Кадыровга, Евкуровга вовше къинтIера валар доьху бакъонашларъярхоша

Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан куьйгалхой Соьлж-гIалахь, 12Лах2008

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьн Кадыров Рамзанан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьн Евкуров Юнус-Бекан а даьлла дов, шина а республикан юккъаралхоша емал деш ду. Цара кхайкхам бина шина лидере, вовше къинтIера а валий, вас дIаяккха, аьлла.
Нохчийн а, гIалгIайн а юкъараллийн вовшахтохараллаш сингаттаме ю Кадыров Рамзанан а, Евкуров Юнус-Бекан а даьлла дов бахьанехь. Ший цхьана а кхетта, хилларг къастор доьхуш, кхайкхам бина цара. Вовше хилла вас, оьгIаза а ца оьхуш, шайна тIехьа лаьтташ къаьмнаш дуйла дицдан мегар дац, шина республикийн куьйгалхоша, бохуш ду оцу дIахьедаран коьрта чулацам.
Ишшта, юккъаралхошна нийса ца хета, цхьана республика куьйгалхочо, кхечу куьйгалхочуьнна хьокъехь иза емал веш дIахьедарш дар. Цул совнаха, цара тидам бо, шина мехка юккъахь доза къастор, дийцаре даккха мегар долуш хIума ца хилар.

Нохчийчохь, Кадырован а, Евкурован а, дов далар, емал деш ду, дукхачу наха. СемаIашкахь вехачу Юнадис бахарехь, цхьа орам а, истори а йолчу вайнехан, цу тайпа хIуманаш дийцар, эхье ду аьлла.

Юнади: Деллахь ду иза хьаштдоцург. Оццула халчу хенахь а, тIом хилча а , буохам хилча а , цхьа а доза а доцуш Iийна ма ду вай. Муха адийцахь вай цхьа вежарий а , йижарий а ду. ХIара цхьа заман мур дIабаьлча, куьйге а бахана дIадер долуш хIума ду иза. Вайна хIунда оьшуш ду и доза? Мелхо а хьалха санна цхьанакхета дезаш ма дара вай.

Маршо радио: ГIалгIайноьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, шина республикан юккъахь доза къастор хьокъехь шен хетарг ца аьлла. Амма, цунна оппозицехь лоручу «Мехк-кхел» олучу юккъараллийн цхьанатуохаралло, сихонца Кадыров Рамзане кехат хьажийна, доза къастор гIуллакх дийцаре дан, шаьш тоьлла болу гIалгIайн Iилманчаш а, историкаш а, юккъараллехь лоруш болу нах а хоржура бу аьлла. Бинчу сацамо, ян гIалгIайн а, ян нохчийн къаьмнийн бакъонаш йохо ца еза бохуш ду цара дIасадаржийначу документ тIехь.

Оцу «Мехк-кхелан» куьйгалхочуьнгара Абадиев Идрисигара цу хьокъехь комментарии эцар гIуллакх ца хилира. Телефон мел дIаеттарх зIене волуш вацара иза. ГIалгIайнчуьра кхинболу политикаш а, журналисташ а, ситуаци мел кIоршме ю а хууш, реза бацара, хиллачуьнна хIокъехь шайна хетарг довзийта. Несар-гIаларчу ишколера хьехархочуьнна Мурадан хетарехь, Кадыровс а, Евкуровс а, дуьйцург, цхьанна а хьесапе хIума дац. Оцу хькоъехь цуо ишшта элира.

Мурад: Дуьххьара дIа, Оьрсийчоьнан импери а ю, Конституции а ю. Цара ма аллара хира ду. Вовшашна боргIалш санна чукхиссабаларх гIуллакх хир дац. Суна ца деза и къамелаш. Уьш чоьхьарчу юккъаралина хьовсийна ду. Иза корта, а ког а болуш хIума дац. Оьрсийчоьно аьлларг хир ду кхузахь. Хьекъале дац иза ян Кадырован, я Евкурован агIора. Иза Iовдала хIума ду. Со кхета, ша-дерриг стенна дуьйцуш ду. Уьйш кегий бу ханна, Iаьмма бац цхьана хIуманна.

Маршо радио: Нохчийн а, гIалгIайн а, куьйгалхоша, цхьацца хенашкахь аьлларг а карладаьккхина, шинна а агIора болчу тергамхоша. Исс шо хьалха, Кадыров Рамзана, аьллера, гIалгIайх лаьцна: уьш 3 метар латта бухахь бакъахь бу аьлла. Иза цуо дуьйцучуьнна маьIанна юккъера даьккхина дешнаш хиллехь а, гIалгIашна чIогIа Iоттаделлера. Шен агIора, ГIалгIайнчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а ца Iийна, нохчех лаьцна вуониг ца олуш. Шай махкахь хьал талхарна цунна бехк нохчийн хеташ бу. Меттигерачу телевизионехь вистхуьлуш, цуо аьллера, ГIалгIайнчу вуо мел дерг: наркомани а, маьттаз лелар а, кхиъ доьхнарг а, нохчаша деана аьлла.