Iазапан конвейер: Басаевн тобанхоша ГIалгIайчоьнна тIелатар дина 20 шо кхачарна

Наьсарана тIелатар, сурт: Reuters-н архивера

Ткъа шо хьалха, 2004-чу шеран мангал-беттан 22-чохь, нохчийн тIемалойн хьалханчан Басаев Шемалан тобанаш тIелетира гIалгIайн шина гIалина – Наьсарана а, Карабулакана а. Цул а хьалха динера кхин цхьа терроран тIелатар – Бесланера школа дIалоцуш. Ши бутт баьллачул тIаьхьа оццу тобано дира и зулам а. ГIалгIайчоьнна тIелетар динчул тIаьхьа хиллачу контртерроран операцеша махкара хьал кхин тIе а талхийра, дуьхьалойар а, радикализаци а самсайоккхуш, бохура Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа.

2004-чу шеран мангал-беттан 22-чу буса Басаев Шемала куьйгалла а деш, масех бIеннашкахь тIемалой чубахара ГIалгIайчоьнан дозане. Герзах йоьттина тобанаш цхьана хеначохь тIелетира Наьсарара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин гIишлона, кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллина а, дозанхойн 137-чу декъан базана а. ТIемаш боьлхура Карабулакехь, цигахь тIемалой тIелеттера ОВД-на а, МВД-н складашна а, ОМОН-н а, ГУВД-н а базашна а, ишта Слепцовская, Орджоникидзевская станицашкахь а. Федералан "Кавказ" олучу боккхачу некъа тIехь блокпосташ хIиттийра, тIеман дакъош административан гIишлош а, ницкъаллин структураш а дIакъовлуш, Басаевн тобанаша йоллу буьйсана шайн контролехь латтийра республикера коьрта, къаьсттина дукха нах беха меттиг.

Йоццачу хеначохь тIемалойн аьтто хилира бакъоларйаран, ницкъаллин структурийн ницкъаш лагIбан, лакхарчу командин декъан куьйгалла дечу нахаца йист йаьккхина. Ишта дагалоьцура тIелетар динчу хенахь Наьсарахь хиллачу журналисто Ториев Мохьмада. Цо бахарехь, доллу некъаш а, машенийн дIасалелар а тIемалоша шайн тидамехь латтош дара, милцошна уьш боллучохь тоьпаш тухура цара. ГIаличохь масех меттиг йисинера, ницкъахошна дуьхьало латтон аьтто болуш.

Нападение на Назрань

Биллгал маса стаг вара тIелеттарг официалехь аьлла дацара. ДIахьедора, тобанехь масех бIенашкахь нах бара, царлахь нохчий а санна, гIалгIай а хиллера. Кеп-кепарчу хаамийн гIирсаша 200 тIера 300 стаге кхаччалц бара бохура. Басаевс ша дIахьединера, "гIалгIайн операци" йукъаозийна 570 сов "муджахIид" вара аьлла. Оццу видео тIехь цо чIагIдора, шайн ка йаларх герзан арсенал схьаэца, автоматаш а, миллион патармаш, дуккха а барамашкахь тIедуху хIума а.

"Новая газето" йаздарехь, дайъинчу герзан а, патармийн а терахь догIуш ду Басаевца дIакхайкхийначуьнца. 2004-чу шеран гезгамашин-баттахь коьрта прокуроран гIовса Колесников Владимира тIечIагIдира, ГIалгIайчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин складера лачкъийначу герзах пайдаэцнера Бесланера школа йоккхуш аьлла.

Масех сахьтехь тIом бира ГIалгIайчохь. Iуьйранна вовшахкхетта тIемалой махкара арабевлира, машенаш тIехь шаьш схьадаьккхина герз а эцна. Оцу хеначохь, Къилбаседа ХIирийчуьра тIеман министраллин эскарш регионе сехьадаьхча, цигахь тIелеттачех цхьа а вацара.

ГIалгIайн Iедалхоша хаамбарца, 98 стаг вийра хIетахь, 104 лазийра. Царех дукхахберш – республикера ницкъаллин а, бакъоларйаран а органашкара белхахой бара. Бакъоларйаран "Мемориал" центран хаамашца, гIаттамхойн цхьахйолчу Iалашонаш хиллера мел а дуккха а ницкъаллин структурашкара белхахой хIаллакбар – ФСБ-н, ОМОН-н, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин, оперативан а, талламан а апаратан.

Нохчийчоьнан маршонан агIончашна дуьхьал чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лелийначу репрессешна тIехула дара Басаевн тобанан Наьсарана тIелатар, чIагIдо Европехь болх бечу "Цхьаалла" Ичкерин боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. "Нохчийн тIеман-политикан куьйгаллин дагалацамехь" хиламаш бара уьш бохура цо.

Оцу тIелатарехь вийра гIалгIайн 24 милцо, белхан хьокъехь кхечу регионашкара хьажийна МВД-н 15 белхахо, УФСБ-н 12 белхахо а. Байъинчарлахь бара лаккхара ницкъаой а - Наьсаран а, Наьсаран кIоштан а прокурораш Бухуртанов Мухарбек а, Озиев Билан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочушдеш хилла Костоев Абукар а, цуьнан гIовс Котиев Зияудин а.

Лазийна ницкъахой булазартнехь, Магас

Маьршачу нахалахь вийнера мел лахара а 44 стаг. ТIемалоша тоьпаш тухура пачхьалкхан балхахь волчу муьлххачунна а, цуьнгахь болх беш хиларх кехат гучудаьллачул тIаьхьа, аьлла ду Human Rights Watch организацин рапортехь йаздина. Беллачарлахь хилла – махкара почтин куьйгалхо, транспортан а, йуьртабахаман а министраллашкара хьаькамаш а.

Катоьхна цхьа дуьхьало ца йинчу федералан структурийн эгIазалла дIагайтинера Басаевн тобанаша тIелатаро. ГIаттамхой буха тухуш гIалгIайн милицина гIо ца дира йа армино, йа чоьхьарчу эскарша а.

48 сахьт даьллачул тIаьхьа, герзашца тIе мел леттарш регионан дозанаш тIера арабевлча, республикехь операцеш йолийра тIемалой лоьхуш, йа вуьшта официалехь олуш ма-хиллара: контртерроран барамаш.

"Контртерроран барамаш"

Федералан ницкъахойн хьалхара гIулч хилира Нохчийчуьра баьхкина мухIажарш бехачу меттигашкахь йолийна спецоперацеш. Шога низам дохош лецира 70 сов стаг. Бакъоларйархойн гIоьнца уьш берриг а маьршабехира. Делахь а контртерроран тактикан механизм кхоьсира – гучуйехира "гIаттамхойн агIончех" тептарш, цу тIехь йара меттигерчу бахархойн бIеннашкахь цIераш.

Процессуалан барамаш ца ларбеш, ницкъаллин структурийн белхахоша дукха хьолахь шаьш ца довзуьйтура, йа бахьанаш ца дуьйцура гIаттамхошца уьйрашкахь хилла бохуш, нах лоьцучу хенахь. Бакъоларйархочо Черкасов Александра дийцира цунах лаьцна:

"Мангал-беттан 20-чохь Галашкера Партизанийн урамехь долчу цIа чу лилхира ницкъахой. ХIусаман да лаьцна, иза уьйтIа а ваьккхина, цунна тоьпаш тоьхнера. Цул тIаьхьа ФСБ-н эпсаро дIадешнера ХучбаровгIеран цIийнах хьовса бакъо лун кехат. ХIусамнанас мохь хьаькхнера: "Тхо АрабхановгIар ду, хIара кхин адрес ду!" аьлла.

Оцу урамехь кхечу цIа чохь вехаш хиллачу Хучбаровн вада ка йаьллера. 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 2-чохь иза хьалха а ваьлла тIелатар дира Бесланера школана гIаттамхоша.

2004-чу шарахь дийнна аьхка бакъоларйаран "Мемориал" центре бевлира ницкъаллин структурийн белхахоша бале лаьцначу бахархойн иттаннашкахь гергарнаш. "Iазапан конвейер. ГIалгIайчохь контртерроран операцеш дIахьочу заманчохь адамийн бакъонаш хьешар" аьллачу рапортехь йаздина ду ницкъахоша 75 стаг лачкъорах. Царех 25 тIепаза вайра, цхьаъ велла схьакарийра. Дукхахболчарна тIехь Iазапаш хьегна хиллера, гIаттамхошна гIо деш дара шаьш ала, йа ГIалгIайчуьра кхин бахархой бехбеш, цIераш йаха бохуш.

Наьсарахь динчу тIелатаран тIаьхье

Басаевн тобанаша Наьсарахь а, Карабулакехь а тIелатарш динчул тIаьхьа ницкъахоша лелийначо мелхо а дуьзира гIаттамхойн а, къайлах бекхам беш лелачу партизанийн а могIарш, тешна ву бакъоларйархо, журналист Дмитриевский Станислав. "Ницкъахойн брутале хьийзаро – низам ца лардеш нах лецар, ницкъбар, харцонца дина таIзарш – оцу доллучо а гIалгIайн гIаттамхой меттахбехира, Орсийчоьнан Iедалхошна Кавказехь "маьрша тIетовжийла" йолчуьра йелира республика.

ГIалгIайчохь, хIинццалц схьа маьрша, паргIат дахар хиллачу – оцу кепара тешаме тыл лаьттина йолу федералан ницкъашна, - резабацар кхуьура

" ГIалгIайчохь, хIинццалц схьа маьрша, паргIат дахар хиллачу – оцу кепара тешаме тыл лаьттина йолу федералан ницкъашна, - резабацар кхуьура. Республикехь вовшахкхеташ бара къайлабевлла дуьхьалойан хьийза нах. И дерриг а, федералан ницкъахоша лелийначу, оццу "контртерроран тактико" долийна дара", - билгалдоккху бакъоларйархочо Черкасов Александра.

ГIалгIайчоьнна дина тIелатар герзашца дуьхь-духьал латтар дIадолор дара, кхетадо Сулеймановс. Цуьнан дешнашца, Басаев масийттаза вистхилира гIалгIайн а, Нохчийчуьра кавказхойн кхечу лаамхошка а критика йеш, шайн мехкашкара ницкъахошна дуьхьал "джихIад" доладе бохуш. Амма къаьсттина гIалгIайн бахархошна йинчу репрессеша а, цул тIаьхьа Нальчикана динчу тIелатаро а къайлах лела тобанаш кхоллайалийтира.

"Басаевга кавказхойн лаамхой шайн-шайн мехкашкахь тIемаш болабан арабахалур бацара, ницкъаллин структураша цунна "гIо ца динехь", шайн террор хIоттийнера цара республикехь", - тешна ву Сулейманов.

Шийттаннан гIуллакх

ДIайаьхьначу лерринчу операцийн уггар а гIовгIане жамI дара, ГIалгIайчохь "шийттаннан гIуллакх" цIе тиллина хилла кхелан прцесс. Бехкебечарлахь вара 12 стаг, царех 11 ГIалгIайчуьра бахархой бара, Нохчийчуьра схьаваьлла цхьаъ а. Уггар а жимчун дара 24 шо, уггар воккхачун - 30 шо. Кхаа шарахь хаьттира церан дов. Оцу йоллу хеначохь бакъоларйаран а, йукъараллин а организацеш гIоьртира талламаш бечу хенахь а, кхело дов луьстучу хенахь а лелийначу харцонна тIе тидам бахийта. Бакъоларйархоша дIахьедора, бехкебечу массарна а тIехь Iазапаш хьегийтарх.

Бехкаш дохкуш тоьшаллийн база кхоьллинера цIенна шеконашка эцначара динчу мукIарлона тIехь, ткъа уьш дара вовшашца бIостане, билгалдаьккхира кхеле хIиттийначийн цхьахволчу адвокато Ахильгов Батыра. ТIемалой тIелатар доцург, кхин цхьа а хIума тIечIагIдан аьтто ца хилира талламан.

2011-чу шеран чиллан-баттахь Ставрополь-мехкан кхело сацам бира оцу гIуллакхехула. Бехкевечех цхьанна велла дIаваллалц чохь йаккха хан туьйхира, виссинчу 11 стагана – 10 шарна тIера 25 шаре гергга хенаш кхайкхийра шогачу хьелашкарчу колонихь йаккхийта.

Оцу доллучо а къайлах лелачу гIаттамхойн гIуллакх лах ца дира, мелхо а – бекхам бан лаам болу нах кхин а тIеуьйзира

"Шийттаннан гIуллакх" – цхьаъ бен йоцу кхел йацара, Басаев Шемала ГIалгIайчу рейд йинчул тIаьхьа дIайаьхьначех. 2005-2006-чу шерашкахь ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхело сацам бира махкара 30 вахархочун хьокъехь, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанан йукхахь дакъалацарна аьлла. Талламан комитетан хаамашца, 2011-чу шарахь Наьсарана тIелетар дина ву аьлла хетачу 300 стагах 60 лецира, вийра 48, лаца кхайкхийра 50.

"Герзаш делла тобанаш вовшахтоьхна, церан куьйгалла дина, тIелатар кечдина нах бацара лецнарш, лецна, таIзарш дира тIехь ницкъбина, бехкаш тIелецийтинчу нахана. Оцу доллучо а къайлах лела гIаттамхой лагI ца бира, мелхо а – бекхам бан кхин а керла нах йукъабалийра. ГIуллакх дирзира ницкъе къайлах лела болам гучу а болуш, цул тIаьхьа хилира ГIалгIайчоьнах Къилбаседа Кавказехь уггар а луьра меттиг", - дерзийра бакъоларйархочо Черкасов Александра.

  • Нохчийчоьнан республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин 2022-чу шарахь йинчу чоьтехь хаамбина 104 терроран кепехь зулам дина хиларх, ишта террорхойн гаранаш "хIаллакдарх", тIемалой бара боху ши стаг верах. Оцу тайпа терахьаш далийра 2021-чу шарахь ницкъаллин урхаллин чоьтехь а. Нохчийчоьнан республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIаттамхойн а, муьлххачу кепехь лелочу терроран а хIу дайъина бохуш, масийттаза дIахьедарш диннашехь, хIунда, муха нисло нохчийн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин чоьташкахь "кхиамца хIаллакбина" тIемалой, къастийра Кавказ.Реалии сайто.
  • Стохка зазадокху-бутт бовш дуьйна ГIалгIайчуьра Малгобекан кIоштахь лоьхуш бара герзашца йолчу тобанан декъашхой, цара масех тIелатар дира полисхошна. ТIаьхьо мехкан Iедалхоша дIакхайкхийра шеконаш йолу кхин а виъ вийна шаьш аьлла. Кху шеран зазадокху-беттан йуьххьехь къайлахчу сервисаша дIайаьхьира "контртерроран операци" КТО Карабулакехь, вийра йалх стаг. Царех кхоъ лоьхуш хиллера боху лакхахь хьахийна цхьа могIа полисхошна тIелетарш дарна.
  • Адвокаташа а, бакъоларйархоша а билгалдоккху, бакъоларйаран органаша тIемалой бара бохуш, бехкебинчара дукха хьолахь кхелашкахь дIахьедеш хиларх, талламаш бечу заманчохь тIехь ницкъбеш мукIарло дойтура шайга аьлла.