Хьанал тиндер. Кавказера бусалбанаша онлайнехь агенталлашкахула захалонаш дар

Соьлжа-ГIалара йоI а, кIант а. Гайтаман сурт

ТIаьхь-тIаьхьа дуккха а Къилбаседа Кавказера бусалбанаша захало дуьйцучу агенталлашкахула лоьху йало зуда а, маре йаха стаг а. Дуккха а захалонаш дуьйцучийн агIонаш карайойла ду инстаграмехь – Оьрсийчохь социалан маша йихкина йоллушехь а. Кавказ.Реалиин корреспонденто листира, муха хийцаделла Кавказехь захалонаш дийцар, динехь муха туьду агенталлашкахула маре эхар а.

Дагестанера 24 долчу Фатимин а, Москвара 34 шо долчу инженеран Мохьмадан а довзар нисделира инстаграмера захало дуьйцу цхьа агенталла бахьана долуш. ЦIен диплом доккхуш дешначу Фатимас дийцира редакцига, шеца вогIуш, шен дахаре болчу хьежамашца стаг дуьхьал ца кхета дикка хан йара шен аьлла. Цунна лаьара, шен хинволу цIийнда дешна, кхиаме, бусалба ламасташ лардеш стаг хуьлйила. Цо бахарехь, "динехь шогалла" йезара цунна.

Дас могуьйтур дацара захало дуьйцучу агенталлехула кIант вовзар

"Сан доттагIчо хьийхира суна бусалба нехан захало дуьйцучу паблике йазйалар, цу йукъахь декъашхоша дуьйцура шайх лаьцна, шайн дахар муха нисдала лаьа а, - дагалоьцу Фатимас. – Йуьхьанца дош ца хийтира суна и, амма тIаьхьо ойла а йина, хIун хуьлу хьаьжира со".

Фатимас анкета дIайуьзира, доцца шен интересех а, шен хьежамех а йаздеш. Шен сурт а, бакъйолу цIе а ца йазйинера цо, гергарчарна гучудалахь а аьлла. Цхьа кIира даьллачу хенахь Мохьмад цIе йолчу кIанта йаздира цуьнга: "Суна тайнарг хIун дара аьлча, чIогIа хIуманан тидам беш, ларам болуш дора цо къамел. Осал ца лелара, ша чIогIа ву бохуш, кепаш ца хIиттайора, уггар коьртаниг – интересаш цхьаьна йогIуш дара тхойша".

Фатимин гергарнаш реза хилира йоI маре йахийта – меттигерчу Iадаташца там-мах бира церан. Делахь а йоIа ма-дарра ца дуьйцура, шаьш муха девзина: "Сан доьзал чIогIа консервативе бу. Дена муххале а товр дацара захало дуьйцучу агенталлашкахула суна и вевзина хилар, цундела цунах лаьцна цунна хаа оьшуш ду аьлла ца хета суна".

VIP-пакет

"Инстаграмехь захало дуьйцу цхьа проект гира суна, шеконаш йолуш дикка Iийра со, боккъал лелош хIума дуй-те и ца хууш, со тешаш йацара цигахь безам карор бу аьлча, - дуьйцу 25 шо долчу, бусалба дин тIеэцначу оьрсийн йоIа Аминас. – Делахь а цу йукъахь дакъалаца сацамбира ас, оцу пабликехь карийна суна сайн цIийнда. Дуьххьара кегийрхойн анкеташ листира ас. Цхьайерш тайра суна, цхьаьнца къамел дан а ларийра со, амма суна оьшу хIума дацара а".

Аминас къастийна хилла агенталла дуьненайукъара лоруш йу, амма иза лелориг Къилбаседа Кавказера схьайаьлла йу, цуьнан паблике йазбелларш а дукха хьолахь Къилбаседа Кавказера бу. Проектан ши тариф йу: "стандарт" а, VIP а. Хьалхарчо анкетийн базе кхачаво, амма суьрташ доцуш.

"Борша стагана халох ду шена хIусамнана лаха, - билгалдоккху турпалхочо. – VIP пакетехь менеджераш бу хьалхе дуьйна чуделлачу дехаршца партнераш лоьхуш. Цара суьрташ дохкуьйту, цо лоьхург карайаллалц.

100 эзар сом гергга мах бу цуьнан, цо дийцарехь. Борша стага охьабуьллу и мах, зударий маьхза бу цу йукъахь.

Ас даггара баркалла боху хьанал тиндерна, хIунда аьлча, хIара чIогIа дика хIума ду шен кхоллам карон

"Сайца цхьаьннан бала хир бу аьлла, суна ца хетара, ас дин тIеэцна а йац дукха хан. Оьрси йу со, марехь хилла а йу, цу тIе ханна а жима йу со. Цундела VIP-пакет йаккха лерина йара со,-дагалоьцу къамелдечо. – Казахстанера цхьана кIанатана хазйеллера со, тешаш йукъахь а болуш, ватсапехь тхойшинга къамел дайта чат кхоьллира".

Аминас билгалдоккху, тешаш – оцу проектан верасаш хилар: къамелана йукъа ца гIуртура уьш, амма кхара йаздийриг доьшура, цкъацкъа хьал-де хоттуш бистхуьлура, уьш шаьш боций хоуьйтуш: "Ма-дарра дийцича, тхаьш йуьстах девлла къамел дойла йара тхан, амма низамаш лардора оха".

Аминас дийцарехь, цуьнан хинволу цIийнда кхечу пабликашкахь а хиллера, цигахь цуьнгара ахча даьккхинера, амма цуьнан гIуллакхе ца хьоьвсина хиллера.

ЙоI йевзинчу кхоалгIачу дийнахь кIанта аьлла хиллера, ша йист йаьккхина, Оьрсийчу воьдуш ву ша, йоI уллора йовза аьлла. Кхо кIира даьлча веана хиллера иза, йоьIан дегара-ненера пурба даьккхина а хиллера йоI СаIуда Iаьрбийчу дIайигийта, цигахь вехаш вара иза. Оьрсийчохь йоьIан шен бизнес йара, и йита а хало дара.

"Делахь а суна доьзал беза бу, дуьненан хIуманел а, сацамбира ас, сайн хIусамдеца цхьаьна хилчхьана стенгга а дIайаха. Циггахь сайнна хIусам лецира цо суна, цуьнан цIартIе йаллалц къаьстина Iийра тхойша: доладелла лелара, къамелаш дора, диъ де даьлча шега маре йола элира цо,- дагалоьцу Аминас. - СаIуда Iаьрбийчохь ловзар хIоттон сацам бира оха".

Там-мах бина царна йукъахь, тIейогIучу хенахь официалехь регистраци йан хьийза и шиъ, оцу пачхьалкхехь маьрша даха бакъо хилийта.

"Оьзда" нускалш, "дош ларден" кIентий

"Никах" аьлла ахь йаздахь, инстаграмехь дуккха а пабликаш гучуйовлу, шинна йукъахь захало тасийта таронаш луш. Кавказ.Реалии сайто цхьайерш зийра. Цу пабликехь массара а дуьйцург цхьаъ ду: шайн локхалла, маса кила ву-йу, къам, пачхьалкх, ша веха гIала, амал, говзалла. Къаьстинчу могIарехь йаздина ду: муха стаг-зуда лоьху шаьш, мича Iалашонца.

Зударша анкеташкахь билгалдоккху хьиджаб лелор-цалелор, нагахь санна, шайн хинволчу хIусамдас и лелор тIедожадахь, цо бохург дан шаьш кийча дуй, тIе зуда йалор шайна муха хета а дуьйцура. Цхьадолчу зудабераша йаздо, шолгIа зуда хила лууш ду шаьш олий – хьалхара зуда хилар тергамза дуьту цара, Кавказ.Реалии сайто билгалдаьккхира, Кавказан цхьадолчу мехкашкахь, масала, Нохчийчохь, оцу кепара тенденци йаржарх. И бохург церан хIун ду хьуна аьлча, хеттарш динчу эксперташа бахарехь, дукха хьолахь шолгIа зудчо цIера-кертара гIуллакхаш башха деш дац, уьш шайна ма-хетта беха. Марзой, ков-керт лелор тIаьхь дуьссу хьалхарчу хIусамнанна.

Оцу йукъанна шолгIа зуда лохуш болчу божарийн анкетех а бIаьрг кхета, амма цара тIедожош йаздина хуьлу: и стаг белхан гIуллакхца веанчу меттигехь, йа цхьа генарчу меттигехь иза йаха йеза олий. Хетарехь, хьалхарчу зудчунна дIа ца хаийта деш хIума хила тарло и. Иштта меттигаш хуьлу: зуда лохург стаг а воцуш, цуьнан гергарнаш хуьлуш шайн стагана йало зуда лоьхуш.

Дукха хьолахь муьлххачу къомах йелахь а, бен-башха ца хета царна, амма анкеташ нисло шайн къомах зуда йа стаг лохуш, йа "шога Iадаташ лардийриг" олий билгалдоккхуш.

Хан – 18 шарна тIера дIа хуьлу. Дукха хьолахь маре йаханза йоI лоьху цара, амма делахь а дуккхаъберш реза бу марера цIа йеана зуда йало а, цуьнан бераш делахь а.

Социалан машанехула йоI лахар, кIант лахар шуьйра даьржина хIума ду мукъа хан кIезиг хиларна

АгIонан администрацихула бен йиш йац анкета йолчуьнца зIе таса. Церан телефонан номерш а йаьстина ца хуьлу. Проект вовшахтоьхначара леррина билгалдоккху, тешаш йукъахь а болуш бен церан вовшашка бистхилар ца хуьлу аьлла. ХIораннан а шен рогIаллин номер луш хуьлу, чатан цIе а цуьнца лелош йу. Чател арахьа къамел дар дихкина ду, телефонаш йеттар а санна, Аминас бахарехь, ши адам вовшашна галлалц лардан дезаш низамаш ду уьш. Цул тIаьхьа жоьпалла шайна тIелоцу цара.

КХИН А ХЬАЖА: "Нускалш дIа а дуьгий, йуха цIа хьежадо". Боьхначу доьзалех жоьпалла Европера нохчашкара деха хьийза

Кавказера агенталлашкахь нускал лоьху "оьзда, муьтIахь, делах кхоьруш, таро йолуш" болчашлахь. Оцу йукъанна мехкарийн йаххьаш дукха хьолахь дIакъевлина хуьлу – Къилбаседа Кавказан мехкашкахь гIиллакх-оьздангалла ларйечарлахь товш доцург ду зудчо социалан машанашкахь шен сурт даржор, дийцира Фатимас.

"Дада кхетар вацара, шена хиънехь – цо дов дийр дара суна. Иза чIогIа дика адам ду, амма ширачу ламасташкахь кхиийна ву, - бохура къамелдечо. - Цхьацца доьзалашкахь оцу тIехула йетта а тарло йоIана, чуьра арайалар дехка а мега. Доьзале хьаьжжина хIума ду и. Амма исламехь а, Кавказехь а товш дац ша дIагайтар".

Социалан машанашкахула йало зуда, йа маре йаха стаг лахар шуьйра даьржина ду адамийн мукъа хан кIезиг хиларца, билгалдаьккхира редакцица хиллачу шен къамелехь захало дийцаран цхьахйолчу инстаграмера пабликан администраторо. Оьрсийчохь Meta (Facebook, Instagram) йихкина йоллушехь, "жимма дIатийна а Iийна" йуха а жигаралла эвсарйаьккхина наха, дийцира цо кхиндIа.

Дада кхетар вацара, шена хиънехь – цо дов дийр дара суна

"ХIора хьегначу къинах мах охьабилла безаш бу, цундела мах бала беза цара хIитточу хьелех, амма божарша – кхаьчна ахча шайн болх кхин тIе а кхион, чIагIбан хьажадо", - чIагIдира вируталера захалхочо.

Шаьш бахьанехь кхоллабелла доьзалийн мел аьтто хуьлу, дийца ца хIоьттира къамелдийриг. Цуьнан дешнашца, оцу нахах доьзна ду дерриг а: "Цхьа атта амал йолчу стагана сихха карайо ша лоьхург, тIаьххьарчу кIиранчохь тхуна реза болчу нахера дика хаамаш кхаьчна тхоьга, божаршкара а, зударшкара а".

"Оьздангаллин а, бусалба гIиллакхийн а гурашкахь"

"Тоххара тхо долчахь Кавказехь бара захало дуьйцу нах- зудчунна а, стагана а йукъахь уйр тосий, уьш вовшахтухура оцу зударша, - дуьйцу ГIалгIайчуьра талламхочо. Оьрсийчохь лелаш репрессин низамаш хиларна, цуьнан цIе къайлайаьхьна оха.- Дукха хьолахь ларам болу зуда хуьлура иза, цо доьзалийн цхьаьнакхетарш вовшахтухуш, гIо дора керла доьзал кхуллуш".

Шен суьрташ шена ма-хетта кечдан аьтто болчу социалан машанашкахула маре йаха стаг, йа йало зуда карор йу аьлла, ца хета суна

И захалонаш дуьйцу зударий дешна бацахь а, церан балхо тIедожадора царна кIорггера гIиллакхаш хууш хилар, адамийн психологи а йевзаш хилар, дагардира къамелдечо. Кавказан бахархошлахь, доьзалан мехаллаш а, ламасташ а доккха маьIна хетачу, захалхо хилар чIогIа оьшуш хIума да, цунна хетарехь.

"Оцу захалхочунна ший а доьзал дика бевзара, цаьрца йогIу зуда йа стаг лаха, социалан статусца а, дешарца а уьш цхьаьнабогIий хаьара цунна, - кхетадо къамелдечо.- Доьзалш оцу захалона реза белахь, цо уьш цхьана кхоьтуьйтура – формалехь доцуш йоьIан цIа а, кIентан хIусаме а дIасабоьлхура уьш, цул тIаьхьа ловзар хIоттадора".

Оцу кепара довзарш хIинца наггахь бен хуьлуш дац, кхин дIа бохура талламхочо. Шаьш уьйраш туьйсу хIинца, шаьш довза а девза йоI-кIант: доьшийлехь, балхаца, социалан машанашкахула. Той хIоттон кечлучу заманчохь бен йукъа ца гIурту гергарнаш.

Динан агоIр аьлча, дихкина дац социалан машанашкахь захало дуьйцу пабликаш йеллар, нагахь санна "оьздангаллин а, исламан а гIиллакхашца уьш лелаш белахь", чIагIдо Iеламчас Албаков Шемала.

"И дикох ду, хIунда аьлча, дукхахдолу довзарш социалан машанехула нислуш ду, коьрта аспекташ лело хууш майда йелахь, захало дIатаса бIегIийла а, эвсара а ду,- билгалдаьккхира цо. – Цу тIе и йоллу процедураш нускалан, зуда йалочун а гергарчу нахехула хуьлуш ду".

Оцу кепарчу захало дуьйцучу агенталлийн коьртачех ду йоьIан кхерамзалла хилар, кхин дIа дийцира Албаковс.

"ХIара цхьа даьржина хIума ду, йоIаца къамел динчул тIаьхьа божарша шантаж йо цунна, хьан дахарера цхьацца хилларг шаьш нахаладоккхур ду бохуш. Оцу тайпа хIума ца хилийтар коьрта ду",- аьлла хета цунна.

Сайн ирс карийра суна цигахь

Нохчийчуьра журналисто элира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь, бакъболу доьзал захало дуьйцучу агенталлашкахула кхуллийла дац аьлла. Ша консерватор хиларе терра, цо бохура, оцу кепара инициативашна ша реза вац,

"Социалан машанашкахула шен суьрташ кечдан, шен биографихь шена хеттарг йаздан йиш йолуш, йало зуда, йа маре йаха стаг каравойла ду аьлла суна ца хета,- тешан ву иза. – Коьрта ду хьан хинволу хIусамда стенгара ву, цуьнан доьзал муха бу хаар. Цундела реалехь вовзар, къамел дар хилча дикох дара".

Аминас билгалдоккху, йоллу хан балха тIехь дIайоьдуш хиларна, нехан аьтто ца хуьлу реалехь гергарлонаш тийса. Цо бохура, къаьсттина бусалаба зударех хьакхало ша бохург, церан бакъо йац шайггара божаршца уьйраш-зIенаш тийса. Цу тIе онлайнехь довзийтаро тIаьхьало йолчу гIуллакхе ца вуьгу, ткъа захало дуьйцучу агенталлашкахула билггал доьзал кхолла, дуккха а шерашкахь ша хаьржинчуьнца хан йаккха луурш хуьлу, тIетуьйхира цо.

"Пабликехь сан истори йовзийтинчул тIаьхьа, дуккхаъчу зудабераша кехаташ йаздира соьга, хIинццалц агенталлашка бовла ца хIиттина болу. И цхьа фейк йу моьттуш хиллера царна. Мехкарий кхоьру анкета йуза, шайх нийса ца кхетарна, амма дуккхаъболчарна тешам белла сох Iоттаделлачо. Суна сайна а ма хетара хIара баккъал дац аьлла, амма хилла. Цигахь карийна суна сайн ирс", - дерзийра йоIа къамел.

  • Европехь бехачу нохчашлахь доьзалш бохар алсамдаларо сингаттам бохьу диаспоре. Билггал йолу статистика хууш йацахь а, хIара ду аьлла бахьана а доцуш, доьзал къаьстинехь, царна тIе гIуда дожорна къаной реза хилла. Шога терго латтор йолуш йу барт латтон гIертарна а, дIасакъастар гурашкахь хилийтарна а тIехь. Мухха делахь а, боллу эксперташ тешна бац, керла тIеоьцучу барамаша доьзалш бохарна цхьа дуьхьало йийр йу аьлла.
  • Барт ийгIинчу доьзалашна йукъахь маслаIат деш Нохчийчохь комиссино болх бен хIинца пхи шо а ду. Хьукматашна йукъара тобанаш йу уьш, мехкан куьйгалхочуннна Кадыров Рамзанна дагадеана, вовшахтоьхна. Стохкалера шо довш регионан урхалло дIакхайкхийра, оцу комиссийно бина болх бахьана долуш кхо эзар сов доьзал вовшахтоха ницкъ кхаьчна шайн аьлла. Оханан-бутт бовш пачхьалкхан "Грозный" телеканало кхин терахь довзийтира – 2395. Муха беш бу доьзалш вовшахтухучу комиссийн болх, теллира Кавказ.Реалии сайто.