ГӀалгӀайчуьра вахархочуьнга Дербичев Русланн тӀеман министраллица контракт йайтина. Психиатрин лазар а долуш, шолгIачу группин заьӀапхо иза воллушехь Украинера тӀаме хьажийна иза, йаздо "Террорхойн а, экстремистийн а тептар карладаккхар" телеграм-каналан авторо Шукшин Ивана.
Блогеро дийцарехь, цуьнга хаийтина хилла цунах лаьцна тӀаме хьажийначу Дербичевн вашас Медов Зелимхана. Иза тIаме хьажор низамехь цахиларх тоьшалла деш, Медовс гайтина Москвара Ганнушкинан цIарах йолу 4-чу психиатрин дарбан цӀийнехь делла тоьшаллин кехат. Цу тӀехь "параноидан шизофрени" аьлла диагноз йу, ишта бина хьехам бу "Дербичев ша вехачу метте", ГIалгIайчу дIавига аьлла. Медовс тӀетоьхна, шен ваша шолгӀачу группан заьӀапхо ву, иза эскаран гӀуллакх дан хьакъ вац аьлла.
Гергарчо дийцарехь, марсхьокху-баттахь Дербичевга контрактана куьг йаздайтина хилла, кхарна хууш а доцуш. Цуьнан гергарчарна иза тӀамехь дакъалоцуш хилар хиира цхьа хан йаьлча. Дербичев диттах зӀенашца дӀа а вихкина, йаьккхина видео шайга йаийтича: наркотикаш лелорна шеко кхолайелла цунах бохуш. ТӀеман лазартнехь йинчу экспертизаца, наркотикаш а, психотропан хӀуманаш а карийна йац, аьлла ду зорбане даьхначу кезаташ тIехь.
- Нохчийчуьра чевнаш йина эскархоша дӀакхайкхийра, дарба дина бовллалц ца Iаш, шаьш тIаме хьажош ду аьлла. Нохчийчуьра Шела- гӀалахь 70-чу полкехь Украинехь тӀом беш дакъалоцуш болчу эскархоша видеохаам дӀайазбира. Цара дӀахьедира, чевнаш хиллачул тӀаьхьа, шаьш тIаме юхадерзош ду, меттахӀитта хан а ца луш аьлла.
- Низамехь доцуш Краснодарера вахархо тIаме хьажийра Iасанаш тIехь, а улле хадархой а хIиттийна. Букъан чевнаш бахьана долуш Iасанаш тӀехь лелаш волу Абрамов Алексей хьажийна хилла тIаме. Цунна мобилизаци йира, цхьа могӀа хала цамгарш йолушехь, иза тIеман Iалашонашна пайде вац аьлла дӀакхайкхо дезаш воллушехь.
- Нохчийчохь гейш бу аьлла шеко йолу нах Украинехь боьдучу тӀаме лаамза хьежош бу. Нохчийчохь гейш бу аьлла, шеко йолуш берш а Украинина дуьхьал бечу тӀаме нуьцкъала хьежабо, хаам бо SK SOS кризисан тобано. Бакъонашларъярхойн аьтто баьлла цу кепара лаххара а ворхӀ гӀуллакх тӀечӀагӀдан.