Нохчийчоьнан куьйгалочун 70 шо долу нана Аймани дуьххьара нисйелла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна бухахь. Цунах лаьцна хааамбира америкахойн финансийн министралло марсхьокху-баттахь. Жоп лучу цуьнан кIанта америкахойн Iедалхошна тIедожийра шайн сацам хийца аьлла, чIагIо йира "иштта дуьтур дац" ша аьлла. Редакцино хеттарш дина эксперташ тешна бу, сил чIогIа цо реакци йар доьзна хир ду Iарбойн пачьалкхашкара КадыровгIеран доьзалан активашна кхерам латтарца. Делахь а и активаш билгалйаха хало хир ду, хIунда аьлча, шайн дозанал арахьара бахам къайлахьош Оьрсийчоьнан элито чолхе схемаш лелош йолу дела.
Дипломаташна тIаьхьабовлар
Кадырова санкцийн тептаре йаьккхина, вийначу цуьнан хIусамден Кадыров Ахьмадан цIарах регионалан йукъараллин фондан президент иза хиларе терра. Дозанаш тоьхна иштта, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативе бохча" ду аьлла, гIарайаьллачу фондана а цхьаьна, цуьнан гонера кхаанна а: нохчийн омбудсменна Солтаев Мансурна а, республикин премьер-министрна Хучиев Муслимна а, "Ахмат" полицин полкан командирна Чалаев Замидна а.
Царна жоп лучу Кадыровс эмоционале видео дIайазйира, америкахойн Iедалхошка катоххий шен нанна тоьхна санкцеш йухайаха аьлла. Тептарера кхинберш хьаха а ца бина.
"Сан нанна аша дуьхьалйаьхна санкцеш дIа ца йахахь, аса Делах дуй буу, иштта дуьтур дац аса шуна и. Цо цхьанхьа а лаьцна дакъа а дац, даим а шен чохь Iаш йу иза, цо цхьана а кехатана куьг ца йаздо, политикан дIахьедарш ца до. Цуьнан боллу бехк – сан нана хилар бен бац", - дIахьедина Кадыровс.
Нагахь санна, санкцеш йуха ца йахахь, цо чIагIо йина "америкахоша мел лелочунна тIе а товш Iен Европан пачхьалкхаш хIаллакйийр йу" аьлла. Иштта кхерамаш тесна, дипломаташ лоьцур бу аьлла.
Политикан хIара дIахьедар бIостане ду цуьнан иттаннашкахь Кадырова Айманис йукъараллин фондехь дечу гIуллакхех лаьцна бинчу хаамашца. Оцу фондехь иза президент хилла ца Iа, иза схьайиллинарг а цхьаьна йу Аймани (карарчу хенахь фонд йиллинчех болу хаамаш къайлабаьхна). Организацин коьрта Iалашо йу меттигерчу бахархошна гIо латтор, амма Украинехь тIом болийначул тIаьхьа цуьнан гIуллакхаш дуккха а шордира. ХIинца Нохчийчохь гIоьналла олу кеманаш эцарх, бронетранспортераш а, тIеман экипировка а латторах, иштта украинхойн сурсаташ йекъарх шаьш дIалецначу меттигашкахь. ХIоразза а Кадыров Рамзанан баркалла олура шен нанна, иза йу сацамаш тIеоьцург бохуш, чIагIдеш.
Организацин хеттарш Кадырова Айманис луьстуш дацахь а, юридикехь фондд цуьнан куьйгалли кIел йу.
КХИН А ХЬАЖА: "И ахча дагардойла йац". Украинерчу тIамехь йина харж Нохчийчохь беркате гIуллакх ларар
"МостагIчуьнца мах лелор" аьлла, дуьненан Хьалхара тIом болуш дуьйна тIеэцначу Низамца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн бакъо йу кхоалгIачу стагана дуьхьал санкцеш йаха. Цунна оьшуш бац цхьана а кепара низаман сацам, кхетадо "Либеральная миссия" фондан кхеташонан декъашхочо, экономисто Жаворонков Сергейс.
"Кхеташ ду, хIара тайпа сацам леррина толлуш бу, политикан хьолах боьзна а хуьлу и. Амма, дуьненан мах барехь США-н дакъа лерича, къийса ца валар бен дарба дац. Кадыровн оцу кепара реакци хилар, суна хета, цуьнан арахьарчу мехкашкахь, иштта гIажарийн аймера пачхьалкхашкахь а, ткъа церан дукха хенара схьа дуьйна йукъаметтигаш йу США-ца, активаш хиларца доьзна", - аьлла хета экономистана.
Жаворонковс тIечIагIдира, карарчу хенахь Вашингтонан а, саIудийн а йукъаметтигаш эхI аьлла йац, амма политикан берташ бахьана долуш хьал хийцадала тарло. Санкцийн тептаре баьхначу нахана активаш дIайаларх, иштта Кадыровн доьзал а бу цу йукъахь, церан дийцаршлахь коьртачех хила тарло.
США-н дипломаташна кхерамаш тийсар – генна дIагIур йолу тIаьхьало йолуш хIума хила тарло
Пачхьалкхехь болх беш репрессин низам хиларна шен цIе йаккха ца лиина федералан политолог, Нохчийчоьнан урхалхочун видеога хьаьжначул тIаьхьа, шеквелира, шен дIахьедар Кремльца дагаваьлла цо дина хир ду бохучух.
"Биллина дипломаташна туьйсу кхерамаш, цу тIе Американ векалшна – иза тера-мера хIума дац, генна дIагIур йолу тIаьхьало йолуш хIума хила тарло цунах. Тахана дуладелла лаьттачу кху хьолехь Москван официалан векалша шайна а ца магадо оцу кепара къамелаш дар. Кадыровс киллерш лоьцуш, Европера шен оппоненташ дIабохуш дуккха а меттигаш нисбаларна, Оьрсийчохь лечкъораш буьйцур бац вай, кхерамаш тIехтесна буьту хIума дац", - билгалдаьккхира спикеро.
Амма эксперт ца теша, баккъал а Американ дипломаташ лоьцуш, скандалан бахьана Кадыров Рамзана доккхур ду аьлла. Тоххара а дира цо зевне дIахьедарш арахьарчу политикан хеттаршца доьзна, амма хIетахь президентан Путин Владимиран пресс-секретаро дагадаийтира цунна, оцу кепара хаттарш губернаторийн карахь цахилар.
Нохчийчоьнан куьйгалхо шен нанна тIехIоттар кхетам боцуш дина хIума санна хета дерзийра спикеро къамел. Халла дешнаш вовшахдеттара Кадыровс, шен коьрте деъанарг дIа а олуш.
Мила ву шейхашна уллора?
Нохчийчоьнан урхалхочун гоно, йеттачу санкцеша шайн деш зен дац бохуш, кест-кеста дIакхийкхадахь а, цуьнан критикаша кхин боху. Нохчийн бакъоларйархойн хаамашца, Кадыровн гергарчу нехан йаккхий активаш йу Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь. Цундела политикан чоьхьарчу гергарчарна йетташ йу и санкцеш, цаьргахула шен бизнес а, чу- ара ца баккхалун бахам а лелабойла цуьнан долу дела.
Тамаш бу Кадыровн йукъараллин фондан активаш Американ долларшкахь латтош йелахь
Билгалдаьккхина ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочо официалан декларацаи тIехь дукхахйолу шен активаш охьайазйеш цахилар. Масала, Iарбойн шейхаша дина деза совгIаташ, люксан машенаш, йа говраш хаьхкича даьккхина ахча – дуьйцург ду кхузахь масех шарахь гулделла 100 миллион сом. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочун чоьташкахь а, говрех болчу хаамашкахь а, церан мах бу бIеннашкахь эзар евро.
"Цкъа делахь, иштта реакци цо йина, санкцеш шен ненах хьакхайаларна, кавказхойн престижо тIедожадо шога жоп далар – Нохчийчохь нене болу ларам чIогIа беза бу. ШолгIа аьлча, цуьнан нана формалехь йу, Нохчийчоьнан шолгIа бюджет лоручу, цуьнан ден цIарахчу фондан куьйгалхо. Меттигерчу бахархошка бертаза дохкуьйту оцу фонде алапийн цхьа дакъа, оцу ахчанех шайн хьаштдерг эца йиш йу церан. Кхузахь дуьйцург цхьа гIоьналла хилла ца Iа", - билгалдоккху политолого Преображенский Ивана.
Цунна хетарехь, фондах пайдаэцна хила тарло "гIажаройн аймера Кадыровн доттагIашца" финансийн схемаш лелош" – Нохчийчоьнан урхалхочо масийттазаза дIахьедора цигарчу урхаллехь болчу нахаца гергарлонаш ду шен бохуш. Иштта делахь, тоьхначу санкцеша цхьана кепара хьовзам боккху оцу кепара барт беш.
2022-чу шарахь Цхьаьнатоьхна Iарбойн Эмираташ "сирачу тептарехь" йолчу пачхьалкхашна йукъа йазйинера ахчанаш къайладахарца къийсам латточу (Financial Action Task Force, FATF) тобано. Оцу сферехь дикка харцонаш лелийна хилар гучудаьллера царна. Оцу бахьанашца Абу-Дабис лара йеза шолгIа тоьхна санкцеш, цара Кадыровн доьзална зен дан там бу.
Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Америкехьа позици лецира СаIуда Iаьрбийчоьно, рынкера Оьрсийчоь арайаккхархьама мехкадаьтта даккхар алсамдаккха аьллачу КIайчу цIийнаца берта а ца йоьдуш. Оьшучу далахь СаIуда Iаьрбийчоьно Вашингтонан аIго лоцур йу, Нохчийчуьра активаш атта дIа а хоьцуш, чIагIдора эксперташа Кадырова Айманина дуьхьал санкцеш йахале дуьйна а.
"Керла гIоли йехар"
Нанна тоьхначу санкцеша баккъал а КадыровгIеран хьолана тохар дийр ду аьлча, шеквуьйлу Оьрсийчуьра Transparency International организацин куьйгалхо Шуманов Илья.
КХИН А ХЬАЖА: Путинан тIаьххьара сатийсам? Кадыровн доьзална тIе совгIаташ стенна Iенадо Кремло
"Шен доьзална дуьхьал динчу стенна а оцу кепара чуьра волий жоп луш лелар – Кадыровн визитан карта ду. Малхбузенан регуляторш тIекхочур болчу юрисдикцешкахь Кадыровн фондан активаш йелахь, тамаш бу-кх. Хир йац уьш йа долларшкахь латтош а, хир дац йа цуьнан нанас долларш тIехь долу банкан карта лелош а, дозанал арахьа цуьнан цIарах бахам белахь а тамаш бу. Оьрсийчоьнан санкцешна бухара элитас шен активаш пачхьалкхал арахьа латтайо бохург, царна тIехь йиллина контроль латтош йу бохург дац, и бохург ду шайн бахам къайлабаккхархьама цара чолхе схемаш лелайо бохург", - кхетийра Шумановс.
Цунна хетарехь, Кремле шен терго йайта дина хила а тарло Кадыров Рамзана дIахьедар.
"Республике кхин а тIе ахча озон хIара дика кеп йу, гIаравала, пачхьалкхан совгIаташ далийта, федералан тIегIанехь шен Iаткъамбар шордан", - аьлла хета Оьрсийчуьра Transparency International-ан куьйгалхочунна.
Массарна а гергахь ЧВК "Вагнер" кхоьллинчу Пригожин Евгенийца эгIар дIагайтинчул тIаьхьа, КадыровгIеран доьзална дикка пайда хилира.
Доккхачу декъанна, политикца боьзначу нахе йелира Мариуполера йоккха Ильичан цIарах металлургин комбинат а, Danone Россия комбинат а. Гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун йоIана Iайшатана "Даймахкана гIуллакхаш дарна" орден йелира, кхин а масех де даьлча изза совгIат кховдийра Кадыровн невцана Тумхаджиев Iийсанна а. Марсхьокху-беттан йуьххьехь политикна баркаллин кехат дохьуш веара Кремлера Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Чайка Юрий. И доцург а, Путин Владимира Сийлаллин орден йелира Кадырова Айманина, "Даймахкана къахьегарна" орденаш йелира 26 шо долчу Кадыров Хьамзатана, хIусамнанна Меднина – "Нана-турпалхо" мидал йелира.
- 2022-чу шарахь фондо шен активаш шорйира 700 миллион соьмана. Цара шайн чоьтехь билгалдаьккхинчу ахмиллиард соьме ца кхочу массарна а хезаш дIакхайкхийна Украинерчу тIамехь йина харж, иттаннашкахь йина хIусамаш, бIе машен. Оцу кепара цхьанацадараш дуккха а ду уггар а хьолечу, уггар а къайалйаьхьначу пачхьалкхера фондан, йаздира хьалхо Кавказ.Реалиино.
- 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн "Магнитскийн тептаре". Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла. 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.
- Украинин президенто Зеленский Владимира оханан-беттан 1-хь керла санкцеш йукъайаьхна. Царна йуккъелаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик. КадыровгIеран доьзална хIун тIеIаткъам бийр бу цу санкцеша, аьлла хеттарш дийцаредира Кавказ.Реалии сайто эксперташца.
- Нохчийчохь йоллу урхаллин система Кадыров Рамзанна а, цуьнан гергарчу нахана а тIехь йихкина йу, оцу йукъанна шен гергара нах даржашка хIиттор цецвийла хIума ца хета цунна. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин-йишин бераш, шичой, маьхчой иштта кхин дIа берш а. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикера пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.