ГӀиргӀазойчоьно дIалучуьра кӀелхьараваьллачу Мовлаевс дIахьедина Нохчийчохь шен вежарий лечкъорах

Мовлаев Мансур, ГIиргIазойчуьра кхелехь

Шен вежарий Зелимха а, Хьамзат а лачкъорх лаьцна шен Инстаграмехь хаамбина ГӀиргӀазойчоьно Нохчийчу дӀавала шена кхерам латтар бахьана долуш дӀаваханчу Мовлаев Мансура. 2022-чу шарахь Нохчийчуьра къайлахчу набахтера кехаташ а доцуш веддачу Мовлаевн аьтто белира Оьрсийчуьра вада.

Мовлаевн буьззина кхайкхам шен агIонехь хIоттийра нохчийн оппозицин 1АДАТ канало. Хьалха-Мартанан кӀоштан полицин декъехь латтош бу цуьнан вежарий, республикера веддачу гергарчу стагана тӀеӀаткъам бан гӀерташ, дуьйцу канало. Оцу полицин декъехь, каналан хьостано дийцарехь, Зелимха а, Хьамзат а лачкъийна гезгамашин-беттан 5-чу дийнахь.

Мовлаевс а, 1АДАТ-о а дийцарехь, цуьнан вежарийн гӀуллакх лелош ву Хьалха-Мартанан кӀоштан полицин хьаькаман гӀовс Байсаров Рамзан. Цул хьалха Теркйистан кӀоштахь полицин хьаькаман гIоьнча санна болх беш вара иза. Байсаров цу даржехь а волуш 2017-чу шарахь ЧIулга- Йуьртара 9 вахархо лецира. ТӀаьхьо церан гергарнаш а кхайкхира цу урхалле. Бехккъасторан гIуллакхехь цхьаъ бен воцчу тешан тоьшаллаш тIе ца чIагIдахь, гӀело йийр йу аьлла, кхерамаш тийсира царна. Оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало бинчу хаамца, Байсаров шен лаамехь дакъалоцуш хилла Ӏазап латторехь "кӀеззиг а динехь хиларца къаьсташ болчу" кегийрхошна тIехь, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш вовшахтохарехь а.

Кавказ.Реалиин редакцин кхин долчу хьостанаша Мовлаев Мансуран вежарий лачкъорх лаьцна информаци тӀечӀагӀъеш йац.

  • 27 шо долу Мовлаев Мансур тхэквондо спортан мастер ву. 2018-чу шарахь "Чеченэнерго" компанехь инженеран болх бина цо. Цхьаболчу хаамийн гӀирсаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаам бира, 2020-чу шарахь республикерчу Ӏедална критика йарна Мовлаевна кхо шо хан туьйхира аьлла, амма, муьлхачу артиклца, хууш дац.
  • Мовлаев хеназа маьршаваьккхира 2022-чу шарахь, амма марсхьокху-баттахь иза йуха а лачкъийра Нохчийчуьра Шелан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахоша. Къайлахчу набахтех латтош вара иза, амма цуьнан аьтто белира цигара кIелхьара вала. Стохка, кехаташ а доцуш, ГӀиргӀазойчу дIаваха ка йелира цуьнан. Оьрсийчохь Мовлаев экстремизм лелорна федералан лехамашкахь ву аьлла дӀакхайкхийра.
  • Стохка, лахьан-баттахь Мовлаев Мансур ГӀиргӀазойчуьра дӀавахара шена Нохчийчу дIавала кхерам хIоьттийча. Бишкекера гӀалин кхело цунна дина таӀзар тӀечӀагӀдира, Оьрсийчу депортаци йийр йу аьлла.