"Хьалха ма-хиллара ду дерриг а": Ростовера талламан изоляторшкахь закъалтхой лечначул тIаьхьа хуьлуш долчух

Ростовера номер 1 йолчу СИЗО-н гонахара закъалтхой лоьцучу хенахь къевлина некъаш, 2024 шо мангал-беттан 16

Бутт а бац Ростовера лоьмар 1 йолчу СИЗО-н белхахой закъалтана лецна. Бакъонашларъярхой саготта бара, цу хиллачо Ӏедал чӀагӀдарна а, тӀамехь йийсаре лаьцначу бусулбанашна а, украинхошна а дуьхьал репрессеш алсамйахарна а. Изоляторашкахь ма-дарра аьлча, талламаш бина – амма цул тӀаьхьа "дерриг а хьалха ма-хиллара дӀахӀоьттира", дийцира Ростовн кӀоштарчу тутмакхаша "Кавказ.Реалиин" редакцига. Оха къамел динчу говзанчашна хетарехь, ФСИН-н белхахойн изолятор дӀалацарца "кхин бала цахиларан" бахьанаш оцу системехь ду.

Тутмакхийн тоьшаллаш

Охан-беттан 16-чу дийнахь Ростов-гӀалин юккъерчу СИЗО-хь Къилбаседа Кавказера 6 меттигера вахархочун аьтто баьллера шайн камерера ара а ваьлла, оперативан декъан хьаькам подполковник Богма Александр а, хадархойн жимахволу инспектор Кончаков Виктор а закъалтана лаца. Терроризмна бехкевинчу тӀелеттачара машен а, герз а, новкъарло йоцуш махкара дӀабаха аьтто а баккха шайна аьлла тIедожийра.

ХIетахь масех хIумано цецбехира тергамчаш. Цкъа делахь, мичара йевллера тӀелеттачарна СИЗО-шкахь лело магош йоцу ира хӀуманаш а, арсаш ирден хIуманаш а, ткъа иштта шаьш леллачу террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан байракх а. ШолгӀа делахь, лецначу наха мажош лелийнера, церан когара мачаш чимчаргIашца йу, ишта мачаш изоляторехь йуьтуш йац лецначаьргахь.

Телефонаш йоцург хӀумма а ца эцна оха. Изза урс а, тхуна оьшучу хенахь, цхьана гӀаролхочо камере дохьура

Изоляторна штурм йинчул тIаьхьа закъалтхой маьрша баьхнера, ткъа тӀелеттарш байира. ТӀаьхьо хиира царех цхьаъ, Ставрополера схьаваьлла Камнев Даниил, дийна виса аьтто баьлла, дарбан цӀийнехь вуйла.

Цул тӀаьхьа сихха талламаш бира номер 1-чу СИЗО-хь – тутмакхашна юкъахь бина ца Ӏаш, ахчанах, хетарехь, лецначарна дихкина хӀуманаш латтийна болчу белхахошна юкъахь а теллира. ТӀаьхьо изоляторехь латточара дӀахьедира, шайга бертаза йошуьйтура мажош, реза воцчу веанна ницкъахоша йиттира аьлла. И информаци официалехь тӀечӀагӀйина яц.

Нагахь санна цу хьукматехь шога раж хӀоттийнехь, иза гена гIур долуш хIума дац, дийцира редакцига тутмакхашлахь йолчу хьасташа. Ишта номер 1 йолчу СИЗО-хь а, кхечу талламан изоляторшкахь а шайн хьокъехь бинчу сацамна дуьхьал латкъам баре сатуьйсуш болчу бехкебечарна а. Кхерамзаллин бахьанашца къайлайаьхна оха церан цӀераш.

Йуьхьанца оьгӀазбахара Федералан таӀзарш кхочушдаран урхаллан куьйгалхой а, Ростоверчу СИЗО-н белхахой а, лехамаш масех дийнахь лаьттира, бохуш дийцира оха къамел динчу цхьана стага, цо а тӀечӀагӀдира нуьцкъала маж дӀайашийтарх шега. Кхечу хьостано иза лаьцначул тӀаьхьа изоляторехь хилла хьал "мелла а бIегIийла ду" аьлла.

"Цхьайолчу камерашкахь цара холодильникаш а, телевизорш а дӀайаьхна, амма цхьанна а йиттина а, нуьцкъала маж дIайаккхийтина меттиг бац. Луьра лелаш хилла кхечу камераш чохь, къаьсттина телефонаш карийначаьрца а. Дукха хьолахь иза дозуш ду камерина чубогӀучу белхахойн тобанах а, цу чохь болчийн леларца а. Нагахь санна леррина тергойен СИЗО-н белхахой цIий чехка долчу тутмакхашна тIеIитталахь, зулам гена дац. ХӀинца хьал тийна ду", - элира къамелхочо.

Шина а хьосто йехха хан яьккхина Ростов-гӀалин юккъерчу номер 1 йолчу СИЗО-хь – цара бахарехь, закъалтана нах леццалц цигара хьал "кеп-кепара" дара тутмакхашна. Къамел динчу цхьаммо дуьйцура, ФСИН-ан белхахой "чӀогӀа дика бара" шайца бохуш. Цул сов, изоляторехь аьтто бара телефонаш схьаэца – камерехь мел а дукха мобилан телефонаш хилийта барт а бина. Кхечо бахарехь, лономер 1 йолчу СИЗО-хь коррупци лелош хиларх лаьцна хабарш дикка дарстийна дуьйцу.

"ХӀинца йаздеш долчух доккхаха дакъа цхьана заманца хилларг ду, хетарехь, итт шо хьалхалера. ТӀаьхьарчу хенахь 20–30 эзар ахчанах телефон бен эца йиш яцара Ткъа дукхах дерг тутмакхашна юкъахь "барт" бара, СИЗО-ра лагере дӀабоьлхуш болчара шайна телефонаш йухкура. Кхинйолу цхьа а хIума оьцуш йацара ахчанах. Масала, изза урс а цхьана камерана латтош хилла, иза гӀаролхочун сейф чохь хилла. Тхуна оьшучу хенахь схьа а дохьуш, талламаш бечу хенахь дIа а хьош латтош", - дийцира тутмакхо.

СИЗО-хь таллам бара. Дерриге а тIекIелтеснера, аннаш бухдехира, амма тхох ца лийтира

Хьостанаша дийцира, карарчу хенахь шаьш латточу меттигашкахь а, талламаш барх мангал-беттан 16-чу дийнахь хилларг хиллачул тӀаьхьа. Цхьайолчу меттигашкахь цара къамелаш дина хиллера Федералан таӀзарш кхочушдаран сервисан лакхарчу даржашкахь болчу белхахошца, цул тӀаьхьа кхерамазаллин барамаш чӀагӀбинера. Амма шаьш тутмакхашка болу хьежам хийцабелла бацара, вовшашца уьйраш йоцурш а хиллера "кIегий тIехь" санна Iаш.

"Инцидент хиллачул тӀаьхьа хьалхарчу Ӏуьйранна СИЗО-н белхой массарна а чуоьхура, кораш тӀехь йолу решеткаш талла. Тхуна ма-хеттара, кIира чекхдолушчу хенахь кхечу СИЗО-ра бригада а йеара – массо а хIума тIекIалтесира цара, лаьтте бухйаьккхира, амма тхох летар доцуш, цхьана хоршахь лелара уьш. Тобанна куьйгалла дечу нахахь цхьаммо бен шогаллица ца хаьттира, оха иза а тидамза дитира. Лакхара омра царна динчух тера дара, оцу тайпана "низам дохорна" бехк лаха аьлла. Бакъ ду, кхин дIоггара чуьрабевлла-м ца хьийзара уьш", - элира тхан къамелхочо.

Юкъарчу хьесапехь, тутмакхаш шеконашца бу Ростоверчу СИЗО-хь чоьхьара низам дохор дуьйцуш хиларх лаьцна дийцарна, цундела тӀелеттачийн мачаш чимчаргIаш долуш йара боху, хилла церан ишта йеха мажош а. Цара бахарехь, мухха делахь а, маж лелор магош дац изоляторехь, ткъа кхидолу дехкарш хӀора СИЗО-хь тайп-тайпана лардеш ду: "Низам йаздина, схьагарехь, цкъа а набахтехь болх бина боцчара, цу чохь хан йаьккхинчара-м хIете-вете а. ХӀетте а, тайп-тайпанчу белхахоша и низамаш тайп-тайпана тида тарло. Цундела, цхьанхьа цара чӀогӀа луьра леладо месийн йохалла а, мачийн чимчаргIаш а лелор, ткъа цхьанхьа уггаре а луьрачу дехкарца магош йац– майонез а, хорбаза а".

ХIун аь лла хета бакъоларйархшна?

Оьрсийчохь тутмакхаш латторан проблемашца болх бечу редакцино къамел динчу бакъонашларйархоша тӀечӀагӀдира, шайн сатийсамаш кхочуш цахиларх – номер I1йолчу СИЗО-хь а, кхечу изоляторшкахь а санна, "дерриг а шен метте йухадирзина". Йуьхьанца "луьра хиллехь" а, тутмакхашкара хи дохдийриг а (кипятильник), телехьожийлаш а, шелигаш а схьадохуш, хIинца и доллу хIума камераш чу йухадохьуш ду. Адвокатийн аьтто бу шайн клиенташна тIекхача, амма аьрзнаш хьалха санна дуьсуш ду, коьртачу декъана посылкаш а, кехаташ а тӀаьхьатеттарца доьзна.

Романова Ольга

Амма номер 1 йолу СИЗО хилла ца Ӏаш, боккха таллам бина Екатеринбургерчу номер 5 йолчу СИЗО-хь а, цигара дуккха а хаамаш кхаьчна "Русь сидящая" проекте нуьцкъаша мажош йашарх. Цунах лаьцна хаамбина цуьнан куьйгалхочо Романова Ольгас. Иза тӀаьхьо тӀечӀагӀдира Федералан таӀзарш кхочушдаран урхаллан меттигерчу хьукмато а, амма бохура Ростовехь закъалтана нах лецарца цхьа а уьйр йолуш дац бохуш, "чоьхьара низамашца" ду бохура маж дӀайаккхар.

Бакъонашларйархо цецйаьккхинера, прогнозаш йоллушехь а, Ростов-централехь болчу Украинин тутмакхашна репрессеш йеш цахиларо. Оьрсийчоьнан бахархошца дуьстича, уьш ишта а луьрачу хьелашкахь бу, царна тIехь Ӏазап латтадора , мобилан телефонан я телехьожийлан кепехь "мах луш йолу сервисаш" а яц царна.

"ХIара дерриг а нисделча, массарна а новкъарло йан буьйлабелира уьш, амма цхьацца бахьанашца украинхойн коча ца оьхура. Цара йиттинера, амма украинхошна ца йиттира, хӀунда ду ца хаьа суна. ТIеман йийсархой хийца ойла хилахь а, цаьргара хьал талла бахкарна кхоьруш хиллехь а",- бохура Романовас.

Каретникова Анна

Украинера тутмакхех йолу и информаци тӀечӀагӀйира Юкъараллин мониторинган комитетан декъашхо хиллачу, Федералан таӀзарш кхочушдаран урхаллан Москварчу урхаллин хиллачу аналисто, бакъонашларйархочо Каретникова Аннас а. Цо бахарехь, Ростоверчу СИЗО-на тӀелатар динчу нехан можех а, "Исламан пачхьалкхан" байракхех а лаьцна хилла юкъара реакци тайнера ФСИН-на. ХIунда аьлча, оцу хьолехь хIун дан деза хууш хуьлу: "стрелочникаш" лахар, массеран коьртеш, мажош йашар, цхьанна таIзар дар. Проблема месашца а, телефонашца а, телехьожийлашца а, холодильникашкашца а йоьзна йацахь а, уьш-м кхерамазаллин хьукматехь схьаэца йиш йолуш ма йуй, аьлла хета Каретникова.

"Суна чӀогӀа халахеташ ду, журналисташа а, говзанчаша а оьшуш долчунна тIе тидам ца бахийтина. Низамехь магийна йоцу телефонаш хӀунда ю СИЗО-хь оццу барамашкахь? ХӀунда аьлча, талламхочо бен ца магадо таксофонашкара зӀене бовла, ткъа цо бакъо ца ло, шайн бехк тIе ца лоцучарна. Талламхочуьнгара и тайпа бакъонаш дӀайаьхча бен гӀо дийр дац СИЗО-хь коррупци эшон", - чӀагӀдо бакъонашларйархочо.

Вай юха а хьалхалеррачу меттехь нисло, ткъа иза миччахьа а, мичча хенахь а эккхийта тарло

Цо дийцира, теракташ ца хилийта а, кӀелхьарадовларна а, нах байарна а, ахчанаш дахарна а дуьхьало йан лерина долу мехала низамаш доцург, дуккха а дихкина хӀуманаш ду кхочушдан йиш йоцуш, аьлла. Цул совнах хан а, терго а дIаузу белхахойн терроризмана гунахь берш чоьте эцна ца Iаш, цуьнца гIуллакх доцурш а цхьана лоьцуш.

"Белхахочун гIора тоьар дац, билггал теракт йан тарлучу нахана тIехь терго йан. Цхьана муьрехь цуьнан "бӀаьргашна дуьхьал маргIал хIутту", тIаккха цунна ца го боккъал а кхерам лаьтта меттиг", – боху Каретниковас.

Цул сов, белхахой ца тоар бахьана долуш ду Ростоверчу СИЗО-хь репрессеш дӀайоло йиш йоцуш хилар, ца дахь иза Ӏуналлера дер ду.

"Тутмакхашна вуно дика хаало белхахой ца тоьучу хенахь, суна сайн зеделлачуьнца хаьа иза. Уьш вуно кхечу кепара лела Ӏуьйранна таллам бан йалх белхахо веъча а, шиъ веъча а", - бохура бакъонашларйархочо.

Оцу тайпа къоьлла йоьзна хила тарло Украинехь хиллачу тӀамца, цигахь ФСИН-ан белхахошна юьхьанца луш долу 30 эзар ахча а, цу тIе бонус а ца хуьлу, 250 эзар хуьлу, бохуш дуьйцу "Русь сидящая" проектан куьйгалхочо Романова Ольгас.

"Хьо дӀавахча Ростовера, 100 километр дехьа - хьо хӀинцале а тIамехь нисло 250 эзар сом алапа а долуш, дера цунах Iеха ца лойла дац. Дера хIета, нагахь санна ахь цигахь висса сацам бина хилча, тӀаккха хьо 30 эзар соьмана тӀехь ца Iа, ахьа цунна тIе а кхин а ахча доккху. ХIора телефонан мах мел лахара а итт эзар бу, кхин хьалаболу, оцу телефонан йозалле хьаьжжина", - дуьйцура Романовас.

Иза тешна ю, цхьа бутт балале, Ростов-гӀалин йуккъехь лецначу массо а нахана шайгара схьайаьхна телефонаш йухайерзор ю аьлла, ткъа арсаш ирдириг эца аьтто хир бу йуха а 2,5 эзар сом делчхьана: "Школера шутинган проблема санна хIума ду хIара – нисделлий, талламш би, коре гураш хIиттий, тIаккха а йуха а рогIера шутинг хиллалц".

Хиллачух цхьа а жамӀ ца до системо, цӀена декоративан барамашца дерзадо, бохуш, жамӀ до Каретниковас: "Вай юха а оццу меттехь карор ду, ткъа иза миччахь а, мичча хенахь а эккхийта тарло".

  • Камнев Даниил 25 шо долу Ставрополан вахархо ву, славянийн къомах ву иза, цо бусалба дин тӀеэцна цхьана колонехь, цигахь кхиазхо волуш нисвеллера иза ларамаза стаг вер бахьана долуш. Кавказ.Реалии сайто йаздира цуьнах лаьцна 202I-чу шеран гIуран баттахь-баттахь: Камневн гергарчара дӀахьедира, ницкъаллин структурийн ницкъаша тIехь Ӏазап лелийна тIелацийтинера цуьнга теракт кечъеш вара аьлла. Лаьцначо тоьшаллаш дан дезаш дара, шайца цхьаьна "Ат-Такфир Вал-Хьиджра" тобанехь хилла а боцу нах бехкебеш. Терроран артиклца догӀуш долу гӀуллакх Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхеле кхаьчна 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь.
  • Изолятор дӀалоцуш дакъалаьцна ву гӀалгӀайн ЧемулгIа эвлара 27 шо долу Акиев Шемал а, 36 шо долу Соьлжа-гӀалара Гиреев Тамерлан а, Карабулакера 25 шо долу Цуцкиев Азамат а. 2023-чу шеран гIуран-баттахь Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело бехке бира уьш бакъо йоцуш оьккхуьйтург Ӏалашйарна а, терроран тӀелатар дарна а, терроран организацин болх вовшахтохарна а, ткъа иштта оцу Ӏалашонашна Ӏамораш дӀадахьарна а. Официалан версица, Акиев а, Гиреев а, Цуцкиев а Кхарачой-Чергазийчоьнан Лаккхарчу кхелан гӀишлонна тӀелатар дан дагахь хилла, уьш «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан агӀончаш бара. Царна I8 шераш хенаш туьйхира набахтехь даккха, амма церан адвокато латкъам бира сацамна. Дина таIзар низаман ницкъе дерззалц бехкебинарш изоляторехь латтош хиллера.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцина интервью луш, тутмакхашна гӀо латточу боламан куьйгалхочо Романова Ольгас дийцира таӀзаран системехь коррупци хиларх а, Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусулба нехан хьолах а, Ростовн кӀоштахь "уггар а ларйеш" йолу СИЗО схьайаккха аьтто баларх а лаьцна.
  • Оьрсийчоьнан таӀзарш кхочушдаран федералан урхаллан Ростовн кӀоштарчу коьртачу урхаллан хьукматаш толлуш прокуратурано гучудаьккхира бехкебечийн дуккха а бакъонаш хьоьшуш хилар. Меттигерчу колонийн а, СИЗО-н а куьйгалхой сиха бац прокурорийн дехарш кхочушдан, ахча дац бохуш, бахьана а далош.