"Хаза дехаш дарий шу - хIинца декхар охьадилла". Нохчийчуьра тIеман дакъойн белхахой тIаме муха хьийсабо

Нохчийчоь, Гуьмсе, Оьрсийчоьнан спецназан университет

Нохчийчохь хьашташ кхочушден тIеман дакъойн персонал – тIеман говзалла йоцу контрактхой – бертаза Украинерчу тIаме хьийсабо. ХIинццалц схьа алапа а оьцуш, белхан гIайгIа а йоцуш нах Iарна "декхар" духадалар санна хIума ду и аьлла лору Iедалхоша. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига дийцира тIаме хьажийначех цхьаммо. ТIаме ца ваха ши некъ бу: шен метта кхин стаг валавахь, йа дуккха а ахча лахь.

26-шо долу Х.Мохьмад – Гуьмсан вахархо ву, жимачу шина беран да а ву иза, цу тIе, ша Украине вахийтале хьалха цо лелош хиллачу ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант а ву иза. "Командировке" вахийтале хьалха Нохчийчуьра Росгвардин цхьана складехь болх беш вара иза, ткъа суьйранна шен цIа вогIура. Изза дора дуккхаъчу цуьнан махкахоша а - оцу декъахь болх баро доьзал кхабан таро лора, дуьйцура Мохьмада.

Дерриг а хийцаделира Оьрсийчоь шуьйрачу тIамаца Украине чугIоьртича. 2022-чу шарахь Мохьмад балхара дIавала гIоьртира, делахь а куьйгалло пурба ца делира цунна: декъехь болх беш хиллачаьрга къадош элира, "тIом баллалц алапа а оьцуш, парггIат даьхна шу, хIинца даймахкана декхар йуха дала хан кхаьчна" аьлла. Мохьмад реза ца хилира, документ схьаэца иза дуьхьал ваьлча лаьцна латтийра иза кхаа баттахь: декъан дозана тIера ара а ца волуьйтура, йа доьзале телефон ца тохуьйтура, дийцира цо.

ТIеман заманан хьелашка хьажжий кхел йар

Щен дIахьедар йуха а эцна, балха йухавирзинчул тIаьхьа бен маьрша ца ваьккхира иза. Йуьхьанца церан декъара Украинан оккупаци йинчу дозанаш тIе хьийсабора тIеман говзалла йолу эскархой ткъа цхьацца тIедахкарш кхочушдечу персоналах хьакхалуш дацара и, чIагIдо цо.

Шо даьлча, 2023-чу шеран бIаьста плацехь гулбира Мохьмадца цхьаьна гIуллакх деш хилла бераш: цаьрга дIахьедира, белхахошна совгIаташ дан лаам хилла куьйгаллин - цуннна лерина Соьлжа-ГIала охьадаха деза. Бакъду Соьлжа-ГIала буьгучу меттана, Ханкалара тIеман базе бигира уьш – шу тIамтIе дIадуьгар долуш ду, кечло элира. Дуьхьал бийла боьллачаьрга дIахаийтира, протест йар даймахкана йамартвалар санна хIума лорур ду, "тIеман заманан хьелашка хьаьжжина таIзар дийр ду" аьлла.

Мохьмада бахарехь, масех баттахь латтийна хиллера уьш Ханкалара базехь: йуьхьанца ца магадора цIерачаьрца зIене бовла, арахьарчу дуьненца муьлхха а зIе хила а. ТIаме бахийтар а кIира мел долу дIатоьттура – эххар а царна бакъо йелира дайшца-наношца, доьзалашца Iо дика йан баха. ХIетахь массарна а моьттинера, шаьш тIаме дохуьйтур дац, дагалоьцу Мохьмада, амма тIаьхьа Ростове боьдучу цIерпошта ховшийна дIахьовсийра уьш, цигара – Украине а.

Хийцар – йа ахмиллион сом

2024-чу шеран зазадокху-беттан йуьххьехь Мохьмад а ца витира. Цо дийцарехь, бисинарш гулбинера декъахь: контракташца хилларш а, цхьацца тIедахкарш кхочушдеш хилларш а. СовгIаташ дарх ца дуьйцура хIинца: совнах дерг ца дуьйцуш, дIахьедира, плацера дIа уьш Ханкалара тIеман базе гIур бу аьлла, - цигара – "СВО" дIахьочу (иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинера тIамах).

Иза реза вара, контрактана куьгйаздира цо оцу сохьта: ша тIом бан воьдуш вац, ахча даккха воьдуш ву аьлла тешна вара иза

Мохьмадан аьтто хилира куьйгаллица бартбан, цо дехар динера ненаца а, доьзалца а Iо дика йан вахийта ша аьлла. Ма-дарра аьлча, ахча а делла вала дагахь хиллера иза. ТIеман декъехь цуьнга аьллера, хьайн метта вахийта стаг каравахь, шаьш волуьйтур ву хьо аьлла.

"Бен дацара, иза милла велахь а, хIуъа лелош хиллехь а. ТIеман декъе а веана, со кийча ву СВО ваха ала дезара цо", - боху Мохьмада

Изза дина хиллера цуьнца цхьана хиллачу накъоста – цуьнан метта кхин ваха луург веанера: "Иза дукха чIогIа реза вара, оцу сохьта контрактана куьгйаздира цо. Ша тIамтIе воьдуш вац, ахча даккха воьдуш ву аьлла йара цуьнан ойла. Инзаре хIума дара и. ХIуммаъ ца деш Iийча, цунна лур долуш хIума ма дац. Дуьйцург цуьнан шен дахар ма дара, ахчана дуьхьа Украинехь цо байъа кечбина нах ма бара".

Шен метта тIаме хьажон стаг вало Мохьмад реза вацара, тIаккха шолгIа вариант дагайеара цунна: 500 эзар сом делча, ца вуьгуш вита йиш йара. Оццул ахча Мохьмада дацара, шен доьзал чохь беха хIусам йухкийла дацара. Бакъду, цуьнан кхаа йуьртахочун хиллера ахча, и мах охьа а биллина, Нохчийчохь висира и шиъ.

"ТIом хир бац моьттура"

Ханкалахь, тIеман базера схьаэцна Мохьмад а, кхечу дакъошкара нохчий а цIерпошта хийшийра. Цо бахарехь, цаьрца бара тIамехь цкъа-шозза хилларш а, герз муха лоцу цахуурш а цхьаьна.

Царна хаьа, шайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна ца Iаш, шайн нахана тIаьхьабевр буй а, уьш балхара дIабохур буй а, кхерамаш тьйсур буй а

Мохьмад йукъахь волу тоба Акимовке кхачийра. Йуьхьанца массо а тешна вара, шаьш Украинера Запорожьен кIоштахь ду бохуш. Амма тIаьхьо билгалдаларехь, уьш хиллера изза цIе йолчу Оьрсийчоьнан Курскан кIоштара Акимовке балийна. Цигара дIа Укранаца долчу дозане кхача бархI километар йу.

ГБР-н тобанах маса дIатуьйхира уьш цигахь. Нохчийчохь декъехь Мохьмад тIемало хилла воций хиъча а, хеттарш ца кхолладелира цхьаьннан а. Цо бахарехь, лаьтта дехкина аннаш долчу цхьана баракаш чохь Iаш бу уьш, муьлххачу хенахь а Украинан дозана тIе тIом бан хьийсон тарло.

ХIусамнанас боху, суьрташ тIехь Мохьмад "ша параде ваьлча санна ву": "Амма хьанна хаьа, кхане цуьнан стенгахь хир йу, оцу окопаш чохь а иза стенах Iотталур ву. Нах байъа волалахь, ца веача иза муха хир ву а".

***

Хьалхо нохчийн политолого, "Кавказан халкъийн Ассамблейн" хьалханчас Кутаев Руслана билгал ма-даккхара полисхой тIамтIе хьийсор "ца лаахь а, лууш санна бахийтар ду, ца бахча царна могуьйтур дац".

Кутаевца реза йу "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхо Ганнушкина Светлана а. Цунна хетарехь, реза хила декхаре хуьлу уьш, кхоьруш хиларна: "Царна хаьа, шайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна ца Iаш, церан гергарчу нахана тIаьхьабевр бу, уьш лоьцур бу, балхара дIабохур бу – тIом бан ваха дуьхьал хилахь, цунна а, цуьнан доьзална а, биссинчу гергарчу нахана а хьовзамаш бохур бу".

ТIом хир бац бохуш, ницкъаллин структурашка балха хIиттина болу нохчий, хIинца Украине ца бахча бовлуьйтар бац, боху Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" оппозицин боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата а.

"Украинехь тIом баьллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна ницкъаллин структурийн чоьтехь хиллачу нахана могуьйтур дац йукъара бовлар, республикехь хьал чолхе долчу заманчохь пачхьалкхан чоьтах даьхна шу, хIинца декхар йухадала деза, - кхетийра къамелдечо. - Вониг хIун ду хьуна аьлча, цхьацца бахьанашца артиклаш дуьхьал йохуш, нах тIаме баха декхаре бо, цкъа а Кадыровн Iедална гIуллакх дина воцург а, цуьнан роже безам боцург а ур-атталла".

  • Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира ЧВК "Вагнеран" бIе хилла йолахо – эскархой а, лоьрийн тобанаш а- "Ахмат" спецназе сехьайовлуш йу аьлла. Керлачу декъан цIе тиллира "Камертон" аьлла. ТIаьхьо Кадыровс дIахьедира "Ахматан" базехь Iаморашкахула уьш чекхбовларх а.
  • "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа совгIаташ декъна нохчийн "Ахмат-Россия" полкан эскархошна – тIелатар динарш бу боху нах лоьцуш накъосталла дарна билгалбаьхна уьш. Билггал кадыровхоша цу операцихь хIун дакъа лаьцна хууш дац, ткъа тIеман министралло хьаххане ца хьахадо Путин Владимиран сурт тIехь шевронаш лелон "Ахмат" дакъа. Оцу полках лаьцна хууш хIун ду, стенца доьзна ду цунна совгIат дар, къастийра Кавказ.Реалии сайто.