"ХIора боккху ког тергалбо". Гуьржийчуьра нохчочо – вийначу кIентан хьокъехь ЕСПЧ-н сацамах лаьцна

Мачаликашвили Малхаз

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело эвсара теллина дац аьлла, 2017-чу шарахь ПIаьнказан чIожехь дIахьочу лерринчу операцихь нохчо Мачаликашвили Тамирлан вер – цуьнан доьзална 25 эзар евро компенсаци хIоттийна. Оцу юкъанна, вийнарг граната эккхийта гIоьртинера боху Iедалхойн верси "бакъйолчух" тера хетта кхелана. Мачаликашвилин гергарчара чIагIдо, меттахь вижина Iачу хенахь лен чов йинера цунна, ткъа граната цунна кхоьсина ю спецопераци йирзинчул тIаьхьа бохуш.

Спецназхоша чIогIа лазийнера 19 шо долу Мачаликашвили 2017-чу шеран гIуран-баттахь шен цIахь. Ши кIира даьллачул тIаьхьа кхелхира иза дарбанан цIийнехь. Ницкъахойн версица, нохчийн гIаттамхочуьнца Чатаев Ахьмадца юкъарло лелош хиллера цо, ткъа спецназ тIекхаьчча дуьхьалойн гIоьртинера боху. ЕСПЧ-н сацамехь билгалдоккху, Iедалхой жимстаг верна бехкехиларх тоьшаллаш кIезиг ду аьлла, ткъа компенсаци хIоттийна "эвсара теллина цахиларна". ГIуллакхехь тIе ца дитина, граната Мачаликашвилина тесна хила тарло бохург, дIахьедина Гуьржийчоьнан юстицин министран гIовса Дзамашвили Бекас.

Мачаликашвили Тамерлан вер таллар къайладаьхьна прокуратуро. Оцу юкъанна Европан кхелан сацам бух хила тарло "юха а гIуллакх деллийта а, къоман тIегIанехь талллийта а", боху МачаликашвилигIеран доьзалан интересаш йовзуьйтучу Iедалца йоьзна йоцчу "Социалан нийсонан Центр" цIе йолчу гуьржийн Civil Georgia сайто.

Талламхошна зулам ца гина Мачаликашвили Тамерланна герз тоьхначу спецназхочун леларехь. Iедалхоша дIахьедарехь, "массо а агIор таллар" бахьана долуш тIечIагIделла, ша Iалашваран гурашкахь лелла хилла и белхахо, ткъа цуьнан сацам хилла шен а, гонахарчийн а дахар лардеш. Прокуроро Гумберидзе Давида иштта кхетийна, вийначу нохчочун гIуллакхехула талламбар сацош Коьртачу прокуратурин хьесапах.

Кхаа шарахь гергга Мачаликашвили Малхаз муьлхха а хенан хIоттам белахь а, гуьржийн парламентана хьалха тоьхначу четарчохь буьйсанаш йохуш Iара, шен воI вийначарна таIзар дар тIедожош. Бехкеболчарех цхьаъ вара, Малхаза бахарехь, Гогашвили Иосиф, оцу хенахь – Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисийн (СГБ) куьйгалхочун хилла гIовс. 2019-чу шарахь вийначун дена дуьхьал таллам болийра – иза бехкевора СГБ-н гIишлона тIелата Iалашо хиларна. Мачаликашвилис бехкаш тIе ца дитира.

Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Мачаликашвили Малхаза дуьйцу, Европан кхелан сацаман мах ша муха хадийна а, гуьржийн юкъараллехь цуьнан истори муха тIеоьцу а.

– Оцу хиламийн сурт юхаметтахIоттон аьтто хилирий хьан?

– Боллу тхан доьзал цIийнан шолгIачу гIат тIехь латтийра [спецопераци дIахьош]. Цхьанна а ца хаьара, Тамерланан чохь хуьлуш хIун дара. Иза волчу чу а лилхина, меттахь вижина Iаш хилла иза вийнера, тIаккха кIентан диплом гинера, Мачаликашвили аьлла фамили йешча, кхеттера, вийнарг шаьш лоьхург ца хиллийла. Ницкъахой кхеттера, шаьш къиза зулам диний, тIаккха тоьшаллаш дIадайа гIиртинера. Тхо чу а доьхкина, кхаа сахьтехь ара ца довлийтира.

Ас четар тоьхнера Гуьржийчоьнан парламентан гергахь, таллам байта гIерташ. 1130 дийнахь протест латтийра ас иза верна дуьхьал

Болх беш йоцу лимонка(куьйгалелон граната. -Ред. билг.) цуьнан карайилла дагадеанера царна. Цунна тIехь Тамерланан пIелгийн лараш йацара. ЦIийн цхьа а тIадам бацара оцу лимонки тIехь, ткъа мотт а, телефон а, наушникаш а цIийх юьзна йара. Сан кIант бехвина, гIуллакх дIакъовла гIиртира, тIаккха Гуьржийчоьнан парламентана хьалха четар туьйхира ас, цаьрга таллам байта гIерташ. Кхаа шарахь майданахь Iийра со. 1130 дийнахь протест латтийра ас иза верна дуьхьал.

КХИН А ХЬАЖА: Терроризмна бехкебина ПIаьнгазахь лецнарш дIахецар тIедожийна Гуьржийчуьрчу нохчаша

– Гуьржийн Iедалхойн векалийн реакци муха йара хьоьгарчу хьолах?

– Къайлаха сервисаш масийттаза гIиртира со бертавало, цигара дIавахийта. Нагахь санна, четар эцна со дIаводахь, сан кIант ларамза вийна аьлла, къарлур ду шаьш бохура. Со эца гIиртира оцу сохьта. Лаккхара даржхой оьхура суна тIе, ахча лур ду, ас протесташ совцайахь бохуш. Триллион ца оьшура суна, сан кIант веза вара суна, со эцалур волу стаг вац. ТIаккха кхийтира уьш, соьца шайн барт хир боций, кхерамаш тийса буьйлабелира. Амма со сацалур вацара, ас сайн гIуллакх дIалеладора. Тахана а сацаданза ду.

– Хиллачух пачхьалкхо охьайийцина верси бакъйолчух тера ду аьлла, Европан кхело хьесапдар муха тIеийцира ахь?

– Тахана Гуьржийчохь боккха кIур бу, президент хилларг [Саакашвили Михаил] набахтехь ву. Европан кхело дуьххьал схьа ма ца аьлла, гуьржийн пачхьалкхо низам дохйина. Гуьржийчоь бехкейан кхелахой лууш хилла хир бац, хетарехь. Амма цара лерина, со а, сан адвокаташ а таламан материалашна тIе ца кхачийтар. Материалаш къайлайахарна, мел а кIорггера Европан кхеле кехаташ кечдан аьтто ца хилира тхан, аргументашкахь дозанаш тоьхнера тхуна. Ткъа прокуратуро гIуллакх сацийра, талламца берта со гIур воций хиъча.

ХIетте а, Европан кхело сацамбина, стаг верна белхахой бехке хетачу структуро гIуллакх таллар нийса дац аьлла. Шаьш шайна талламбойла ма дац цара. ХIуъа а йаздан йиш ю церан. Цундела, прокуратура декхаре ю, дикка гIуллакхан духе а кхиъна, юха а озабезамаш боцуш талламбан. Цул тIаьхьа Европан кхело юха а луьстур долуш ду и.

Суна хууш ду, гIуллакх толлуш хиллачу ЕСПЧ-н лахарчу палатера цхьахволу суьдхочо баьхна хилла, Гуьржийчоьнан Iедална тIедожон деза Тамерлан верах жоьпалла.

– Дийцахьа шайн доьзалх лаций. Муха ду шун Iер-дахар, шун кIант кхелхинчул тIаьхьа муха хийцаделла шун дахар?

– Со ПIаьнказан чIожехь вина ву, Дуиси эвлахь – цигахь вина сан да, деда а. Цхьа кIант вара сан [Тамерлан], кхин а ши йоI ю сан. Ший а лаккхара доьшийлаш чекхйаьхна ю. Цхьаъ школехь болх беш ю, хьехархо ю иза. Экономикан факультет чекхйаьккхина шолгIачо, иза марехь ю. Йоккхахайерг а йара доьзал кхолла дагахь, амма Тамерланан 19 шо кхачаре хьоьжура иза. Тамерлан вийна, иза хIинца а тхоьца Iаш ю.

ХIусамнана берийн бешахь болх беш ю. Даим а кега-мерса бизнес лелош вара со, амма кIант вийначул тIаьхьа хIинца пхоьалгIа шо а ду цхьанхьа а балхахь воцу, талламехьа дIавирзина со.

Ас дIа мел боккхучу кога тIехь терго латтайо ницкъахоша хIинца, соьга цхьанхьа а болх балур а бацара. Цхьа чIогIа вочу хьолехь ву со. 50 шарахь ас мел гулдинарг, сан доьзалан мел хилларг оцу талламна дайина ас. Декхар а вахна, нийсо толийта гIерташ. Пхеа шарахь ас дукха ахча дайина.

КХИН А ХЬАЖА: Гуьржийчохь пхи нохчо лаьцна. ДаIишца уьйраш хиларх шеконаш ю царах

– Гуьржийчоьнан политикан куьйгалла муха хьоьжу хьан протесте, хьоьгахьа, хьан агIо лоцуш ницкъаш бан а буй?

Эшахь со политике а, мичча а гIур ву. Амма сан коьрта Iалашо – и зулам динчу акхарошна таIзар дайтар ю

– 250 шо а ду нохчий Гуьржийчохь беха, оцу йоллу хеначохь лулахошца барт а болуш. 2017-чу шарахь Гуьржийчоьнан премьер-министр хиллачу Квирикашвили Георгийс элира, кистойх со дуьххьара стаг ву нийсо толийта гIерташ, йоллу бакъонаш а йолуш Гуьржийчоьнан вахархо хилар гойтуш. Суна хаьа, ах сов гуьржий сайгахьа буй.

Троллаша а, боташа а йаздора, Мачаликашвили политике вахна, кIант а, са а доьхкина цо бохуш. Ца дуьйцуш хIун дитира! ХIокху пачхьалкхан вахархо ву со, кхузахь вехаш ву со, сайн бакъонаш толон гIерта со. Хабарш дуьйцу, Мачаликашвили парламентехь хила хьакъволу стаг ву, цо лелориг шен цхьана кIентан дуьхьа ца хилла, Гуьржийчуьра кхечу берийн дуьхьа а ду, цо уьш Iалашбо, иза парламентехь хила веза бохуш. Эшахь со политике а, мичча а гIур ву. Амма сан коьрта Iалашо – и зулам динчу акхарошна таIзар дайтар ю. Делан пурбанца, толам соьгахь болуш доьрзур ду.

Хьан кIант Чатаевн гIуллакхца муха вуьйзира ницкъахоша?

–​ Со тешна ву, Чатаевн истори – иза а къайлахчу сервисийн болх бу аьлла. Цул хьалха Саакашвилин Iедало Чатаев чувоьллира. РогIера Iедало иза дIахийцира, пачхьалкхера ара а волуьйтуш, цул тIаьхьа Шема вахара иза.

Сан информацица, Тамерлан вуьйчу дийнахь спецназхой тхан керта бахка безаш бацара, цхьахйолчу луларчу хIусаме баха безара, цигахь бехаш бара Чатаевца боьзна нах. Йоллу чIожана хаьара, уьш цигахь буйла.

Дуккха а деношкахь Тбилисина юккъехь четар тоьхна хьо Iачу хенахь тIехбуьйлучара хIун олура хьоьга?

– Гуьржийчоьнан къам чIогIа дика дара соьца, адамаллица, лараме, кIеда-мерза. Даггара баркалла олу ас царна. Дин тайп-тайпана ду тхан, вуьшта суна хаало цхьаалла. Суна четар чу наха пираьшкаш, хачапури кхоьхьура. Дийнахь итт-пхийтта стаг вогIура. Пенсхой а, пенси схьаэцча, соьга шовзткъе итт лари, бIе лари кховдо богIура. Ткъа Iедало дуьхьало латтайора, лоьцура, вен а гIиртира. Сох лаьцна вон мел дерг дийцира, йоллу шайн боьха кепаш суна тIехь лелийра.

Тахана долчу Iедалехь хьан кIант вер озабезам боцуш толлур ду аьлла, тешам буй хьан?

– Пхи шо ду нийсонца гIуллакх талла бохуш, со тIаьхьаваьлла лела, йист йаллалц юхаверза дагахь вац со. Керлачу протесте вер ву, эшахь. ПIаьнказахь даим а шаьш бохург кхочушдора ницкъахоша. Сан махкахой кхерабора, йа ахчанца оьцура уьш. Соьца гIуллакх ца хилла. Ницкъ болуш, къарлур воцуш ву аьлла суна дуккхаъчу наха. Дайшца а, наношца а иштта харцо лелон ца лаьара суна. Бехкбоцу нах хIаллакбар сацон лаьа суна.

***

ПIаьнказан чIожехь леррина операци дIахьочу хенахь Гуьржийчоьнан кайлахчу сервисаша лецира меттигера бахархой Горнакашвили Зураб а, Алдамов Руслан а, Маргошвили Рамаз а, Чопанашвили Бадур а. 19 шо долчу Мачаликашвили Тамерланна бехкаш дахка ца ларийра – 2018-чу шеран дечкен-беттан 10-чохь дарбанан цIийнехь велира иза, метта а ца вогIуш.

Мачаликашвилин хьокъехь сацам ЕСПЧ-но дечкен-беттан 19-хь арахецна. Мачаликашвилин да-нана, йиша, церан гергарстаг а йара арз чуделларш. Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан конвенцин 2-гIа артиклан процессуалан низамаш хьешна бохура – "ваха бакъо", амма и артикл хадор материалан-бакъонан аспектехь билгал ца йаьккхина. Масала, ЕСПЧ-но сацам бина, Гуьржийчоьно йовзийтина йолу верси бакъ йолчух тера йу аьлла.

"Пачхьалкхан бехкаца Т.М. велла аьлла сацам бан йиш йолуш тоъал тоьшаллаш дац, аьлла хетта кхелана", - дуьйцу оцу сацамехь.

Амма ЕСПЧ-на хетарехь, пачхьалкхо эвсара ца теллина Мачаликашвили верах долу гIуллакх. Иштта кхело билгал ца даьккхина, Европан конвенцин "Iазап цап магоран" бакъо хьешар Мачаликашвилин доьзална хьокъехь.

ЕСПЧ-но сацам бина, Гуьржийчоьнан пачхьалкх декхаре йу арзхошна 10 эзар евро моралан зенна компенчаци йала а, 15 эзар евро кхеланна дайъина ахча меттахIотто а.

  • Справка: Кистой – XIX-чу бIешерашкара схьа дуьйна ПIаьнказан чIожехь бехаш хилла нохчий бу. Царех дукхахберш дIаийна меттигерчу бахархойх, хаьа гуьржийн мотт а. Оьрсийчоьнца долчу дозана гена йоцццуш ю ПIаьнказан чIоже (Нохчийчуьра Итон-Кхелана гергахь). ЧIожера масех эвлахь вехаш ву ворхI эзар гергга стаг. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь цига дехьабевлла дуккха а чевнаш йина, йа Оьрсийчоьнна дуьхьало латтор сацийна гIаттамхой.