"ХIорд хиллал цIий а, бIаьрхиш а". Бакъоларъярхочо Газиева Фатимас дуьйцу Нохчийчоьнах, Украинех, ша лачкъорах

Нохчийн бакъонашларъярхо Газиева Фатима

Нохчийчохь тIемаш болчу заманчохь шен са а ца кхоош, Оьрсийчоьнан салташа лелийначу зуламех тоьшаллаш гулдеш, дийнна архив вовшахтоьхна, тIаьхьо Швейцари и дехьаяьккхинчех ю Газиева Фатима. ТIаьххьарчу шерашкхаь Бельгихь ехаш ю Газиева, шен бакъоларъяран болх дIа а ца тосуш, жигара дакъалоцу цо нохчийн диаспоран дахарехь.

Кавказ.Реалии сайтана еллачу интервьюхь Газиева Фатимас дийцира Украине гIортарх шена хетачух а, 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархоша ша лачкъорах а, Нохчийчохь тIемаш лаьттачу хенахь салтийн наноша хIиттийначу дуьхьалонан акцех а, тахана тийна Iарх а.

– Нохчийчохь оьрсийн эскарша, Кремлан официалан позицица а догIуш, "конституцин къепе" дIахIоттош яра. Украинана дуьхьал болийначу тIамах "леррина тIемане операци" олу. Хьуна муха хета иштта чулацамаш?

– Оьрсийчоьно мел дийриг цхьа а кIепе нисъяр дац, кегийчу къаьмнашна а, Кремлна цатовчу пачхьалкхашна а дуьхьал бен биллина тIемаш бу. Нах байъар, гIишлош йохор, бераш дайъар, къаьмнашна йен геноцид ю. Украинехь дерг а, Нохчийчохь дерг а – цхьана сценарийца ду, цхьана куьйга язъйича санна.

Схьаэцахьа Буча, Ирпень (оцу украинхойн гIаланашкара оьрсий эскарш юхадевллачул тIаьхьа дуккха а байъйина, лаьттах боьхкина нах карийра. – Билгалдаккхар.), схьаэцахьа СемаIашка, МахкатIе, Соьлжа-ГIала, Шела, Алды, кхин йолу Нохчийчуьра нах бехаш хилла эвланаш, цигахь а, цигахь а динарг, - цхьа сценарий ю. Суна тIом дIабоьду 25 а шо ду.

Оьрсийчоьнан эскархо Нохчийчохь, чиллан-бутт, 2000 шо

– Чиллан-беттан 24-чохь тIом болабелчхьана тергамчаш, шайлахь нохчийн диаспоран векалш а цхьана болуш, Укрианерчу а, Нохчийчуьрчу тIемийн цхьаьнадарех дуьйцуш, дустуш схьабогIу. Ахь тидам барца, и конфликташ вовшех стенца къастало?

– Вай миллион а цахиларца, вайн суверенитетехьа цхьа божарий бен бацара тIемаш беш, хила тарлора уьш а кхо эазр стаг, кхин дукха байцара. Цхьа миллин [тIемалой] боцуш, авиаци йоцуш, танкаш, цхьа а тIеман гIирс боцуш, цхьа а хIума дацара вайн…Автоматаш кара а эцна, тIемаш бора наха. Муха дустур ду?

Украинан дуьхьаллаттар – дуккха а адам ду, тIемаш бен зударий, божарий Украинан эскар ду, машархой бу, лаамхой, йоллу Европехь аьлча санна, царна гIо деш ву массо а. Ткъа вай муьлш дара? Суверенитет йоьхуш болу, Оьрсийчоьнан Федарацина юккъера жима тIадам бара.

– Тахана салтийн наной митингашка ара ца буьйлу, Нохчийчохь ши тIом боьдуш хиллачуьнга хьажча. ХIунда?

– Ца хаьа, психологи хийцаелла хила а тарло. Ас гIо ца доху йа оьрсийн, йа нохчийн наношкахьа. Хан яра, танкашна буха а лелхаш, юьйлинчу автоматашна уьш дуьхьал буьйлуш.

Со суо теш хилла ю-кх, 1995-чу шеран зазадокху-баттахь нанойн къинхетаман марш дIаяьхьа масех бIенашкахь зударий арабевлира. Нохчийн бакъонашларъярхой бара цаьрца Гашаева Зайнап а, Шовхалова Майя а, салтийн нанойн Комитетан куьйгалхо Кирбасова Мария а, Полякова Элла а. Кхин а дуккха а-дуккха а бевзаш болу дуьненаюкъара журналисташ бара машаран марше бевлла. Сайн бIаьргашца гина ю со, мел догмайралла яра оьрсийн нанойн бIаьргаш чохь.

Оцу жоьжахатехь къахоьгуш болчу наха дийриг дайдан мегар дац, тахана Нохчийчохь дерг, - иза жоьжахати ю

Серноводске даьхкира тхо, хIетахь со йа бакъоларъярхо а, йа журналист а яцара, дог лозура са сайн къомах. Ассинорвская олучу станицера автобусахь ГIалгIайчу даьхкира тхо наношна дуьхьал, оцу маршах тхайна хиъча. Йоллу Нохчийчуьра автобусаш яра цигахь – дуккха а зударий баьхкинера наношна дуьхьал…

Тахана со ца кхета оьрсийн нанойх, церан тийна Iарх. Охьа а хиъна, веллачу доьзалхочуш пенси а оьцуш хIора баттахь, церан кешнашка хIитта а оьхуш – хьан сил а деза хIуманаш ду уьш? Охьа а хиина, хьайн бераш хIаллакдеш хьежа а хьоьжуш Iа деза? Путинна иштта лаарний?

Со кхета, тахана дуккха а бакъболу патриоташ лецна бу, набахтешкахь бу дуккха а зударий а, божарий а, шайн маршо къуьйсуш, керлачу Оьрсийчоьнехьа гIиртина. Уьш ма ца кхоьрура.

Хьалхара тIом [Нохчийчохь] боьдуш оха видеош йохура салташа дечу зуламех лаьцна, хронологи йора. Оха ойла ца йора хIетахь, хIара иштта деза хир ду аьлла. Тхешан болх бора оха, тхан коьртехь дар-кх – оха ца дича, хьан дийр ду хIара?

Нохчийчохь йоьлху митингаш а дIаязйора оха, уьш массанхьа а ма хуьлура – Соьлжа-ГIалахь, Веданахь, Куьрчалахь, Ассиновскехь. Ас дозалла дора, суо нохчо хиларх, дозалла дора нохчийн зударех а. Цхьа чIогIа доьналла долуш, майра бара уьш. 1995-1996-чу а шерашкахь, 2000-чу шерашкахь а хилла майралла хIинца соьга йийца а ца ло. Шайх хиндерг а хууш, цуьнан ойланаш а ца еш, болх бора-кх. Ойла ца йора, шаьш дойъург хиларан а.

ШолгIа тIом боьдучу хенара Нохчийчуьра мухIадарш

– Украино гулдеш ду Оьрсийчоьно шайн гIаланашкахь динчу тIеман зуламийн тоьшаллаш, тIейогIучу хенахь и хаамаш кхеле дIакхачон. Оцу кепара Нохчийчухула аш лехьийна тоьшаллаш тоаме хир дуй?

– Хир ду дера! Терахьаллин кепе ерзийна 400 кассета ю, 5000 сурт а. Цхьана кассети тIехь 120 меттиг бу адамийн бакъонаш хьешна. Шозза Гаагерчу кхеле чуделла кехаташ. Царна тIехь 25 шарахь къахьегна бакъоларъярхо ву Ибрагимов Сайд-Эмин. БIенашкахь Европе баьхкинчу нохчашкахь а ю, нохчийн къомана тIехь динарг геноцид хиларх тоьшалла ден суьртийн, видеон материалаш.

– Ичкери йозуш йоцуш хилар къобалдан тароне хьуьйсу Украинехь. Нагахь санна, и хилахь, Гаагерчу кхело шун дIахьедарш тергоне оьцур ду аьлла, догдохийла юй?

– Суверенитете республика ца хетахь а, мацца бина а Гааган трибунало сацамбийр бу нохчийн къомаца лелийначу геноцидах

ХIокху юкъараллин декъашхо, оцу некъах чекхъяьлла, и геноцид гина нохчо суо хиларе терра, со тешна ю, тхо тIеоьцур ду аьлла. Со теша, тхо цIа а доьрзур ду, харжамаш хир бу, референдум хир ю. Тхан мохк кхуьур бу- кхечу агIор хуьлийла а дац.

Мел дукха зенаш хилла, эшамаш, баланаш… ХIара дерриг а иштта дуьссур ду аьлла ца хета суна.

– 2004-чу шарахь хьо лачкъийра, цунах лаьцна дийца аьтто бай хьан?

– 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 3-гIа дара Iуьйранна кевнаш детташ, тхо самадаьхча. Сан цIийндас элира: "Цаьрга хьоьжуш яра хьо – уьш схьакхечи хьуна". Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш яра уьш.

Тхан чуьра неI а йохош, чулилхича, хIусамдена йетта буьйлабелира уьш, иза такхийна ара а ваьккхина. Ши шо дара сан жимахйолчу йоьIан. Цхьахволчу ницкъахочо сан карара схьаийзаойра иза, ас элира, со араер яц, йоккхаха йолу ши йоI схьа а кхайкхина, хIара бер цаьрга дIа ца далийтахь.

ТуьтмIаьжгаш йоьхна бара и боллу ницкъахой. Сан паспорте хьоьжучу цхьаммо хаьттира: "Иза юй?", вукхо корта таIийра.

ХIун дара а ца хаьа суна, кхерам ца хаалора суна, суна хаьара, нахана цара хIун до - дIа а буьгий, тоьпаш тухура, оха видеош яьхнера, тхуна хууш дара, 2004 шо дара и. Кхин дан хIума доцуш хьал дара иза, йодийла а дацара, мохь беттарх хила гIо дацара, айса суо меттаялийра ас. Сан йоккхаха йолу йоI чуеара, карарниг цуьнга дIаелира ас, сайн халатах ка а тухуш. "Сох куьйгаш ма детта, со суо араер ю, муьлхачу машена хуу со?" элира ас.

ТIаккха суна сайн нана гира, буса дIавуьжуш юхучу кучаца. Иштта тхоьца Iаш вара сан вешин кIант, да а, нана доцуш волу, ялх шо дара цуьнан. Мохь хьоькхура цо. Нанас эли нохчийн маттахь: "Нана яла хьан, кхин хьо гур яц-кх суна".

Казахстанера ши доьзалхо велла цIа веана яра сан нана. Со йоцург цуьнан кхин хIуммаъ дацара, хIетте а цкъа а со юха ца ийзайора цо. Цо олура: "Иштта дан деза аьлла хьуна хетахь, де", бехкаш ца дохура.

ТIаккха бIаьрг кхийтира сан, йоллу керташна го бинера, хIора кертахь цхьацца салтий вара дIахIоттийна, гобаьккхина эскархой, боллу урам цара дIалаьцнера. Ши БТР а, "Урал" машенаш а яра цигахь. Тхо цхьахйолчу машена хьаладаьхча, сайн йоккхаха йолчу йоIах бIаьрг кхийтира сан, керташкахула едда, нехан кевнаш деттара цо: "Мама а, дада а дIадуьугуш ду, арадовдийша, орцах довлийша" бохуш.

Беракема цкъа тIекIелдинчу цIенон локхаллехь сацийра, тхоьга боху охьалелха. Тхоьца бераш дара, баккхий нах а бара

Калиновская станицера тхо арадовлучу хенахь, суна хезира цхьана эскархочо олуш: "Шу – аьтту агIор, шу – аьрру агIор". Тхуна тIехьежийна автоматаш яра. Цхьахволчу салтичуьнга хаьттира ас: "Суна хаа лаьа, стенна лецна тхо? Стенга дуьгуш ду?"

Нах дIа а буьгий, царна тоьпаш йетта зама яра иза, камуфляж тIе а юхий, цхьанхьа охьатуьйсура. Тхан Калиновская станицехь 2003-чу шарахь ГРУ-н белхахоша иштта дийнна доьзална тоьпаш тоьхнера, БетиевгIеран доьзал бара иза. Сайн дагахь кхетара со, тхо юха догIур доцийла.

Тхо схьакхачийча, майрчо элира: Ханкала далийна вай. ТIеман барзакъ доцуш, могIарерчу нехан духарехь цхьаъ чувеара, фамилеш хаьттира, маца дина а. ЦIийндас хаьттира: "ХIун ду хилларг, тхо хIунда далийна?"

"Шун кIант стенгахь ву?"- хаьттира тхоьга жоп лучу меттана. Охашиммо а цхьатерра элира, тхан кIант ван а вац, тхан кхо йоI ю. Иза аравелира, шу дIахоьцур ду аьлла. ЧIогIа йовха яра, кхечу агIор дIадигира тхо, машенчуьра арадохура еккъа аренца. Вертолетийн майда яра иза, цигахь цхьа жима дечиган хIусам а яра.

Суна "воронок" гира – ишта цIе яра тутмаккхаш дIасалелочу машенийн, цIена, хIинцца йина арахецча санна керла машенаш яра уьш. Дуккхаъ яра уьш – 10-12 машен, "Уралаш" яра дуккха а. ХIора "Урал" тIера охьабохура зударий, бераш, къаной, 300 стаг муххале а вара.

Зударий ор долчу цхьана агIор охьахийшабора, вукху агIор – божарий. Массарна а коьртех галеш доьхкира, тIехьа куьйгаш дIа а доьхкуш. Массо а тхо цхьана агIор хьийса дезаш дара. Корта хьала айба ца могуьйтура.

Тхуна тIе а оьхуш, тхан коьрта тIе куьйгаш дохкура. Уллохь латттачу стага тхох лаьцна хаамаш дIаязбора – ишта хIораннан а. Делкъе хуьллуш вертолетан майдана дIакхачийра тхо, массо а оцу дечиган хIусамчу доьхкира. Божарий арахь битира. Автоматашца 10 стаг вара тхоьца чохь, неI дIакъевлира, тов лаьттара.

Доьлхучуьра бераш ца совцура, делкъал тIаьхьа ас боху цхьахволчу салтичуьунга: "Аш дан хIун до, хьовсийша оцу берашка. Кегий бераш"! Цо суна жоп делира: "Бесланехь дерш а дара тхан бераш".

НеI схьайиллича, суна микроавтобусаш гира нах тIехь, цигахь болх беш радио а яра. Тхуна ца хаьара Бесланера школана тIелеттий, ткъа Нохчийчохь йийсаре лецира 300 стаг.

– Бесланехь дина тIелатар бахьана долуш лецнера шу?

– ХIаъ, цхьа барт бина вовшахтоьхна акци хиллера иза. Дуьненахь а цунах лаьцна башха хууш дац, цхьаммо а цунах лаьцна йа дуьйцуш а дац…

Малх лаккхахь бара, нишка яхийта суо элира ас. Герзаца волчу салтичо йигира со, цуьнца юха а еара со оцу чу. ТIаккха суна тIаьхьа веара эскархо, Iаьржа духар дара цунна тIаьхьа. Юьхь лачкъийна яра. Со а, кхинболу зударий а арабаьхна, камера гайтира цо, Масхадовн [къобалъязчу Ичкерин президентан Асланан] йишас ден къамел ас гочдан деза аьлла. Цунна хаьара оьрсийн мотт, амма ца хаьа аьллера.

– Кхин дIа хIуни хилира?

– ХIора цхьацца сахьт дIа мел долу машенаш летайора, камераш латайора, дуьйцуьйтура, со Масхадовн а, Басаевна а идейн бIанакъост ю бохура. Со юьтур яц шаьш элира соьга, сан боллу доьзална а тоьпаш тухур ю шаьш бохура, суна тIехь шаьш цхьаъ дийр ду бозура, цул тIаьхьа ас айса сайна тIе куьйгаш хьура ду.

ШолгIачу дийнахь кевнаш схьадиллира, эскархой чуоьхура, арабуьйлура. Машенашчуьра хиира керлачу хаамех - Бесланехь штурм йолийнера. Сан гIора эшнера. Масхадовн йишас гуттар а маракъуьйлура со, сан куьгаш дохдора, дерриг а Дела карахь ду бохуш.

Милцойн духарца нах баьхкира тхо долчу, эскархой гуш бацара. Арадаьхна, тхоьга элира, дIагIо. Ас тидам бира, оцу оьрна дехьа лаьтташ божарий бара. Со кхийтира, тхох дийна гIакх дина, тхо Беслане дIадига кечдина хиллера, цунна кечдеш хилелра тхо билггал.

Тхоьга боху, охьа а ховший, шаьш ол-олург дIа а яздай, буха куьйгаш теIаде. Оьрсийчоьнан Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле претензеш яц тхан, паспорташ талла гулдина дара ала дезаш дара тхо.

Прокуратурехь элира соьга, ФСБ-на, къайлахчу сервисашна болх бе. Со дуьхьалхилира

Ас боху цаьрга: "Аша сан дахар кагдина, тхо кхуза схьа а ца далош, тхан цIахь хьовса ца мегара шу паспорташка а, мила –мила ву а. Сан паспорт шуьгахь ду! ХIинцца дуьненчу девлла хIара бераш а далийнера аш талла?" Цо болху соьга: "Зуда, хьуна цIа яха ца лаьа? Ца лаахь – ма язде".

Беракемана ховшийра тхо, божарийн куьйгаш дастаза дара. Тхо схьакхаьчча, лакхара вольташ йолу бIогIамий гира тхуна, цхьа даккхий дара уьш. Вертолет сацийра цкъа тIекIелдинчу цIийнан локхаллица, тIаккха боху тхоьга чу кхийсало. Бераш дара тхоьца, къаной бара.

Кхин дан хIума цахиларна чукхиссалора нах, хIунда аьлча, тIехьа автоматаш карахь лаьтташ бара. Суна а, сан майрчунна а тIе рагI кхаьчча, цхьана эскархочо некъ бихкира тхойшинна. Сан хIусамдас куьйгаш хьала а айдина, со шена тIе а озош, салтий дIа а тоттуш, ишшта ший а цхьаьний чукхоссаделира тхойша.

Бераш наноша мара кхуьйлура, хIора а йа букъа тIе, йа агIонца южура доллу бераш доьлхура, маьхьарий дара. 70 шо долчу йоккхачу стага мохь туьйхира: "Хьала ма гIовтталаш, хьала ма гIовтталаш! Цара вайна тIе герз детта там бу, массо а лаьттахь Iелаш". Кема дIадахча, тIаккха гIевттира тхо…

Тхан кертахь дуккха а адамаш дара, машенаш, диллина кевнаш. Газан биргIи тIехь хиина жима Iайшатик гира суна, ши шо дара цуьнан. Машенчуьра охьадуьссира тхо, уьйтIахь нана гучуелира, йоьхна, охьалахъелира иза, багара дош а ца долуш. Цунна тхо дийна а дац моьттуш хиллера.

– Цул тIаьхьа Оьрсийчуьура дIаяха сацам бира ахь?

– ХIан-хIа, оцу тIехь дирзира моьтту хьуна. ШолгIачу дийнахь ФСБ-н белхахой баьхкира, йоккхаха йолчу йоьIан куьйгаш эгадора: "Мама, уьш юха а баьхкина".

Кухни чу дехьаяьккхира со: "Хьо дIайигинера, йигинерий? Паспорташка хьовсуш ду, хьайн кехаташ схьагайта". Ас боху: "Шуна кIорда ца дина цуьнга хьежа? ХIун оьшу шуна соьгара?"

ДIа ладоьгIча, тхо лачкъийначу гезгамашин-беттан 3-чохь, сан йоккхаха йолчу йоIа Лизас массаьрга а дIахаийтина хиллера, иштта сан контакатш хиллачу Швейцари а цхьаьна. Дукха ца Iаш Стокгольмера кехат кхаьчнера Москва а, прокуратуре а, цара Нохчийчу схьадаийтинера. Цу тIехь бохура, маса хаамбе шайга стенгахь ю евзаш йолу бакъоларъярхо шен хIусамдеца.

Газиева Фатима

ФСБ дIаяхначул тIаьхьа прокуратуре кхайкхира со а, сан нана а, йоI а. Прокуроран гIовса элира, дуьххьара хилла ажиотаж ю хIара, цо дош делира, тхо лечкъийначарна дуьхьал гIуллакх делла. Со дуьхьал хилира кехатана куьгъяздан, ас элира кхузахь соьга сайн бакъонаш Iалашъялур яц.

Прокуратурехь ийза а ца луш, ФСБ-на, къайлахчу сервисашна болх бе элира соьга. Со реза ца хилира. Кхерам бацар-кхь соьца. Суна хIун аьлла хетий, хIетахь оха лайнарг санна хIума адамна тIехIоттахь, цунна чуьра кхерам дIабов, хьуна бен башха ца хета, йийча а, тоьпаш тоьхча а.

2004-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц со мичча йодахь а – Ростов, Москва, Минволе конференци – со гуттар а сацош, "обезъянник" чу хаош яра. Со кхетара, и нах даим а сайна тIаьхьабевлла лелар буйла, цхьана дийнахь ирча доьрзур дуй а.

Иштта дIаяхара со, Бельгихь нисъелла со, хIокху пачхьалкхана даггара баркалла олу ас. Суна тховкIело йелла, кхузарчу бахархойн йоллу бакъонаш ю сан. Со кIелхьарайоккхуш, сайна гIо мел динчу нахана баркалла ала лаьа суна, церан цIераш яха тахана а сайн йиш яцахь а.

– Ахь бечу балхо хьан гергарчарана Iаткъам борий?

– Да а, нана а доцу сан вешин кIант лецира 2017-чу шарахь Нохчийчохь. Сан аьтто белира иза кIелхьараваккха а, Бельги схьавалон а.

– ХIун лелош ю хьо Бельгихь?

– Ас пикеташ, митингаш, акциш дIахьо, Бельгин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло суна гIо а до. Ас дехар до, 48 сахьт далале муьлхха а акци хIоттон суна бакъо ло цара.

– Нохчийчохь биссина буй бакъонашларъярхой?

– Болх беш нах бу цигахь, амма суна ца лаьа церан кхерамзалла Iалашъярхьама цIераш яха. ХIаъ, цара гIо до, суна бевзачарна а гIо дина цигара арабовлуш. Бертаза дIабуьгуш, чубухкучу кегийрхошна гIо до. Цигахь болх бо цара, шаьш юкъаIоьвдина латтошшехь. 25 шераш а ду цара къахьоьгу.

Тахана Магамадова Мадина ю (нохчийн бакъонашларъярхо, Нохчийчохь хьалхара тIом болабелчхьана тIепаза байна нах лоьхуш хиллачу "Нохчийчура наной" юкъараллин организацин куьйгалхо. - Билгалдаккхар), Кагирова Тамара (2005-чу шарахь нохчийн "ТIепаза байнарш лехар" юкъараллин оранизаци кхоьллира цо.- Билгалдаккхар.) тахана а тIамера шайн бераш цIа дахкаре хьоьжучу нанойн дуьхьа болх беш.

Нохчийчохь оцу жоьжахатехь болх бечу наха дийриг дIадайъа мегар дац, тахана Нохчийчохь дерг, - жоьжахати ю…

Вай стенга кхача гIерта, стенна? ХIун хила деза, вай цхьаъ хилийтархьама? Кхин хIун хила деза? Нанойн бIаьрхийн хIорд хилла дукха хан ю Нохчийчоьнах.

Германихь хIоттийначу митинган декъашхошца ю Газиева Фатима

  • Украинаца тIом болабелчхьана Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ+К юкъараллин векалшна тIаьхьабевлла лела. Шайн бакъонаш къовсуш царна гIо деш болчех бу, - бакъоларъяран кризисан "СК SOS" тобанан бакъоларъярхой. Оцу вовшахтохараллин пресс-секретаро Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, ЛГБТ-нах регионехь лоьцуш тIаьххьара хиллачех, иштта дийцира тIеман хьелашкахь бакъоларъярхойн болх муха хийцабелла а.
  • Украине чугIоьртинчул тIаьхьа дуккха а хаамаш кхочура Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а эскархошна юкъахь девнаш дийларх. Кеп-кепарчу хаамашца, дукха хьолахь девнаш лелха къоман билгалонашца а, кега-мерса бахьанашца а. Кавказ.Реалии сайто гулбира цунах лаьцна хаамаш, мах хадош.
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь.
  • Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацар а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий. Цул тIаьхьа "Маьршачу Кавказехьа" вовшахкхетаралло Лакхарчу Раде проект кховдийра, Ичкерин йозуш цахилар къобалдар доьхуш.
  • Иштта товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкара эскархоша дIахьедира, Нохчийчуьрчу Кадыровн ражна дуьхьал герзаца болу къайлаха болам кхолла кийча ду шаьш.
  • Украинерчу тIамехь дакъалоцуш болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхамбира хьалхо Кадыров Рамзана. И дан аьтто баьллачунна политико маршо а, хьал долу дахар а хьехна.