Москвара лоьрийн колледжехь доьшуш йолчу студентана Магомадова Ӏайшатана йиттина, иза лачкъийра Дагестанехь бехачу цуьнан гергарчара. ХIара гIуллакх нисделлера товбеца-беттан 31-чу дийнахь. Цул тӀаьхьа 9 де даьлча, Кизилюьрта иза йуха йигича, хаамийн гӀирсашкахь кхунах лаьцна шуьйра даьржинчул тӀаьхьа, маьршайаьккхира Магомедова. Кавказ.Реалиин редакцина дуьйцу оцу гIуллакхах лаьцна бакъонашларъярхоша а, Ӏайшатан доттагIаша а.
Магомедова - дагестанхойн Кизилюьртара схьайаьлла йу. Москвара колледже деша а йахана, шен ненайижаршца цхьана тховкIел Ӏаш йара иза, ткъа цуьнан да-нана Дагестанехь дара. Йуьхьанца Ӏайшатан да дуьхьал вацара цуьнга коьртачу шахьарахь дешийта, бохуш дуьйцу Ӏайшатан доттагӀчо Иринас (цӀе хийцина Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана долуш).
ДоттагӀчо дийцарехь, хан мел йоьду а, ден а, кхечу гергарчу нехан а хьежамаш радикале хуьлура, масала, Москварчу ненайишин ПатӀиматан: "КхоалгӀачу курсана герга мел кхочу, ненайиша дера хила йолайелира, Ӏайшатан накъосташна юкъахь керста нах а, атеисташ а хиларна. Цунна и чIогIа ца тара".
Цунна тIехь чӀогӀа Ӏуналла латтадора, юьхьӀаьржа хӀиттайора хаддаза
Церан доьзалехь гуттар а хилла ницкъбар, бохуш дийцира "Марем" цӀе йолчу бакъонашларъяран проектан куьйгалхочо Анохина Светланас: "Йуьхьанца цуьнан дас-нанас тӀедуьллура Ӏайшатана хьиджаб лелор, тӀаккха иза ца лело бакъо йелира Москвахь. Цунна тIехь чӀогӀа Ӏуналла латтадора, хаддаза юьхьӀаьржа хӀиттош йара иза".
Шен 18 шо кхаьчча, шен гергарчаьргара дӀайаха сацам бира йоIа, шен доттагӀчуьнца цхьаьна Люблинохь йукъарчу петарехь йаха йолайелира. Амма Ӏайшат дӀайаханчул тӀаьхьа тайп-тайпанчу гергарчаьргара цунна йевзаш йоцчу телефонан номершкахула кхерамаш тийса буьйлабелира цунна.
"Оцу дерригенна а йукъахь чӀогӀа жигара дакъалоцуш вара цуьнан деваша Камиль – полисхо вара иза. Цо кхерамаш туьйсура Ӏайшатана, иза дӀайигина ца Ӏаш, цо шаьш йуьхьӀаьржа хӀитторна" йеттар йу, йуьйр а йу бохуш", - дуьйцу кхин дӀа а Иринас.
Уьш шен кочаэхарх ларъйалархьама йоӀа шен сим-карта хийцинера, амма наггахь телефон тухуш хиллера цо нене, цуьнга са ца гатдайта. Делахь а, дукха хан йалале иза мичахь йу хиънера гергарчарна, шаьш цуьнца йист йоккхур йу бохуш, кхерамаш тийса буьйлабелира уьш. Iайшатан доттагӀчо дийцарехь, цуьнан девешо а, дас а йаздора, цо "эхь тIедеана" бохуш.
КХИН А ХЬАЖА: Маьрша садаӀа бакъо: хьан, муха гӀо до Къилбаседа Кавказехь доьзалехь бала хьоьгучарнаӀайшат лачкъийна дIайигале хьалха а петара чу лилхинера йоьIан гергарнаш, кхин дIа дийцира Анохина Светланас: "ХIетахь нанас церан хIусамера неӀ йохийра. Церан барт хилира шолгӀачу дийнахь Ӏайшата болх бечу кафе чохь вовшахкхета. Цара бакъо йелира Iайшатана Москвахь йисса. Дерриг а цхьана хоршахь дара цигахь: йоI йоккха йу, 18 шаре йаьлла а йу, доьшуш йара, болх беш йара. Нанас магийра цунна доттагI йолчахь Iен. Кхин дIа ишта нислур ду аьлла цхьанна а ца моьттура".
"Йуьхь тIера Iаьржа таммагIаш – иза лартIа йало гIиртина хир бу"
Iайшатан нанас шен доттагӀчуьнца Москвахь Iен цунна бакъо йелла бутт гергга хан йаьлча, товбеца-беттан 31-чу дийнахь Ӏуьйранна оцу петаре чуиккхира Ӏайшатан да а, деваша а: йоӀана йиттинера, подъездера ара а йаьккхина, дӀайигира иза цара Дагестане, цуьнгара документаш дӀа а дохуш, хаамбира "Марема". Бакъонашларъярхой а, йоьӀан накъостий а масийттазза зӀене бевллера низамхошца.
ХӀорш шун Iадаташ ду, хIара - цуьнан да-нана ду, йоӀ ловза йаьллера, цундела цӀа йерзийна
Мангал-беттан 2-чу дийнахь "Марема" инфрмаци зорбане йаьккхира, Ӏайшат Кизилюртахь йу, иза дийна а йу аьлла. Люблино гӀаларчу полисхоша тӀеэцнера лачкъорх лаьцна латкъам, амма Наталья цӀе йолчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахочо (фамили къасто аьтто ца баьлла) адвокате а, йоьӀан доттагӀчуьнга а аьлла хиллера: "ХӀорш шун Iадаташ ду, хӀара цуьнан да-нана ду, йоӀ кхерста йолайеллера, цундела иза цӀа йерзийна. Йуьхь тIера Iаьржа таммагIаш – иза лартIа йало гIиртина хир бу. Вон доьшуш хилла хир йу". Иштта реакци йира цо Ӏайшатана йетташ йаьккхинчу видеон, иза лачкъийна аьлла динчу дӀахьедарх а "цхьа а пайда хир бац" аьлла, тӀе а тухуш.
Цул тӀаьхьа, мангал-беттан 6-чу дийнахь "Марем" социалан машанашкахь зорбане даьккхира лачкъийначун Лиза цӀе йолчу доттагӀчо дина диллина дӀахьедар. Ша Талламан комитете йаьлла бохура цо. Дийцарехь, дӀахьедаран меттана цара тӀеэцна цуьнгара цхьа билггала "кхайкхам", цуьнца а догӀуш, талламал хьалхара зераш дан дезаш ца хиллера.
Бехктакхаман кодексехь "кхайкхам" олу кеп йац, комментарий йира адвокато Захватов Дмитрийс. Цунна хетарехь, проблема йу, буьйцурш лачкъийна болу кавказхойн мехкарий хилча, Москварчу Талламан комитетана болх бан ца лаар.
"Талламан комитет – иза, нийсса вахархочун дехарца, халла бен бехктакхаман гӀуллакх долош йоцу орган йу. Дукхахдолчу хьелашкахь, оперативан сервисашкара цхьацца кийча материал йелча бен, бехктакхаман гӀуллакх дӀадолош дац", - бохура Захватовс.
Адвоката бахарехь, цу гӀуллакхехь нийса тактика йу, полице а вахана, дӀахьедар дар, цул тӀаьхьа оперативан белхахошца болх бар, цара тешашка хеттарш деш, видеокамераша дIайаздинарг гайтар тIе а дожош, материалаш гулйеш, Талламан комитете йуха уьш дIайалийта.
Амма цул тӀаьхьа, мангал-беттан 6-чу дийнахь, Магомадован гӀуллакхехь хийцам хилира: Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр юкъагӀоьртира. Цо шен урхаллина тӀедиллинера "нагахь санна бух белахь, сихонца таллам вовшахтоха" аьлла.
ГМВД-н цхьана кабинеташ чохь кхеттера, адамийн собар кхачийна хиларх
Мангал-беттан 7-чу дийнахь Дагестанехь кхелан-медицинан экспертиза дӀайаьхьира, шега Ӏайшате а хеттарш динера. Цул тӀаьхьа лоьраша йеттаран билгалонаш дӀайазйинехь а, шен доьзал болчу дӀайигира иза. Магомадовас шен доттагӀчуьнга телефонехула дийцинера цунах лаьцна: талламхо волчуьра аьтто баьллера цуьнан телефон тоха. Ткъа йоьӀан шен телефон цуьнан дас йохийна хиллера, хаам бира "Марем" кризисан тобано. Бакъонашларъярхоша билгалдаьккхира, талламхочо Магомадова шен гергарчарех дIатохаран хила тарлуш долу бахьана – ца хуьлчу далахь цунна дуьхьал "ледарло йар, стаг лачкъор" аьлла чу дӀахьедар даларна кхоьрур хилар ду.
ШолгӀачу дийнахь, мангал-беттан 8-чохь, хиира Магомедова Москва дӀайахана хилар а, иза маьрша хилар а. Иринас дийцарехь, гергарчара Ӏайшат дӀахеца сацам барна Iаткъам бинера "хаамийн гӀирсашкахь даржаро а, Бастрыкина динчу дӀахьедаро" а - кхин комментареш йан реза ца хилира иза.
"Марема" билгалдаьккхира, лоьрийн экспертиза а йина, цунна йеттар тIечIагIдинчул тIаьахьа, талламхочо Ӏайшат гергарчаьрга дӀайигича, цуьнан дас кехаташ дӀа а делла, шена луъучу метте йаха мегар ду аьллера йоIе. Сихонца шен доттагIашца зӀене а йаьлла, шена гIо дехнера йоӀа Москва йуха йаха.
Хаамийн гӀирсашкахь нахала даккхаро доккха гIо дира аьлла хета Анохина Светланина: "Сулейманова Седих а, Заурбекова Лиях а лаьцна дуьненахь гIарадаьллачул тIаьхьа,лакхахь, МВД-н кабинеташ чохь кхетта хир бу, адамийн собар кхачорах а, цигахь цхьаъ дан дезаш хиларх а. ХӀунда аьлча, полицига гIо доьху нах церан гергарчаьрга йуха дIалуш хиларх дуьйцу дукха хан йу".
Ца кхоьруш, цунна дуьхьал къийсам латто сацам бинчу Ӏайшатан накъостийн жигара позицино а дакъа лаьцна кхузахь, дерзадо шен къамел бакъонашларъярхочо.
- 2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Къилбаседа Кавказан федералан гонехь 10 эзар гергга зуда йу зуламаш лайна аьлла билгалъяьккхина – тӀаьххьарчу бархI шарахь уггар а лакхара терахь ду иза. Оцу йукъанна бакъоларйархоша хаамбо республикашкахь зударийн бакъонаш Iалашйарца долу хьал а телхина догIуш хиларх: цу кепара зераш дина цара кхелан гIуллакхийн мониторинг йинчул тIаьхьа. Кавказ.Реалиин редакцино теллира хьал, дийцира регионашкахь кризисан организацеша бечу балхах лаьцна.
- Къилбан гонашкара тIеман кхело тIечIагIдина ХIинжа-ГIалин гарнизонан кхело контрактхочунна Девиров Ренатна дина таIзар. Иза бехкевира коьрта дарбанан цIийнан белхахочунна йеттарна. Эскархочунна лаххара гIуда хьарчийна – 15 эзар сом.
- Соьлжа-ГIалахь йиттина, хетарехь болх бан кхечу махкара веанчу жимчу стагана, меттигерчу йоIаца цуьнан уьйр хилла аьллачу шеконашца. ТIейогIучу хенахь оцу тайпара хIума далахь вуьйр ву аьлла, кхерамаш а тесна.