"Хьан цIийнда террорхо-м вац?" ТIамах бевддачу Украинерчу кавказхойн дийцарш

Польшехь болу Украинера мухIажарш, гайтаман сурт

Украинехь беха, Къилбаседа Кавказера схьабевлларш, пачхьалкхан кхинболу миллионаш бахархой а санна, мухIажарш бевлла Оьрсийчоь тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа. Интерполехула Москва шайна тIаьхьаялахь, даймахка шаьш дIахьажорна кхоьру Европехь нисбелла кавказхой.

Зазадокху-баттахь украинхойн-румынхойн дозанеула дехьайолучу заманчохь лецира Нохчийчуьра Гериханова Амина. Цул тIаьхьа Польшин дозанхоша сацийра дагестанхо Зубагиров Мохьмад а, ГIебарта-Балкхаройчуьра Апшев Аслан а. Гериханова хIинца а Румынехь чохь латтош ю, Зубагиров Дагестне дIахьажийна, Апшевн кхолламах а, цунна дохкучу бехкех а - хууш хIуммаъ дац. Цуьнан бевза-безачаьрга кхаьчначу хаамашца, Оьрсийчоьне дIавелла иза а.

ТIом балале хьалха паргIат Украинехь бехаш бара уьш, Iедалца цхьа а хьовзамаш боцуш. Кавказ.Реалиино гулдина церан дийцарш.

"ЦIийнда кхин гур вац хьуна"

Ялх шо а дара Зубагиров Мохьмад Киевехь веха. Шен партнерашца цхьаьна уьнах цIена кхачанан туьканаш яра цо лелош, экосурсаташ а, стоьмаш а, хастоьмаш а бухкуш. Цуьнан хIусамнанас Гараева Дианас дийцарехь, полицица цкъа а проблемаш хилла яцара Мохьмадан.

ТIом бола ма-белли, бомбанех кIелхьарбовла Польше дIабахара церан доьзал. "Тхо кхоьрург украинхойн дозанан агIо яра, амма цигахула дика дехьадевлира тхо, сан майрчун Оьрсийчоьнан паспорт доллушехь. "Ваша, тхо хьох кхета" а аьлла, чекхдовлийтира тхо, - дагалоьцу Гараевас. – Полшхойн агIор со дехьаялийтира, ткъа сан хIусамдега а, цуьнан доттагIчуьнга Апшев Аслане а тIелхигаш хьалаяха элира. Со цаьрца дIаяхара, къамел гочдан. Эпсаран кабинет чу дахара. Цо хаьттира, маса шо ду Мохьмад Украинехь веха, хIун лелош ву, тIебогIу пайда мел бу, стенна воьду Польше. Иштта хаьттира: "Хьан хIусамда террорхо-м вац?"

Зубагиров Мохьмад

Гараеван дешнашца, Апшев а, Зубагиров а дIавигира, цара чIоггIа шайна дуьненан лардар а, Польшехь тховкIело а оьшу бохушшехь. ХIинца церан гIуллакх нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино лелош ду.

ХIусамда лаьцна а, цунна экстрадици йина а бутт баьллачу хенахь Польшин официалан структураша кхин ца дийцира Гараевана иза дIаваларан бахьана. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан дозана тIехь цхьана а кепара зуламаш лелийна дац цуьнан цIийндас, ткъа иза Интерполехула лехамашкахь хиларх масех бутт хьалха бен хиъна дацара: дуьненаюкъарчу полицин базехь ю цуьнан цIе а, хан а, амма бехках лаьцна билгалдаьккхина дац.

Гараевас чIагIдо, Апшев лехамашкахь вацара, ша стенна сацийна, кхета а ца кхийтира. "Цуьнца цхьана лаьцна ша ца хиллехь, - оьгIазъоьху къамелдийриг.- Ткъа соьга элира: цIийнда кхин гур вац хьуна".

"Боьха мотт лебора полисхоша. ХIокху кавказхойн гIуллакхаш листа деза вай, бохура... Царех цхьаммо элира, хIусамда дIахьажийна. Иза низамехь дац бохуш, со лен яьлча "шаьш къастаде" аьлла, со эккхийра цо, - боху зудчо. -Полицин кхечу декъехь дуккха а хеттарш динчул тIаьхьа дийцира, Мохьмадна экстрадици йина аьлла. Эпсар тхох доглозуш хьоьвзира, хIара бакъонца дац элира".

ХIусамда Оьрсийчоьне дIахьажорах цхьана а тайпана кехаташ ца делира Гараева Диане. Польшин зорбанан гIирсашка а елира иза, дозанхойн харцонна латкъамбан дагахь ю бакъоларъяран органашка.

Зубагировн Оьрсийчуьрчу адвокато дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте, кхечу пачхьалкхо дIавоьхучу стагана экстрадици яр кхелехула хила дезаш ду, дагестанхо дIа ма хьажаварра маса дан дезаш хIума дац аьлла.

"Оьрсийчоьнан прокуратуро кечдина, кехат дахьийта деза, тIаккха шина а агIоно и стаг дIаваларан хьелаш дийцаредо, - боху юристо. – Бехкзуламан кодексан масех Iедалан къепе йийца еза Оьрсийчоьно, ткъа Европехь хьесап дан тарло, царех цхьана къепеца бен цунна кхел йийр яц аьлла. Тхуна хетарехь, Зубагиров лоьхуш ву цIечу, уггар лакхара кхераман тIегIа йолчу къепеца, ткъа иза лоцуш сацам Оьрсийчоьнан дозана тIехь бина".

Дагестанхо стенна бехкево, хаамаш бац юристехь.

Зубагировн а, Апшевн а кхолламех Кавказ.Реалиино полшхойн дозанхошка дахьийтинчу хаттарна доцца жоп деара, дозанхойн эскарийн постан командиро Патерек Эвас куьйгъяздина: "Векал йолчу органийн – полицин, прокуратуран, кхелан- дехарца бен оха информаци кхачош яц доза хадорах".

Шемахь хилла аьлла, бехкейо

Румынехь кхин а цхьана баттана лаьцна йитина Гериханова Амина, Зазадокху-беттан юккъехь Украинаца долчу дозанехь лаьцна йолу, 36 шо долу Соьлжа-ГIалара яхархо. Шен бархI шо долчу кIантаца тIамо лаьцначу пачхьалкхера араяла гIоьртинера иза. Лацаран бахьана дара оьрсийн бакъоларъяран органаша иза дIаехар, Шемарчу тIемалошца йоьзна ю аьллачу шеконашца.

БархI шо долчу Аминин кIентан деден ваша Бахарчиев Амруди, къена а, заьIап а воллушехь (хьалхарчу Нохчийчохь хиллачу тIамехь лазийчхьана лелалуш вац иза), Австрера Румыни веара, кехаташна куьйг а яздина, кIант дIавига. Нана лаьцначул тIаьхьа цхьана ханна берийн хIусамехь дIатарвинера кIант.

Цуьнан хIусамда Шема дIавахана, оцу тIехула кадыровхой тIаьхьабевллера цунна

"Нохчийчохь Iаш яра Амина. Цуьнан хIусамда Шема дIавахана, оцу тIехула кадыровхой тIаьхьабевллера цунна. Масийттазза кIоштан полицин декъе дIайигира иза, бала баьхьира цуьнга. 20I6-чу шарахь, шиъ йа кхо шо долчу шен бераца едира иза Нохчийчуьра. ХIетахь дуьйна Украинехь ехаш яра", - дуьйцу Бахарчиевс.

2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло, терроризмна бехкебинчу нехан тептаре язйира Гериханова 3292 номерца. Иза Интерполехула лехамашка елира цул тIаьхьа, ткъа Украинан кхерамзаллин сервисаша шайггара таллам бира ницкъахоша дохкучу бехкийн, уьш бакъ ца карийра.

Румынехь лаьцначул тIаьхьа Гериханован гергарчара гIо дийхира "Вайфонде".

"Иза набахтехь ю, цуьнца зIе а яц, - боху, шен цIе яккха ца лиинчу "Вайфондан" векало. – Оьрсийчоьнан дехарца сацийна ю иза, Шемахь хилла ю аьлла, хIунда аьлча, цуьнан майра цигахь хилла ву. Полицино жоьпаш ц ало. Кхин тIе Германино Шенгенан информацин системе яьккхина иза".

Гериханова Амина

Румынин Хельсинкан тобане бевлира бакъоларъярхой, Гериханова Iалашъярехь гIо доьхуш, амма, "Вайфондан" белхахочун дешнашца, цкъачунна кхаьчна жоп дац.

"Долара адвокат ву, амма цо дукха ахча дехна. Аминин гIуллакхехь цхьана а адвокато гарантеш лур яц аьлла, хета тхуна, - боху "Вайфондехь". – Экстрадицин кехат цкъачунна хIинца а даийтина дац Оьрсийчоьно. Ца даийта а тарло аьлла, хеташ хир ду юристана. Амма Оьрсийчоьно цкъа а цхьа а ца витина паргIат. Адвокатан дегайовхо хила тарло, хан дIаер ю, иза арахоьцур ю шаьш, ткъа цо эра ду, ша гIо дина. Амма Оьрсичоьно эххар а даийта тарло и кехат".

Къамелдинчо бахарехь, Румынин цхьахдолчу хаамийн гIирсашкахь "террорхо йина" Гериханова Аминех: оцу юкъанна керланийн роликехь гойтург цуьнан сурт дац, кхечу зудчун сурт ду.

ХIара материал зорбане яккха кечъечу хенахь,къаьстира, румынхойн бакъоларъяран органашка Гериханована экстрадици йе аьлла, Оьрсийчоьнера кехат кхачарх. Охан-беттан 15-чохь Румынин Сучава гIалахь кхелан кхеташо хилира цуьнан гIуллакхан хьокъехь. Суьдхоша хьесап дира, лаьцнарг Оьрсийчоьне дIаяла цхьаццадолу документаш тIе ца тоьа, цундела экстрадицин процеес кхин а дIахьура ю аьлла. Керла ладегIарш хир ду шинарин дийнахь, Охан-беттан 19-чохь.

Кавказ.Реалиин корреспонденто кехат дахьийтира Румынин полици, Гериханована дехкина бехкаш бахьана долуш. Жоп кхачанза ду.

***

Охан-беттан 18-гIа - тIом боьду 54-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскарша тIейетта украинхойн гIаланашна. Охан-беттан 18-чохь Iуьйранна ракетан тохарш дира Львовна а, Киевская, Днепропетровская кIошташна а. Меттигерчу украинхойн Iедалхоша дIахьедина Луганскан кIоштахь Оьрсийчоь тIелатарх, кхайкхамбина цигарчу бахархошка катоххий арадовла аьлла. Гоне берзийна украинхойн тIемалой дуьхьал хилла Мариуполь дIаяла, Зеленский Владимира аьлла, украинхойн тIемалой байарца дийцаршкахь тIадам буьллур бу аьлла.