Харцахьа латкъам бина? Нохчийн омбудсмен "Оьрсийн йукъараллина" дуьхьал ву

Солтаев Мансур а "Оьрсийн йукъаралла" тобан декъашхой, коллаж Хьоста: омбудсменан инстаграмм а, жигархойн телеграм аг1о а

Нохчийчоьнан адамийн бакъонашкахула волчу омбудсмено Солтаев Мансура "Оьрсийн юкъараллийн" жигаралла таллар доьхуш кхайкхам бинчул тӀаьхьа, националистийн организацийн агIонехь вистхилира "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти. "ТӀехдовларш" кеста нисдийра ду ФСБ-ра уьш лелочара, дIахьехар дира цо. Солтаевс латкъам бинера, "Оьрсийн юкъараллийн" декъашхоша ГӀебарта-Балкхаройчуьра машенлелорхо таллам бан сацош гойтуш видео бахьана – цу кепара волонтерийн патрулаш хӀинцале а вовшахтоьхна Оьрсийчохь иттаннехь а гӀаланашкахь, хаамбира Кавказ.Реалии сайто.

ГIадужу-беттан 3-чохь Солтаев Мансура хаам бира, шега Къилбаседа Кавказерчу нехан дехарш алсамдолуш ду, националистийн тобанашан жигаралло алсам йаларх лаьцна. Шега йаийтинчу цхьана видео тӀехь "масканаш йоьхна" машенна некъ къовлуш нах бара, кехаташ доьхуш, шаьш "Оьрсийн юкъараллийн" декъашхой хилар а довзуьйтуш, дийцира Солтаевс - видео, тӀаьхьо зорбане йаьккхира нохчийн йукъараллийн агӀонашкахь.

"Оьрсийн юкъаралло" лехамаш беш латточу машенлелорхочо видео тӀехь дуьйца, ша дов айдийр ду бохуш, хӀунда аьлча, кехаташ а доцуш, масканаш йохна наха, ша "кхечу къомах" хиларна бахьанехь сацийна бохуш. Маска а йохна, цхьаммо дуьца шаьша и стаг, полисхочунна машен тIетоьхна, лазийна, щеко йолуш бахьана сацийна ву бохуш. Иштта, видеохь, маска йоцучу "Оьрсийн юкъараллийн" декъашхо цхьанна тӀекхача гӀерташ телефон йатта, полисхой а, ФСБ-н а белхахой схьабахкалца собар дан деза бохуш. Мичахь а, маца дӀайазйина и видео хууш дац. ТӀех йолучу цхьана машенна тӀаьхь гуш йу Волгоградерчу цхьана компанин телефонан номер, тъка сацийна лаьтташ йолу машенан номераш Кхарачой-Чергазийчоьнан йу.

Дика кечбина нах эрна ца хилийта, Ӏедалша цаьрга лазаме миграцин проблема кховдина

Цу организацийн координаторо Афанасьев Андрейс жоп делира Солтаевн "Оьрсийн йукъараллийн" жигаралла а, цуьнан декъашхой къаьмнашна йукъахь цабезам кхуллуш бу, бохуш бехкаш дахарна. Цо дIахедар дира, националистийн цхьаьнакхетаралла муьлххачу а талламна кийча йу, хӀунда аьлча, тоба "ницкъаллин структурашца йукъаметтигаш лелош йу" -ткъа организацийн коьрта Ӏалашо - мигранташна йукъахь радикализацина а, криминализацина а дуьхьал къийсам латтор йу аьлла. Цуьнца цхьаьна ша Солтаевс а, Афанасьевс а бехке бира къаьмнашна йукъара конфликт гӀатторна арахьара ницкъаш: нохчийн омбудсмена дIахьидийра Украинера тӀеӀаткъам барх лаьцна, "Оьрсийн юкъараллийн" координаторо – Малхбузера ахчан г1оьнца боламна дискредитаци йо бохуш.

Солтаевс кхайкхам бина кӀира даьлча, цу "девна" йукъагӀоьртира "Ахмат" цӀе йолчу спецназан буьйранча Алаудинов Апти. Организацийн Ӏалашонаш нийса йу, амма цхьа куьйгалхо ца хилар бахьана долуш, "тӀехдовларш хуьлу", элира цо, ткъа цу йукъаралийн, ФСБ-ра а, администрацера кураторша и тоба цхьна низаман кепе йалор йу, аьлла сатуьйса шан, элира цо. Солтаевн дӀахьедарш, Алаудиновс дийцарехь, дерриге а организацех хьакхалуш дацара, амма дакъалацарна "тӀехьа лечкъаш" болчу наха билгал низам дохорх лаьцна дара. "Со чIогIа реза ву Апти Ароновичана", - тӀечӀагӀдира Солтаевс, дукха хан йалале, ша йазйинарг дIайаькхира цо.

"Басурманан дукъано хьийзош ду вай".

"Оьрсийн юкъараллин" патрулаш хӀинцале а болх беш йу йерриг а пачхьалкхехь, иттаннаш Оьрсийчоьнан гӀаланашкахь: Москвахь а, Петербургехь а, Екатеринбургехь а, Саратовн а, Смоленскан а гIаланашкахь. Перман махкахь наркотикаш лелочаьрца а, "дIасайаржархошца" а къийсам латто вовшахтоьхнера йукъараллин декъашхой – чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан регионерчу урхалло хӀинцале а дӀахьедар дира, шаьш патрулехь экстремизман билгалонаш толлур йу аьлла. Тобанан декъашхоша ницкъаца жигарло дIахьо, шайн иза дан бакъо йацахь а, бохуш дийцира талламаш дӀабахьаран бахьана, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан кӀоштан урхаллан куьйгалхочун гӀовса Козлов Евгенийс.

Ставрополера къоштахь, Невинномысск -гIалахь "Оьрсийн юкъараллийн" жигарло бахьана чолхе хьал ду кхуьуш ду. ГӀалин денна лерина мукъаденошкахь, гезгмашан-беттан 7–8-чохь , урамашка арабоьвлира шовзткъе итт гергга йукъараллийн декъашхо: уьш къаьсташ бу аьтту пхьарса тӀехь цӀен хуманашца, цхьаболчара шайн яххьаш дӀакъовлу Ӏаьржачу масканашца, иштта царна йукъахь хуьла тӀеман духар доьхна стаг а, ЧВК-н "Вагнер" духар тIехь йоза а долуш.

"Оьрсийн юкъараллин" координаторо Афанасьевс организацин коьрта тидамехь мигранташ бу аьллехь а, амма Къилбаседа Кавказера нахана а бо хIинца таллам. Невинномысскехь вехачу нохчийн Гелдыген юьртара схьаваьллачу стага дийцира, ша йагориг юхкучу станцехь Оьрсийчоьнан Юкъараллин патрулхойн кара ваха герга вара аьлла – цуьнан хаам зорбане баьккхира оппозицин боламо Нийсо. Цу дийцарехь цу тобанаy жигархой "машенна тӀе баьтталуш" бара, амма ша йуххехь нисвеллачу полисхочо "кӀелхьараваьккхира". Иштта, Невинномысскехь, Оьрсийн йукъараллин жигархой шайна а лехамаш бан гIиртира, амма оха машенаш ца сацийра, бохуш дийцира Дагестанера машенлелорхоша.

Невинномысскехь "оьрсийн йукъараллин" акцех зе хиллачу нахах, хаам бина нохчийн-гӀалгӀайн диаспоран йукъараллехь. Нийсо декъашхочо Кавказ.Реалии редакцига дийцарехь, цаьрца зӀене ваьлла Нохчийчура стаг, цуьнан корта "жигархоша" шиша тоьхна бохийнера – коьртан йина чов лоьре дIатега йезаш хилара: "И кегий нах къайлахьа лела безаш бу, журналисташца зӀене бовла а йиш йац церан. ХIунда аьлчи, Кадыровн наха Оьрсийчоьнан гӀаланашкара кегийрхой, Нохчийчу дӀа а буьгаш, Украине дӀахьажоран программа йолийна. Оцу конфликтан деталаш хууш йац Кавказ.Реалии сайтана.

"Оьрсийн йукъараллехь" Невинномысскехь "сихачу реакцин тобанан" декъашхоша Кавказан къаьмнийн векалшна йеттарх лаьцна бинча хаамаш харцдира, "оьрсийн халкъ цхьаьнакхетар ца дезачу нехан" провокаци йу аьлла." Цуьнца цхьаьна, "жигархошан" тӀехбовлучу нахаца девнаш, низамехь доцу талламаш бахьана хилла ца Ӏаш, жигархойн ирча лелар бахьана а хуьлу.

"Оьрсийн йукъаралла" хилар – Оьрсийн пропагандас махкахь массо а цхьатерра ву бохуш дийцарна дуьхал ду

Марсхьокху-бутт чекхболуш "Оьрсийн йукъаралийн" жигархойн тобано НГГТИ стадионна уллехь буьйсанна йуккъехь "музыкальни пауза" хӀоттийра - "Славянийн стигал" илли а локхуьйтуш: масала эшаран йукъехь дешна ду "Вай ордан тIаьхьено дууш ду, ордан дукъо вайна гIело йо". ТӀехволучу стага, националистийн илли сацийта аьлча, дов делира, цо цхьанна жигархочунна урс а тухуш. Талламан комитето цу хьокъехь долийра бехктакхаман гIуллакх "иллийн башхаллаш бахьана долуш" стаг вен гӀортарх артикалца– цунах лаьцна рапорт cхьадийхира кӀира даьлча Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра.

Иштта а тӀелатарш Невинномысскехь хилла ца Ӏаш, Москвахь а хуьлу – цу тайпа патрульхойн Ӏалашонаш дукхачу хьолехь кавказхой хуьла, "къастина нохчи" дийцира "Нийсо" векало Кавказ.Реалиин сайте: "Нохчийн кӀенташна йиттина метттигаш йу, "Псковера десантана тIера бекхам бу" бохуш.

Урамашкахь "Iуналла" лелийна ца Ӏаш, "Оьрсийн йукъараллийн" декъашхоша Ӏуналла до интернетерчу контентана а: товбеца-баттахь жигархоша го бира Краснодар-махкахь, Херсон- юьртара фермехь, исламан блогеран Гнеев Борисан а, цуьнан ненан а цӀенна а. Царна ца тайра цу шен YouTube-каналехь, керста дин логика йоцуш ду, цуьнан догмаш тоьшаллаш доцуш ду аьлла видео. Цара Гнеевца "къеда дискусси" хилла аьлла, хаам бинчул тIаьха, блогеро къинтӀера довлар доьхуш видео гучуелира тобан Telegram-каналехь.

Ӏедалшна цабезачу артисташна цензура латторехь а жигара дакъалоцуш йу "Оьрсийн йукъаралла". Тобано айкхалла динчул тӀаьхьа Ростов-на -Дону гӀалахь гезгмашан-беттан 22-чохь хила лерина йолу Милявская Лолитин иллиалархочун концерташ совцийра. Официалан бахьан- Милявскаяс дийцарехь "гӀирс галбалар". Амма жимма хьалха йукъараллийн декъашхоша дехар дира гӀалин а, кӀоштан а, регионан културан министралле а, "бакъйолу русофобе" гайтар дехка аьлла. Цу кепара, Волгоградан а Волжскан кӀоштахь, стохка, гIура-баттахь Xolidayboy -ан концерт йихкира - "Оьрсийн йукъаралло" бехке вира иза "кегирхойн синкхетам талхорна".

Оьрсийчоьнан йукъаралла ницкъаллин структурашца гергарло лелоран тоьшалла ду-цара цхьаьна мигранташна дуьхьал дӀахьош йолу рейдаш. Цу кепара, гIадужу-беттан 9-чохь "Оьрсийн йукъараллийн" а, кхечу националистийн "Къилбаседахо" ("Северный человек ред. гочдар) тобанан а декъашхоша хаам бира Волгоградехь масех бӀе "миграцин низамаш дохош берш" гучубахарх лаьцна.

"Царна трендехь йолу проблема дIайелла".

Солтаевн реакци кхето мегар долуш йу, "Оьрсийн юкъаралла" хилар – иза Орсийчохь мел верг цхьатерра ву, бусулбанаш а, бусалба дин а лардеш ду, бохучу йерриге а оьрсийн пропагандин дуьхьал ду. Ткъа оцу агӀор хьаьжча, и тайпа вовшахтохаралла хиларо, Ӏаткъам бо Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан авторитетан, билгалдоккху Украинин агӀор тӀом беш йолчу шейх Мансуран цӀарахчу Ичкерин батальонан пресс-секретара хиллачу Белокиев Ислама.

"Йукъараллин декъашхой олалла къуьйсаш бу Кадыровца. Царна тӀехьа лаьтташ йу ницкъаллин структураш а, пачхьалкхан аппарат а - иза бохург ду, уьш болчохь Кадыровна "йожа хIумма а хира йац". ТӀейогӀучу хенахь, "Оьрсийн йукъаралла, хила тарло "муьтIахь" йа реза боцу кавказхошна тIехь таӀзар дийр долуш тоба, "Еромловн жӀаран тӀемаш" карлабохуш (Къилбаседа Кавказехь паччахьан губернаторан, инарла Алексей)", - билгалдоккху къамелхочо.

Ӏедало, и тайпа тобанаш кхуллу, шайна оьшучу хенахь, церан куьгашца шайн проблемаш йерзо

"Оьрсийн юкъаралла“ кхоьллина йара 2020-чу шарахь, амма Украинехь тӀом болабелча, Ӏедало мигрантийн гIуллакх щуйра дийцаре дича, хаъал кхиъна – хӀинца шуьйра регионан структура йу церан. Организаци оццул сиха кхиаро ма-дарра гойту иза кхоьллина Ӏедалан проект хилар, бохуш, кхетадо социолога, вигилантан- тобанийн талламхочо Новикова Асмика Кавказ.Реалии агенталле йеллачу интервьюхь.

Цунна хетарехь, и тайпа парамилитаристийн тобанаш боккъала а йоьшуш хила тарло Кремлан. Махкахь долу хьал граждански къовсаме кхаьчахь – "дика кечбина нах, аьрна ца латтийта", царна "миграцин трендийн проблемаш" Iуналла дан дӀайелла, бохуш билгалдаьккхира цо

"Махкахь герз лело хууш йолу тайп-тайпана тобанаш хилча, Ӏедалан аьтто бу, цу тайпа машанийн мобилан структураш кхолла, нагахь санна цхьаъ хилахь, цхьацца проблемаш йерзо, уьш вовшахтоха йиш а йолуш, Оьрсийчоьнан Ӏедал даима а гӀаьртара, оцу тайпана тобанийн ницкъбаран барам нисбан. Iедало даима а, оьшачу хенахь, дукха сиха Ӏуналла схьаоьца, лелош долчу ницкъбаран барамна тӀехь", бохуш билгалдоккху къамел деш волчо.

ХӀинца, пачхьалкхан мел ницкъ кхочу ницкъбарна тӀехь Iуналла латто, эксперто дийцарехь, Солтаевн кхайкхамна структурийн реакци а йоцуш, Кадыровс Керимов Сулейманна дуьхьал чIир кхайкхорна гонаха долу хьоло гойту: "ХӀара пачхьалкхан бен долахь йоцу ницкъбаран функци муха приватизаци йеш йу билгало йу, ткъа Ӏедало иза тидаме ца оьцуш, дита мегар дац".

  • Волгоградан кӀоштахь, белхалойн Иловля- юьртахь, бахархоша гулам дӀабаьхьира кӀоштан администрацин гӀишлонна хьалха, Оьрсийн йукъараллин меттигерчу координаторна Зазулин Михаилна а, меттигерчу ромахойн доьзална йукъахь конфликт иккхина хилар бахьана долуш. ТӀаьххьарчара полисхошна тӀелатар динчул тӀаьхьа Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр юкъагӀоьртира хӀоьттинчу хьолана. Цхьа стаг бехке вира кхерамазаллин белхахочунна йиттина аьлла, цхьа бутт ах бутт баьлча кхин а 3 ромалан векал а, полисхошна тӀелатар дина шеконаш йолуш.
  • "Оьрсийн юкъараллин" жигархоша цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Батайскан прокурорца а, полицин а, дешаран урхаллан хьаькамца а, ткъа иштта ишколан директорца а. Цул тӀаьхьа кӀоштан куьйгалхочо Волошин Романа конфликт "дIайирзина" аьлла, амма цул тӀаьхьа "митингехь дакъалацарна" артиклца административан гIуда туьхийра, гуламехь дакъалаьцна 6 стаган.
  • Краснодаран кIоштахь, Кореновск гӀалахь масех бӀе меттигерчу бахархоша товбеца-беттан 22-чу сарахь марш дӀайахьира националистийн лозунгашца "Оьрсий, хьалха", "Оьрсийчоьнна сийлалла" бохуш. Бахьана дара акци йолаялале цхьа де хьалха курдойн диаспорин векалшца хилла конфликт. Курдошца хиллачу конфликтехь дакъалоцуш бара "Къилбаседахо" а, "Оьрсийн йукъаралла" а националистийн организацера декъашхой.
  • Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхочунна, миллиардерна Керимов Сулейманна чIир кхайкхийна Кадыров Рамзана, нагахь санна Нохчийчоьнан куьйгалхо вен омра дала гӀортарца ша гунахь вац аьлла, тоьшаллаш цо ца дахь. Изза кхерам бу ГӀалгӀайчуьрчу Пачхьалкхан Думин депутаташна Барахоев Бекханна а, Дагестанера схьаваьллачу Курбанов Ризванна а. Цу кепара республикан куьйгалхочо дуьххьара комментари йира гезгмашан-беттан 18-чохь Оьрсийчоьнан уггаре а йоккхачу Вайлдберрис маркетплейсан Москварчу офисехь хиллачу герзаш деттарх лаьцна.