Оьрсийчохь кхаьънаш даларна Германехь бехке бина Hewlett-Packard компанин куьйгалхой

Iамерка -- Hewlett-Packard компанин Калифорния-штатерчу Пало Алто гIалахь йолу штаб-хIусам, 26Марс2008

Оьрсийчохь лакхарчу Iедалан даржашкахь болчу нахана, шайн балхана новкъарлонаш ца яйтархьама, кхаьънаш дала дезаш хьал хуьлу Малхбузерчу бизнесхойн. Масех шо хьалха Германехь шуьйра дийцра немцойн Даймлер концерно оьрсийн хьаькамашна тоьллачех машенаш елла хилар. ХIинца «Хьюлетт Паккард» фирмин куьйгалла бехке деш ду, оьрсийн Iедалхошна кхаьънаш даларна.
Зорба туху машенаш а, компьютерш а еш йолу дуьненна а евзаш йолчу Хьюлетт Паккард фирмин лакхарчу куьйгаллехь хилла волу кхо менеджер ву немцойн прокуратурано Оьрсийчохь коррупцина декъа хиларна бехке винарг. Царех цхьаъ Германин вахархо ву, важа шиъ Финляндерий, Цхьанатоьхначу Штаташкарий ву.

Цу кхаана бехке дуьллуш ду, Оьрсийчохь кхаьънаш далар а, эцар а, шайца болх беш болчу нехан тешам хьешар а, ткъа иштта пачхьалкхан ясакх яла езачу барамехь дIа ца ялар а. Иштта немцойн Iедалхоша шайн хьокъехь талламаш бечарна юккъехь ву, мел кIезга а, кхоъ Оьрсийчура хьаькам а, амма церан цIераш цкъачунна нахала йохуш яц.

Саксонерачу прокуратурин векал волчу Кляйн Вольфганга журналисташка бинчу хаамца, бехкебечу зуламхоша оьрсийн Iедалерачу лакхарчу хьаькамашна кхаьънаш делла хилла, Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре 35 миллион еврона меха компьютерш йохка тендер шаьш болх бечу фирмина ялийта цу хьаькамашна тIеIаткъам бархьама.

Кляйна дийцарехь, Хьюлетт Паккард компанис оьрсийн Iедалхошна деллачу кхаьънийн терахь 7,5 миллион евро ду. Ткъа и тайпа инзаре дукха ахча куьйгана цIена боцучу оьрсийн Iедалхошка, цхьаннан а шеконаш а ца кхуллуш дIакхачорхьама, цу тобано тайп-тайпанчу Европерачу пачхьалкхашкахь схьайиллинчу банкашкарчу чотийн дийна цхьа маша кхоьллина хилла.

Германерачу полицино динчу дехарца, Оьрсийчуьрчу прокуратурано Хьюлетт Паккард компанин Москохарчу филиалехь лехамаш дIабаьхьира 20I0-чу шарахь. Германин дозанна тIехь Iедалхоша лехамаш дIабаьхьира Хьюлетт Паккардан Мюнхенерий, Беблингенерий шина офисехь.

Цул совнаха, цу скандалечу зуламан таллам дIахьош декъа яра Цхьанатоьхначу Штатийн юстицин министралла а, Iамеркера дезачу кехатийн а, биржийн а хьокъехь йолу Комисси а.

Ала догIу, Хьюлетт Паккард дуьхьарлера Малхбузера фирма яц Оьрсийчохь Iедалхошна кхаьънаш даларна тIехь гучуяьлларг. 20I0-чу шарахь немцойн машенаш еш йолу Даймлер концернан менеджерш бехке бира, Оьрсийчохь шайн концернан сайолу контракташ Iалашъярхьама, цара цу пачхьалкхерачу лакхарчу Iедалхошна деза совгIаташ а, кхаьънаш а луш хилла хиларна.

Иштта немцойн Сименс концерн а гучуелира, Оьрсийчохь шайна масех миллиард еврона лоьрийн машенаш йохка бакъо луш йолу контракташ яхархьама, цара шайх оьрсийн маттахь „откаташ“ олуш долу, ткъа тIаьхьарчу шерашкахь,гочдан а ца дезаш, доллучу дуьнентIехь а гIарадаьлла долу кхаьънаш делла хиларехь.