"ХӀара Нохчийчоь йац": мухӀажарш, ламасташ а, керла чкъор а

Гайтаман сурт

1990-2000 шерашкахь Нохчийчохь хиллачу тӀемаша бахьана дуккха а нах Европе а кхечу махкашка дIабахара. Европехь нохчи мухIажаршна маьрша ду, амма цаьрна хьалхьа кхин - социалан а, културан а халонаш лаьтта. Тахана тIекхуьаш долу чкъор къасто дезаш хуьла: йа шайн дай ламасташ, йа шаьш хьалакхиина дола юкъаралан дахаран аматаш тIеэца. Муха хир йу техьа арахьарчу нохчийн кхане? Шайн къоман Iадаташ а культура ларлур йуй техьа цаьрга. Уьш а, кхин долу а хаттарш дийцаре дира Кавказ.Реалиин редакторша диаспорин векалшца.

Европехь нохчийн кегирхой кхуьаш бу шайн даймахкахь долчу хьелашца йоккха башхалаш йолуш. Цхьаболчера халаношаш хуьла кхузахь, дIаэрца а, меттан а, гIиллакхашца тера цахиларца. Амма Норвегехь вехачу адамийн бакъонаш ларъярхочо Гисаев Ахьмада дийцарехь, цхьа а халонаш йац нохчийн мухIажарийн Европехь,

Къамелхочо дийцарехь, тахана Норвегехь вехаш ву I5 эзаре кхаччалц нохчий, тайп тайпана бахьанашца схьабаьхкина. Ас диаспорийн хIоттам кхаа декъе буькъар бара: политикехь дакъалоцуш болу нохчий- Ичекирийн агIончаш, политикица лахара бала болуш нах а, нейтралан агIончаш а, уьш шейн доьзалшна бен кхин хIумана бала болуш бац. Кегийрхойх лаьцна дуьйцуш, Гисаев тешн ву: нохчийн кегирхошна Европехь, массо а аьттонаш хилар, йукъараллина а, пачхьалкхана а пайдехь хила.

"Шайн даймахкахь ца хилла маьршо йу царна Европехь, суна хетарехь кегирхой кхиорехь коьрта хIума ду иза. Иза бахьана долуш цара дукха а кхиамаш гойту. Масала спортехь. 2023-чу шарахь. Францин паргӀат латаран тоба дукхах йерг нохчех кхоьллина йара. Иштта, кест-кеста хеза суна Ӏилманан дипломаш схьаоьцучу вайн студентех лаьцна. Ас эр дацара, царна шайн орамаш йа шайн къоман ламасташ дицделла аьлла", - билгалдоккху Гисаевс.

Амма массо а вац иштта дог ойла йолуш. Европехь шорта а дахаран аьттонаш белахь а, кхузар дахаран кеп а, заманан лехамаш а, вайн ламасташца цхьаьна догӀуш ца хиларо, нохчийн доьзалшна йукъахь цакхетамаш кхулла, бохуш, мукӀарло до Норвегехь вехачу кхин цхьана къамелхочо 57 шо долчу Мохьмада.

Кегирхошна, цӀахь йа диаспорийн  маьждигехь  шайн хаттарна жоп ца карийча, кхечанхьа лаха хьовсу

"Европерчу вайн кегийрхойн дуьнене хьежамаш кхечу кепара бу. Дукха хан йоццуш нохчийн тойне кхайкхинера со. Нускал а, нуц а цхьана петарехь цхьаьна хиъна Ӏаш дара; ша нускал туркой къомах йара. Хьешашна йукъахь бара тайп-тайпанчу къаьмнех кӀентий: Пакистанера, Мароккера, кхечу пачхьалкхашкара а. Керла доьзалхой а бара, массаьрца а охьахийна Iаш. Со цхьана кегирхойн тойне кхаьчна санна хеташ Iийра со Ма-дарра дийцича, гена дара иза вайн нохчийн Iадатехь. Ас ца боху хӀара массо а меттехь хуьлаш ду, амма, вай хинцале а сагатдан дезаш ду аьлла хета суна. Наггахь, вай гӀалат дина аьлла хета суна. вайн бераш кхуза схьадалийна", - боху Мохьмада.

Австрехь йехачу къамелхочо Тамарас дуьйцу, шен бераш кхиазхойн хене кхаьчча, цаьрца цакхетарш доладелла шен бохуш, бахьанаш- дахаре болчу хьежамашца башхаллех доьзна.

"Со сайн бераш вайн ламасташкахь а, бусалба динехь а кхио гIаьрта, ас хаддаза хьехам бо царна, амма, арахь шадерриг а кхечу кепара ду: школа, доттагӀий,дахар а, гонах дерг, ас царна хьоьхучух вуно къаьсташ ду. ТIаккха, тхан гIовшах цакхетарш хуьла. ХӀара Нохчийчоь йац, кхузахь дIаалар тоьуш дац дезалшна. Сан 14 шо долчу йоӀа хӀинцале а боху соьга, со шен чу йогIуш, соьга неI тоха, ойла йехьа? Аса тахана а, сайн хенахь эр дацара сан нене и хIума", – далхо Тамарас.

Австрехь, диаспорехь вевзаш волу йукъараллин жигархо Арсбин Абу-Бакр цхьана декъехь реза ву ламасташ дӀадоьлхуш хиларна, амма чӀагӀдо, иза доккхачу барамехь цахилар: "Вай кхеташ ду, жимма вайн эшам хира буйла, амма, иза а ду вайна лазаме".

Ши агIо йу: тардалар  йа  дIакъаьстина тобанехь дахар

Евробертана йукъайогӀучу пачхьалкхашкахь нохчийн кегирхошна радикализаци хиларца доьзна хьал, редакторца дийцаре деш, къамелхой реза ца хилара хаамашкахь дуьйцучунна.

"Масала, наггахь вайн Ӏадаташ (гӀиллакхаш) исламан низамна дуьхьал хуьлу, - боху Норвегерчу Мохьмада. ЦӀахь а, диаспорийн маьждигехь а, шайн хаттарна жоп ца карийча, кегийрхоша уьш кхечу меттигашкахь лоьху. Цул тIаьхьа, доьзалехь, дай-нанойн авторитет дӀайолу. Кегийрхошца болх бар диаспорехь дӀахӀоттийна бац: диаспора алсам хьийзаш йу политикан къийсамашца, йа ичкерихошца, йа кадыровхошца, ткъа цу юкъана вай кегирхой, тIехь Iуналла доцуш буьсуш бу".

Бакъонашларъйархочо Гисаевс, мелхо а, харцйо нохчийн кегийрхой радикализацин проблема. Цо дийцарехь, иза йеккъа цхьана хаамийн гӀирсаша хаддаза "нохчашна экзотикан леларан васт кхолла" гӀертар ду.

Иштта хьежам бу Арсбин Абу-Бакран а - цо иштта бехке бо хаамийн гӀирсаш нохчашга цабезам гайтар: "Нохчийн террорхо» аьлла коьртачу агӀонна тӀе хӀоттайе, дуккха а нах хьожур бу хьуна цуьнга".

Европера дукхаха болу нохчий, тайп-тайпана хьелаш бахьана, даймахка баха аьтто болуш бац. Амма аьтто берг, шайн доьзалшца республике кхача гӀерта - цаьрга шайн орамаш ца да дицдалийта. Амма, къамел динчара билгал ма-даккхара, баккхийчера чкъор дийна мел ду бен лелар бац нохчи цIа, дIахедар ду. Кегийрхошна хазахета, Нохчийчу садаӀа санна боьлхуш, амма цигахь йеххачу хенахь баха ца лаьа царна: цигах ца магийна хIумнаш дуккха а долун дера.

Со даиманна а ваха лур вацара Нохчийчохь, цигара дахаран раж соьца ца йогIу

"Европера нохчийн даймахкаца йолу зӀе чIогIа йац, - комментари йо республикерчу Кавказ.Реалии сайтан къамелхочо Ӏисас – уггара дуккха а шарахь цкъа цIа богӀу уьш, йа цулла а къезиг. Махкал арахьа бина кегийрхой шайн ненан мотт ледара буьйцу, ткъа цхьаболчарна цхьана кепара а ца буьйцу. Хунда аьлчи, берийн беш, ишкола, университет- и дерриге а аренца ду, вайн ламасташ а, мотта лардан аьттонаш бац цигахь".

Оцу бахьанашца, Нохчийчуьрчу вахархочунна хетарехь, нохчийн эмигрантин ши некъ бу – жим-жима шаьш бехачу меттигара къаьмнехь дIатарбалар йа схьаийна йоцу, дӀакъевлина тобанехь дахар: "Вай сагатдан оьшу аьлла ца хета суна, махкал арахьа кхиъна нохчийн къона чкъоран, хIинца уьш европахой бу аьлла. ХIунда аьлчи муьлххачу а эмиграцин хуьлаш йолу процесс йу иза".

Австрехь йехаш йолу Хеда республикера дас-нанас дӀайигинера 20I0-чу шарахь, цуьнан бархӀ шо долуш. Керла мотт Ӏамор атта дара, боху цо, ткъа йоьӀан дагахь дац даймахка йухаерза.

"Суна ца лаьа Нохчийчохь йаха. Сан йухайерзаран маьӀна ца го суна“, - бохуш дуьйцу къамелхочо кхидӀа а. Кхузахь дахар чIогIа чехка ду, суна хазахеташ кепара, ткъа сайна луъург бедар лело йиш хилар а коьрта ду суна: Сан дукхха а доттагIий -йоIарий бу, хиджаб лелош, амма, суна наггахь, чIогIа “оверсайз” духар а, джинсаш а хазахета. Сан ненаца, цу хьокъехь кест-кеста къовсам хуьла сан, амма тIахькха а иза тиеша йан аьтто бола сан.Тъка динах лаьцна аьлча, дас а нанас даимна ламаз де ца бахахь а, ламаз деш йу со, хIунда аьлча, со Делах тешаш йу. Кхузахь, сан кханенна йолу Iалашо, дешар дика чекхдаккхар а, духаран дизайнер хила а".

Норвегехь вехачу 24 шо долу Сулим а вац дагахь республике йухаван а. Церан доьзал 18 шо ду махкара дIабахана Iаш.

"Ас сайн дахаран дукхах йолу хан кхузахь йаьккхина, цундела сайн кхане Норвегехь го суна. Сайн ненан мотт хаьа, амма цIахь (Нохчийчохь), чӀогӀа акцент йу бохуш, сох боьлу сан доттагIий. ХӀора аьхка тхо цӀа доьлху, хIунда аьлча, сан да-нана чIогIа лууш ду, тхан даймахкаца йолу зIе чIагIйан. Суна сайна а, хазахета Нохчийчу воьдаш, амма, бакъдерг дийцича, хIинца со Iа лур вацар цигахь. Цкъа маццаха а, со къанвелча, даймехка йухаверза тарло со. Сан дас, кест-кеста хьагIош ду иза, шан къанвелча, цIа воьрзар ву бохуш" – дуьйца жимчу стага.

Баккхийчара кегирхошна йеш йолу критикех кхеташ ву Сулим. Цо дийцарехь, кхиазхо волуш цуьна амалаш бахьана, халонаш лайна цуьнан дас-нанас, амма "массера кхиазхойн хенахь хуьлаш хир ду иза", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

  • Оьрсийчоьно "терроран" артиклехь бехкаш дехкина Нохчийчуьра орамаш долу Акиев Ӏаьлви Польшин Ӏедалша шайн пачхьалкхера араваьккхина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте хаам бина бакъонашларъяран организацин а, диаспоран а шина хьосто, шайн цӀераш йовзийта ца лиъна царна.
  • "Исламан пачхьалкх" олучу дуьненаюкъарчу террорхойн тобанан веа агӀончана хан тоьхна Бельгехь. Царах кхоъ нохчийн къомах ву. Кхело бинчу сацамо кхин цкъа а тидам тӀебахийтира Европехь диаспорийн юкъараллашкара цхьаболу кегийрхой радикализацица йоьзначу проблемина. Цуьнца цхьаьна меттигерчу Ӏедалша а, нохчийн бакъонашларъярхоша а чӀагӀдо: бӀеннаш эзарнаш нохчий низамаш лардеш, болх беш а, шайн позици йолуш а, кест-кеста шайн керлачу пачхьалкхашна дуьхьал спортан къовсамашкахь дакъалоцуш а болу Евробертан бахархой бу.
  • Дахаран хьелашца доьзна бахьанашца дов иккхинчохь нах байъарна Нохчийчуьра бахархой Германехь бехкебина кху шарахь масех бехкзуламан гIуллакхашна. Цуьнан чIогIа карзахе тидам бина оцу диаспорийн векалша, махкахошкара даьллачунна шаьш жоьпехь хиларна а, и гIуллакх нахалахь дийцадаккхарна а. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, и хиламаш а, тIелеттачийн къам а цхьаьна доза мегар дац аьлла.