ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштерчу Доьлака эвлахь дечкен-беттан 10-хь хIусаме хьежначул тIаьхьа ницкъахоша вадийна вигира меттигера вахархо Атаев Казбек. Дечкен-беттан 16-хь бен гергарчу наханна билгал ца делира и Малгобекерчу ИВС-хь латтош хилар, гIалин кхело и лаьцна латтош сацам бира.
ТIечIагIбина боцучу хаамашца, дуьйцу "Фортангано", Атаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, цуьнан хIусамехь граната карийна, аьлла бехк биллина, зорбанан хьостано бахарехь, и ницкъахоша кIел кхоьссина йу.
Хьалхо Атаевс 17 шо набахтехь даьккхина Басаев Шемалан а, Умаров Докан а куьйгкIелахь Несарана 2004-чу шарахь герзаца тIелатар деш дакъалацарна бехкевеш. Цигахь вийнера, официалан хаамашца, 98 стаг, доккхачу декъанна МВД-н а, ФСБ-н а балхахой. 2021-чу шарахь ша маьршаваьлча даймахка йухавирзира иза, шен вешица телатан тхевнаш а, ремонтийн белхаш а деш леллара и стаг.
Атаевна керла тIаьхьбевлла леларан фабула дукха тера хилар билгалдоккху "Фортанго" Несарахь 2015-чу шарахь тIелатар дарна бехке а йина, чуйоьллина хиллачу Несарарчу йахархочун Чемурзиева Лайлан гIуллакхах. Чемурзиева 2021-чу шарахь маьршайаьккхира, тIаккха 2022-чу шарахь цуьнан цIийна хьийжира, цул тIаьхьа йевзаш йоцучу агIора дIийигира. ТIаьхьо ницкъахоша дIахьедира, цуьнан хIусаме хьоьжучу йукъанна граната карийна шайна. Оцу бехкаца долу гIуллакх кхеле хьажийра лахьан-баттахь, тIаккха дечкен-беттан 11-хь Магасерчу кIоштан кхело талла долийра и. Ша лаьцначул тIаьхьа Чемурзиевас шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедира.
- ХIинжа-ГIаларчу Навальныйн штабан координаторан Атаев Эдуардан гIуллакх талла долийна Дагестанерчу Хасавюртан кIоштан кхело – наркотикаш а, герз а низамехь доцуш лелорна бехкево иза. Цо чIагIдо, низамехь йоцу хIуманаш ницкъахоша кIел кхийсина шена, тIаккха граната нуьцкъаха цунна куьйга йоьллина лаьцначул тIаьхьа.
- 2022-чу шеран мангалан-баттахь Ставрополан мехкан кхело тIечIагIбира меттигерчу вахархочунна Суратов Казбекана дуьхьал Георгиевскан гIалин кхело наркотикаш а, граната а лелорна бехкаца гIуллакх а долийна, диъ, ах ше хан тухуш бина сацам. ГIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду, тIаккха низамехь йоцу хIуманаш ницкъахоша тийсина шена, бохура Суратовс.
- Стигалкъекъа-баттахь къилбан тIеман гонан кхело йаккхийра хенаш йиттина ГIалгIайчоьнан виъ вахархочунна – 18 тIера 21 шерашка кхачалц – 2018-чу шарахь дуьненан футболан чемпионатехь теракт йан гIортарна бехкебеш. Хенаш йиттинчара чIагIдо, тIехь ницкъ а беш, йалийтина шайга кийтарлонаш. ГIуллакхехь граната йу йуьйцуш, доьзало дIахьедарехь, чувоьллинчу цхьаннан вийна волчу вешина ницкъахоша кIел кхоьссина йу иза.
- Охан-баттахь ХIинжа-ГIалахь лецира жигархо Исаев Iабдулкъадир, хьалхо оппозицин политикан Навальный Алексейн "Оьрсийчоьнан кадыризацин" дуьхьал йолчу акцехь дакъалаьцна хиллера цо. Ша лаьцначул тIаьхьа Исаев хаам бан кхиира, шена наркотикаш а, граната а ницкъахоша тессина аьлла.
- Низамехь доцуш герз лелорна бехктакхаман кодексо пхи шаре кхачалц хан тохар кхайкхадо, низамехь доцуш оьккхуьйтург лелорна – бархI шаре кхачалц.