчна, шайна хеттарг лелош, доза ца хуу нах", - аьлла хета къамелдечунна.

Бахархойн хьал-дахаран дикаллин а, экономика кхиаран а рейтингехь гуттар а санна, тIаьххьарчу меттигехь ю Нохчийчоь. Хаттар кхоллало, дукха хьолахь масех алапан мехе кхочу деза совгIаташ муха дийр ду бахархоша? Той хIоттон кечло керла доьзал кхуллурш мел лахара а цхьа ах шо хьалха, дукха хьолахь шаьш мел гулдина ахча дойу цара оцу гIуллакхна. Кутаевс билгалдоккху, "ловзар нехачул а ледара ца хилийтархьама" бахархоша кредитан мохь шайна тIелоцуш хилар.

"Оцу "ламастийн" йийсарехь болчу кегийчарна шераш оьшу, шаьш тIехьерчийна кредиташ дIатекха. Нохчийн йоккха проблема ю иза. Тахана хьакхало и дуккхаъчу махкарчу бахархойх – цигахь нах къен хилла ца Iаш, къоьллехь бохкуш бу. Цкъацкъа хIун юур ю а ца хууш буьсу уьш", - дуьйцу проблемех къамелдечо.

КХИН А ХЬАЖА: Кадырова Iайшатан ялсманин беш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа шен бизнес лелорах

Культурин министраллина дагадеанарг дукха реза хилла тIеоьцу Кутаевс, хIунда аьлча, керла практика "шен доцу а, оьзда доцу а хIума ду". Цуьнан дешнашца, менталитетан а, нохчийн юкъараллин а башхаллаша дукха хьолахь таро ца ло бахархошна керлачу модина тIаьхьабовла – нахана ца лаьа шаьш эшна хилар дIагайта, цундела уьш а гIерта цаьрца нисбала.

Изза ойла ю нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон а. Хаа а хууш, хьоле барамаш а хIиттош, регионерчу Iедалхоша "Iаткъам бо" нахана, аьлла хета къамелдечунна.

"И доцург а, куьйгалло долийна ду ловзаран а (кхиндолу а) гIиллакхаш талхор. Хила йиш йоцург дара Нажин-Юьртарчу РОВД-н куьйгалхочун Гучигов Нажудан къоначу йоIаца хIоттийначу ловзаргахь хилларг - Даудов Мохьмад [Нохчийчоьнан парламентан спикер] вара нускалан кьуйг лаьцна, иза ЗАГС-е ялош вогIуш, нохчашна юкъахь хила йиш йоцург дара иза",- масал далийра блогеро.

Абдурахмановна хетарехь, хIинца цецвийла меттиг бац ловзаргахь лелочу керлачу гIиллакхашна – мехкан куьйгалло лелочунна тIаьхьахIиттар ду иза.

  • 22 шо долу Кадырова Iайшат культурин министр хIоттийра 2021-чу шеран гIадужу-баттахь. Кху шарахь республикан лаккхара совгIат дира цунна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелла.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа шога адамийн бакъонаш хьешарна аьлла, Кадыров Рамзанна дуьхьал 2020-чу шеран аьхка тоьхна санкцеш хьакхаелира Кадырова Iайшатах а.
  • Кадырова Iайшатан хьал 202I-чу шарахь 50-зза сов кхиъна – 845 эзар соьмана тIера 44 миллионе кхаччалц. Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийначу шен йоьIан кертахь яьккхинчу видео тIехь гуш ю уьйтIахь дIахIоттийна Lamborghini Urus машен, иза яц хьаькамо официалехь чуеллачу деклараци тIехь. Иштта 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан культуран министран долахь 1 617 квадратан метарш йолу доккха цIа а, ялх бIе метр лаьтта тIехь ши хIусам а гучуелира – оцу боллу бахаман мах хила тарло 50 миллион сов сом.