ХIинжа-ГIалара полицино митинг ца хIоттайайтина Палестинехьа

Дагестанан Iедалхойн гIишло, гайтаман сурт

Дагестанан полицино дуьхьало йина Палестинехьа гIоьнна гIалин коьртачу майданахь митинг хIоттон. Цигахь дакъалаьцнарш дIалийцира.

Палестинаца шаьш цхьаьна хилар дIахоуьйтуш митинг хIоттон дагахь хиларх хаамбира оппозицин "Горец", "Утро Дагестан" телеграм-каналаша. Зорбане хIиттийначу суьрташ тIехь а, видеошкахь а – масех иттаннашкахь нах бу, берриш аьлча санна, божарий, цхьа а атрибутика шайгахь йоцуш, полицин белхахошца жигара цхьаъ къуьйсуш.

Шинарин сарахь дагестанхойн "Новое дело" гIирсо йаздира шен телеграм-каналехь, митингехь лецнарш дIахецна ХIинжа-ГIалин Советский кIоштан полицин декъера, цхьаболчарна тIеман комендатуре тIекхойкхуш кара кехаташ делла аьлла. Хьалхо хаамаш бацара нах лецарх, маса лаьцна а хоуйтуш дацара.

Де хьалха ХIинжа-ГIалин мэрино шен официалан телеграм-каналехь йаздира, митинг хир йу бохуш йина анонс фейк йу аьлла, дIахьедира "оцу кепара барам протестан акци йу, цо нах карзахбаха тарло" аьлла.

Киевехь вехачу оьрсийн политико, пачхьалкхан думин хиллачу депутато Пономарев Ильяс хьалхо дIахьедира, кест-кеста дуьхьалонан акцеш йе бохуш, кхайкхамаш бечу "Утро Дагестан" каналца ша воьзна хиларх.

  • Шинарин сарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь кхерамаш тесира Израильна "доллу дуьненчуьра бусалбаша дуьхьал жоп лур ду" аьлла. Йахначу буса Нохчийчуьра маьждигашкахь вовшахкхеттачу наха ламазаш дина, хаамбина пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло. Коьртачу маьждигехь ламазаш дина "Украинехь, Палестинехь тIемаш бечарна" тIера. Хьалхо нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада "джихIад" ду элира Украинера тIом. Цо дIахьедира, Украинерчу тIамехь дакъалоцу Нохчийчоьнан бахархой "исламан дин Iалашдеш" бу аьлла.
  • Газа секторна тIехь Iуналла латточу палестинхойн радикалан ХАМАС тоба (Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Евробертан мехкашкахь а террорхойн лаьрра и) тIелетира гIадужу-беттан йуьххьехь Израильна. Ракеташца динчу тохарша Израилан дозана тIебовла аьтто хилира тIемалойн, дуккха а маьрша нах байира, закъалте нах а лийцира. Царна дуьхьал жоп луш Израиалан тIеман Армино тохарш дира Газа секторан позицешна.