Нохчийчоьнан Оьрсийчоьнехьа хиллачу хьалхара куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан цIарах долу нохчийн дакъош 14 ду. Царех ах бохург санна вовшахтоьхна Украине гIоьртинчул тIаьхьа, дисинарш терроризмаца къийсам латтон Iадашо йу бохуш, масех шо хьалха кхоьллина ду. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, муха, маца кхоьллина и дакъош, йуй царна йукъахь башхалла.
Лахьан-бутт бовш Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира керла "Ахмат-Оьрсийчоь", "Ахмат-Нохчийчоь" полкаш вовшахтохарх, кху шеран стигалкъекъа-бутт бовш дуьйна уьш гулйина йоллушехь. ХIетахь республикин парламентан спикеро Даудов Мохьмада элира, тIеман министраллина йукъара оцу вовшахтохараллашлахь 2400 стаг ву аьлла. Хаамбора, Украинера Запорожьен кIоштахь контртIелатар йухатухур долуш ду цара бохуш.
"Ахмат-Оьрсийчоьнан" а, "Ахмат-Нохчийчоьнан" а куьйгаллехь хир ву Элимханов Заурбек а, Салиев Асламбек а. Йиллинчу хьасташкахь царах лаьцна кIезиг йу информаци. ГIадужу-баттахь Элимхановна Нохчийчоьнан лаккхара орден йелира, Кадыров Ахьмадан цIарах "ницкъаллин урхаллехь билгалваьлла" хиларна" аьлла. ХIун динчунна совгIат дина, хоуьйтуш дац. "Ахмат-Оьрсийчоьне" хIоттавале хьалха Элимханов "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" куьйгалхочун гIовс вара. Цигахь Iамош бу Оьрсийчсоьнан йоллу регионашкара схьаоьху лаамхой олурш.
Полциин полковник Салиев Асламбек ("Закат" цIарца лелаш ву иза) "Ахмат-Нохчийчоь" полкан командир хIоттийра кху шеран мангал-баттахь. Цул а хьалха "Восток-Ахмат" батальонан хьалханча вара иза. 2022-чу шеран мангал-баттахь гучуделира и дакъа "Север-Ахмат" полкаца а, "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат" батальонашца а цхьаьна.
"Ахмат" тIамна лерина
Кху аьхкенан йуьххьехь йоллу Оьрсийчухула жигара вовшахтухуш бара тIамтIе бахийта "лаамхой". Оцу Iалашонна вовшахтоьхна "Север", "Юг", "Запад", "Восток" дакъош дIатардира Ханкалара керлачу гарнизонехь. Гезгамашин-беттан 10-чохь и схьайоьллучохь хилира Кадыров а. Цул тIаьхьа кIира даьлча хьажийра "Запад-Ахмат", "Восток-Ахмат" тIаме – дIахьедора, Донецкан а, Херсонан а кIошташкахь уьш бу бохуш.
"Запад-Ахматан" командир волу Агуев Исмаил хьалхо Куьрчала кIоштан полицин декъан хьаькам вара – бIаьста Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адмийн бакъонаш хьешарна а, Iазапаш хьегийтарна а, шайггара бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дахарна а санкцийн тептаре даьккхира полицин и дакъа.
КХИН А ХЬАЖА: Ницкъбар, гIуллакхаш дуьхьал дахар. Американ санкцешна бухахь хIунда нисделла Нохчийчуьра полицин дакъаМарсхьокху-бутт йуккъе баьллачу заманчохь Белгородан кIошт "ларйан" дехьа даьккхира дакъа, цигахь рейдаш йора, Украинан агIор йолчу "Оьрсийн лаамхойн корпус", "Оьрсийчоьнна маршо" диверсин тобанаша. ХIетахь хаамбора, кадыровхоша дозана геннара позицеш дIалецна бохуш. Цунах лаьцна дIахьедира Ичкери маьрша хила луучийн агIончаша, церан аьтто хиллера дозанехула дехьа а бевлла, цхьа а дуьхьало йоцуш, рейд йан.
Батальонан эскархоша рейдаш йора цIийнах, туьканашкахь хьуьйсуш Белгородан кIоштахь, контрафактан къаьркъа а, цигаьркаш а схьайохура цара, диверсина бехке бу бохуш, шеконашца нах лоьцура. Хоуьйтуш дац, мича буха тIехь йара кадыровхойн оццул бакъонаш, стенна тIехь кхуллура цара шайн шеконаш а. ГIадужу-баттахь Гремячий кIотарара йахархочо Вишенкова Натальяс хаамбира, шен хIусамда Демиденко Александр лачкъорах "Ахмат-Запад" батальонан эскархоша. Демиденко волонтер вара, цо гIо дора Украинан бахархошна дозанехула чекхбовлуш а, цIа боьрзуш а.
Лакхахь хьахийна Салиев Асламбек хIоьттина "Восток-Ахмат" тобанан куьйгалле. Стохка лахьан-баттахь украинхойн тIемалоша дIахьедира, Лисичанскехь нохчийн дакъана тIе тохарш дига шаьш аьлла, цигахь 30 гергга эскархо вийна, ткъа Салиевна чевнаш йина аьлла. Нохчийн оппозицин каналаша а цхьаьна бира цунах лаьцна хаам. Билггал хууш дац, мел бакъ ду и, амма кху шеран охан-баттахь Салиев йуха а "Ахмат-Нохчийчоь" батальоне дехьаваьккхира.
Зингиев Зайндис куьйгалла дечу "Север-Ахмат" полко, Кадыровс бахарехь, 2022-чу шеран гурахь Бахмутана уллорчу Клещеевка, Андреевка йарташкахь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна. Цул тIаьхьа Запорожьера Ореховн агIор дехьабехира уьш, ткъа бIаьста Донецкан кIоштара Марьине дехьакхийсира.
Товбеца-бутт бовш уггар а дуьйцучех хилира Бахмут йолчахь "Север-Ахматехь" дуккха а эшамаш хилар. Нохчийн оппозиционераша анониман ши аудио зорбане йаьккхира, цу тIехь дуьйцура "Север-Ахмат" хьалхара батальонан Муса цIе йолу командир а, кхин а дуккха а нах а баларх. 500 эскархочух 60 дийна висина бохура, бисинарш байина бохура кхаа-деа дийнахь. ШолгIачу спикеро дIахьедира, тIеман аренашкара итт дакъа бен схьаэцна дац, бисинарш арабаха ка ца йолу аьлла. Кхин совнах информаци йац хIара хаам тIечIагIбеш.
Мангал-беттан 24-чохь, Пригожин Евгений коьртехь волчу ЧВК "Вагнеро" бунт гIатточу дийнахь "Север-Ахмат" дакъа а, "Ахмат" спецназ а Ростов-ГIала хьажийнера, амма оцу хиламашка цига дIа ца кхечира уьш. Гучуйаьллачу видеоца а, иштта телеграм-каналийн хаамашца а, цхьана ханна кадыровхой бисира гIала чувуллучохь – тIаьхьа Кадыровс баркаллаш бохуш, тIамтIе йухабигира уьш.
"Тиктокерш" а, "аьтто хуьлу салтий" а
ТIом болабеллачул тIаьхьа вовшахтоьхна йалх "Ахмат" батальон йоцург, Нохчийчохь йу Кадыров Ахьмадан цIарца кхин а бархI вовшахтохаралла. Формалехь кеп-кепарчу Оьрсийчоьнан урхаллашна йукъа йогIу уьш, амма билггал аьлча Кадыров Рамзанна муьтIахь йу.
Масала, "Ахмат" спецназ (СОБР "Ахмат" йу и) кхоьллина 2009-чу шеран зазадокху-баттахь, оцу заманчохь "Терек" СОБР олура цунах. Цуьнан куьйгаллехь вара Кадыровн бераллера дуьйна доттагI, кхерамзаллин сервисан хилла хьаькам Висмурадов Абузайд ("Патриот").
Республикин вице-премьер Висмурадов хIоттийначул тIаьхьа 2020-чу шеран чиллин-баттахь "Терекан" командир хилира Нохчийчоьнан урхалхочун гергарчу гонера Алаудинов Апти. 2021-чу шеран зазадокху-баттахь спецназан декъан цIе йуха а хийцира – "Ахмат" аьлла. Карарчу хенахь Донецкан кIоштара Марьинкана гергахь ду и дакъа.
Вовшахйиттина и "Ахматаш", хIинца хала ду мел нохчий бу, мел Оьрсийчоьнан регионашкара бахархой бу цу йукъахь дуста
Европехь куп тоьхначу политикан нохчийн "Цхьааллин ницкъ" организацин куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь кхетийра, тIеман хенахь вовшахтоьхначу "Ахмат" декъана а, цул хьалха дуьйна хиллачу декъана а йукъара коьрта башхалла эскархой къасторехь йу аьлла.
"Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа кхоьллина дакъош ийна нах йукъаоьцуш вовшахдиттина ду, Оьрсийчоьнан йоллу регионашкара "аьттон салтий" лехьа а бина. ТIамехь бен шайн меттиг боцу нах йукъаийцира цара. Йуьхьанца и нах Гуьмсера дешаран центрехула чекхбехира, нохчашца дIа а эбеш, тIамтIе хьийсабора уьш. ХIинца а лелош хIума ду и: Iаламат дукха тайп-тайпана вовшахйиттина и "Ахматаш", хIинца хала ду мел нохчий бу, мел Оьрсийчоьнан регионашкара бахархой бу цу йукъахь дуста", - билгалдаьккхира къамелдечо.
Шира гварди
Кадыров Рамзанан шен гвардин белхахошна тIом болийначу йуьххьехь цIе тиллира "тикток-эскарш" аьлла: хIетахь дуккхаъчу тергамчаша а, эксперташа а олура, Оьрсийчоьно дIалецначу дозанаш тIехь бу кадыровхой, цигахь кепаш хIиттош роликаш йоху цара, ВСУ-ца луьра тIемаш беш ду шаьш бохуш. "Тикток-эскаршна" а, керлачу "АхматгIарна" а йукъахь дикка хаалун башхалла йу, чIагIдо редакцица хиллачу къамелехь возуш воцчу тIеман аналитико Михайлов Кирилла.
Керла "Ахматан" полкаш а, батальонаш а, тIемаш беш йу, кхечу дакъошца гамонаш нислахь а. Оцу йукъанна эвсаралла йисар хало ду: хууш ду, тIаьххьарчу хенахь кадыровхоша жигара дакъалецира Марьинка, Спорный олучу Донецкан кIоштара меттигашкахь, ткъа, Алаудиновс, масала, марсхьокху-баттахь дош делира, хIинцца-хIинцца Марьинка схьайоккху шаьш аьлла. Хилларг хууш ду (оцу меттиган цхьа дакъа, DeepState аналитикаша хьесап дарехь, карарчу заманчохь ВСУ-но контроль латтош йу. – Билгалдаккхар).
Украинаца тIом болабале дикка хьалха дуьйна вовшахтоьхна нохчийн дакъош, йуьхьанца кхоьллинера Ичкерин маршонехьа берш эшон: ма-дарра аьлча, духехь хIун ду хаархьама, талламхойн тобанан дакъа лецира цара, кхетадо Сулеймановс.
"И вовшахтохараллаш, керлачаьрга хьаьжча, дукхахболчу нохчех лаьттара. Кхин дIоггара чIогIа тIемаш бина ду бохуш, билгал ца девлира и дакъош. Нохчийчохь цхьана тобанех шаьш Iиттаделча, ГРУ-н дакъош кхойкхура цара. Оцу гвардин ницкъ бара, нохчашна нохчийн психологи дика хууш хиларца, шаьш долччахь эвсара хьийза йиш йара церан", - билгалдоккху къамелдечо.
Йуьйцург йу ОМОН-н кхо тоба, Кадырорвн ден цIарах йолу:"Ахмат-I", "Ахмат-Грозный" а, "Ахмат-Крепость" а. ТIаьххьара шиъ, Хизриев Аслана а, Бисаев Анзора а куьйгалла деш хилла йолу, хийцира 2021-чу шеран зазадокху-баттахь. Украинана дуьхьал тIамехь цара дакъалоцу 2022-чу шеран зазадокху-баттахь дуьйна, Нохчийчухула йолчу Росгвардин ротин могIаршкахь, дийцира Хизриевс.
Тоххара хиллачу "Нефтеполках" "Ахмат-I" тоба йарх дIахаийтира 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо. 2022-чу шарахь вовшахтоьхнера "Нефтеполк" къайлах арадоккхучу мехкадаьттана тIехь Iуналла латторхьама.
ТIамна аьлла полкера къастийна дакъа делира Шавхалов Алихана буьйралла а деш, цига ийцира 18 шарера 50 шаре кхаччал болу нах. "Ахмат-I" Херсонан кIошта хьажийра, ткъа 2023-чу шарахь Запорожье дехьакхийсира уьш.
2006-чу шеран стигалкъекъа-баттахь гучуйелира Кадыров Ахьмадан цIарах "Север" батальон. Тахана "Север" Росгвардин лерринчу 141-чу полкан декъехь йу, Исмаилов ИбрахIимна муьтIахь а йолуш. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Европарламентан депутаташа тIедожийра "Север" террорхойн организацех дIатоха аьлла, цара Украинан бахархойн инфраструктурина тохарш дарна. И вовшахтохаралла бехкейора украинхойн Iедалхоша Бучехь, Гостомелехь, Ирпенехь маьрша нах байарна.
Тоххара а скандалашна йукъахь нислора "Север". Масала оцу декъан эпсар Геремеев Руслан 2015-чу шарахь лаца кхайкхийра, оппозиционер Немцов Борис верна бехке хеташ.
Украинехь Кадыровн эскарш, Росгвардин спецназ, йоллу Оьрсийчухула лехьийна лаамхой къеггина къастийна хIума дац, аьлла хета Сулеймановна.
"Схьагарехь, лаккхара охьайаийтина цхьа директива хилла хила тарло, оцу тайпа дакъошка алсам нохчий эца аьлла. Регионна дестабилизацин кхерам болуш хан а йеара – наха чIогIа реза бацара тIамехь шайн дукха бераш даларна. И мур тIехбаьлла, хьал а лахделла, суна хетарехь, цуьнца доьзна ду тIаьххьара ши батальон кхоллар. Къоьлла йу цигахь, ткъа Нохчийчоь донор хила йезаш ма йай, дуккха а нах тIаме хьийсош", - кхетийра къамелдечо.
Цул совнах керла полкийн а, йуха вовшахдиттинчу Росгвардин дакъойн а кхин Iалашо а йу: бертаза цу йукъа ийзабо республикера божарий, и ца дахь Нохчийчоьнан Iедалхойн проблемаш хир йу, дерзийра Сулеймановс.
- Тоххара эксперташа билгалдоккхура, регионехь Кадыровн-воккхахволчун культ йаржош хилар, "динан аматаш" оьцуш. "Делах кхоьруш" куьйгалхо а, урхалла ден доьзал а бу боху идей оьшура Нохчийчоьнан куьйгаллина, мел а дуккха а легитиме хила а, шайн Iедал карахь сацон а, дIахьедора нохчийн жигархоша.
- Кадыров Ахьмадан цIарах бу 300 сов республикера урам. Соьлжа-гIаларчу коьртачу майданна цуьнан цIе тиллина, Нохчийн университетна, паркашна, школашна, гимназешна, аэропортана, берийн бошмашна, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна, Росгвардин полкана. Ларми чохь оцу полко кхел йоцуш дуккха а нах байина бохуш йаздира чиллин-баттахь "Новая газето".