Iазапе шо: Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а бахархошна тIехь гIело латторах гIарадийлина дийцарш

Гайтаман сурт

Къилбаседан а, къилбан а регионийн бахархой кест-кеста шогаллех Iиттало йоллу Оьрсийчуьра набахтешкахь. 2023-чу шарахь бакъоларйархоша а, адвокаташа а кхин дIа а йаздора тIехь ницкъбина, сийсазаллаш лелийна, нах байина меттигех. Уггар а гIарадийлинчех дагадоуьйту бакъонашларйархошца цхьаьна Кавказ.Реалиин редакцино, дийцаредо, дахначу шаро муха хийцира церан болх а.

Кавказхой а, ФСИН а

2023-чу шарахь цхьа могIа таIзарш дира "набахтера джихIадхой" вовшахтохарх долчу гIуллакхашкахула – ишта олу колонешкахь ислам дин Iамо вовшахтоьхначу динан тобанех. Оцу вовшахтохараллашкахь дакъалаьцна бу бохучу, ницкъахоша бехкебечу тутмакхаша, дукха хьолахь къизаллаш лайна. Оцу хьукматийн администрацешна хетарехь, джамаIаташ "экстремистийн хьежам" болуш йу.

2023-чу шеран дечкен-баттахь Дагестанера вахархочо Рамзанов Магомедалис дийцира Кавказ.Реалиин редакцига шен чулацамца тера долчу гIуллакхех лаьцна. ГIалмакхойчуьра оцу номер 2 йолчу колонихь хан токухуш ву иза ша а. Цо бахарехь, тутмакхашна "чIогIа къиза йетта" гIуллакх толлучу хьалхарчу дийнахь дуьйна: "Тхо схьа ма даллора йиттира тхуна колонихь, цхьаберш шайн когаш тIехь а ца латталора". Экстремистийн гара кхоьллина аьлла, ша шена бехк тIелацийтира Рамазановга, кхерамаш тийсина, тIехь ницкъбина.

Къилбан гонашкара тIеман кхелан материалашкахь чIагIдарца, 100 гергга Къилбаседа Кавказан мехкашкара тутмакх номер 2 йолчу колонихь террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан гара кхолла гIоьртинера. Оцу низамехь доцчу гарана йукъахь дакъалацар-м стенна дуьйцура, и ду бохург а бакъ ца до тутмакхаша. "Набахтера джамаIатах" гIуллакх шайггара вовшахтоьхна ду олу бакъоларйархоша.

ТIаьххьарчу 10-15 шарчохь Нохчийчохь Iазапаш хьегийтарна тIехула гIаттийна цхьа а гIуллакх тхуна хууш дац

Стохка зазадокху-баттахь дийца даьккхира оццу номер 2 йолчу колонихь эрчонца гIело хьегийтина хиларх - Дагестанера Атимагомедов Магомедана тIехь иза хьийзош хIуманаш лелош ницкъбарна колонин белхахой бехкебо. Экспертизо тIечIагIдира, туалетехь лелочу щеткица иза хьийзийна хилар, амма зулам дина тоьшаллаш доллушехь, адвокатан аьтто ца болура бехкзуламан гIуллакх доладайта, ахшо сов хеначохь тийсавелира иза.

Атимагомедов латточу СИЗО йахара адвокат Алиева Аза. "Цунна йиттина, ницкъбина, цунна тIе цIийдина хи диттина чайник чуьра, верриг ваьгна ву иза", - дийцира цо. Алиевас иштта хаамбира, ша тIекхайкхина лазартнен хьаькам реза йацара цунна тIехь динарг дIайаздан, Атимагомедовна тоххара хилла чевнаш йу уьш бохуш. Вагийначу цунна оьшу молханаш дарбанан цIийнан хьаькамо адвокате шегга да элира.

Атимагомедовн гIуллакхо йоккха гIовгIа эккхийтира ИК-2 колонин белхахошна 2022-чу шарахь тIелатар дарх хаамаш гIарабевллачул тIаьхьа. Цхьа белхахо велира хIетахь, ворхIанна чевнаш йира. Атимагомедовн нанас а, вашас а дийцира Кавказ.Реалии сайте, колонихь цуьнан "кочаэхарх, масийттаза ламазан куза схьабоккхий, дIакхосарх". Ишта Атимагомедовн вешин дешнашца, исс баттана луьра хьелаш долчу дехьаваьккхинера иза, цхьа а бахьана а ца дуьйцуш.

Тутмакхна тIехь гIело латторах шолгIа зевне дийцинчех дара, Тангиев Тимур бахьанехь гIарадаьлларг. Тутмакхийн бакъонаш регионера масех набахтешкахь хьешарх латкъамбинера ГIалгIайчуьра вахархочо. Цо видео дIайазйира, цу тIехь дуьйцура ахчанаш дахарх, ницкъбарх, ша шена тIе куьг хьочу хьоле ваккхарх, шайггара бехктакхаман гIуллакхаш ийдарх. Тангиевн дешнашца, и доллу къепедацарш лелош хиллера регионера ФСИН-н урхаллин куьйгалхочунна Арсланов Михаилна а хууш.

КХИН А ХЬАЖА: "Набахтера джамаIат" гIуллакхехула ворхIанна 11 шерашка гергга хенаш йиттина Ростовн кхело

СИЗО-хь бала хьегийтар

Уггар а чIогIа дахначу шарахь дийцинчу зуламех дара 35 шо долчу Далгатов Курбанан ХIинжа-ГIалара Советский кIоштара полицин декъехь кхалхар. Дечкен-беттан 21-чохь велира иза, ша лаьцна масех сахьт даьллачул тIаьхьа. Далгатов цига валийна хиллера, герзаш деттарх гIаттийначу гIуллакхна тIехула теш санна. Ницкъахоша чIагIонаш йора, травматикан герз тоьхна, цхьана стагана чов йина, цул тIаьхьа къайлавала гIоьртинчу цхьанна-м цо гIо динера бохуш. Далгатов вийна аьлла шеконаш йу ворхI ницкъахочух.

Цхьа могIа аьрзнаш кхечира бакъоларйархошка 2023-чу шарахь СИЗО-хь бала хьегначу нахера. Масала, Краснодар-махкара Газырь эвлара вахархочо дIахьедира, Тихорецкан а, Выселковскан а полицин дакъошкахь Iазапаш хьегийтарх. Волайнхочо бахарехь, вихкина, лом тIехь хьала а айвина, къиза йиттинера цунна, айхьа къола дар тIелаца бохуш. Оцу йукъанна жима ши бер ду цуьнан цIахь дисина.

Хьанна а тIехь лело тарло Iазапаш

Бакъо йоцуш наркотикаш лелийна аьлла, шеконашка эцначу ГIалгIайчуьра йахархочо бехкебира ФСБ-н белхахой шега гIело хьегийтарна. Шена тIехь сийсазаллаш лелочуьра уьш совцорхьама, ша дина доцу зулам тIелаца дийзира цуьнан. ТIаьххьара а дуьхьало йира тIехь ницкъбарна а, шайгарчу бакъонел совбийларна а бехктакхаман гIуллакх доло.

Полицин декъахь стаг велла гIарадаьллачех ду кхин а цхьа гIуллакх – 40 шо долу Березиков Анатолийн кхалхар. Кега-мерса хулиганалла лелорна кхоалгIа лаьцна вара Ростов-на-Дону гIалара тIамна дуьхьал волу жигархо. Адвокате далхийнера цо, ницкъахоша шегахь гIело латторах, ткъа ша валале хьалха аьллера цо, шен дахарна кхерам лаьтта. СИЗО-н белхахоша иза кхалхаран бахьана хила тарло элира, ша шена тIе куьйгаш даьхьна, йа даге лазар иккхина аьлла. Марсхьокху-бутт бовш адвокатан Гак Иринин а, йукъараллин адвокатан Спорышева Татьянин а цIийнех хьоьвсира – щий а веллачун интересаш Iалашйеш йара.

ТIеман тIаьхье

Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа дийца даьккхира эскаран гIуллакх дечуьра дIабовла луучаьрца къизаллаш лелийна хиларх. Йахначу аьхка хаамбора, Ростовн кIоштара эскархойн декъера цхьанна тIехь Iазапаш хьегна, бакъо йоцуш лаца а лаьцна иза, контракт чекхдаьллачул тIаьхьа цигара дIавала дагахь хиларна. Бакъоларйархоша билгалдоккхура, иштачу меттигехь тIемашкахь болчу нехан цхьана а агIор шаьш Iалашдан таро цахиларх.

Цул совнах, дийца даьккхира, шайн буьйраллина гергахь "бехкала бахна" салтий "таIзарийн оьрнаш чу бухку" аьлла. ГIадужу-баттахь уьш хаабелира Волгоградан кIоштахь. Цигахь салташна йетта, лоьраш тIе ца бохкуьйту, дийнахь-буса а цкъа бен йуург а, хи а ца ло. Оьрсийчуьра веддачу "лаамхочо" дийцира журналисташка, церан могIаршкара дIавала лиъна ша а, оцу ор чу кхосарх. Оццу бахьанаш тIехула къизаллаш лелийра Ростовн кIоштара дакъошкахь болучаьрца а.

Оьрсийчохь а, тIом боьдучу йукъанна дIалецначу дозанаш тIехь а ницкъбарх, гIело хьегийтарх хаамаш бора Украинан бахархоша а цхьаьна. Украинхой йийсарехь хиллачу эскархоша дийцинера Ростовн кIоштара Таганрогера номер 2 йолчу СИЗО-хь бала хьегийтарх: царна йиттинера, йуучух хьегийнера, ток йеттийтинера.

КХИН А ХЬАЖА: "Ламазан кузаш дIакхуьссура". ГIалмакхойчуьра ИК-2 набахтин белхахочунна тIелатар хIунда дина?

Бакъонашларйархоша 2023-чу шарахь бина болх

Стохка "Iазапашна дуьхьал Команде" алсам хаамаш кхаьчна гIело латторах 2022-чу шарахьчул а дукхазза (40-на дуьхьал 43). ЧIогIа лакхадаьлла терахь олийла дац, бакъоларйархоша билгалдоккху: ницкъабарх билггал болу барам хууш бац.

"ХIинццалц схьа Iазапаш хьегийтича таIзар дора шегарчу бакъонел а сов ваьлла олий. 2022-чу шеран аьхка 286-чу артиклана доьалгIа дакъа тIетоьхна, ницкъбарна жоьпалла тIедожарах йолчу. ТIейогIучу заманчохь, статистика бахьана долуш, вайна цхьана агIор хаа тарло мел лакхара бу цуьнан барам", - боху КПП-н юристо (кхерамзалла ларйеш, цуьнан цIе ца йоккху редакцино).

Цунна хетарехь, пачхьалкхо таIзар до динчу зуламашна 15 гIуллакхехь цхьанна, делахь а Нохчийчохь хьал кхин тIе а эшна ду: "ТIаьххьарчу 10-15 шарчохь ницкъбинарш кхеле хIиттийна бац".

Iазапаш хьегийтарх долчу гIуллакхийн коьрта проблема йу – царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даха дуьхьал хилар, кхин дIа дийцира КПП-н белхахочо. Масала, Краснодар-махкара талламчаша дукха хьолахь цхьана тайпа жоьпаш ло бехктакхаман гIуллакх айда дуьхьало йеш, делахь а, юристаша йаздинчул тIаьхьа и сацамаш йухаоьцу цара. Цхьадолчу гIуллакхашкахула жоьпалла тIедожон 15-зза дуьхьало йина а нисло.

"Хьанна а тIехь лелайойла ду гIело, амма, масала, Краснодар-махкахь "буьйлало" Анапера кхиазхочунна тIера, цунна полицин декъехь мийрашца йиттинера, 75 шо долчу Тихорецкан кIоштара йоккхачу стагана тIекхаччалц (йуьйцург йу пенсхо Кушникова Клавдия, 2021-чу шарахь ницкъахоша цуьнан йоI лоцучу заманчохь куьйгах герз тоьхнера цунна.- Редакцин билгалдаккхар), - дерзийра Iазапашна дуьхьал Командин векало.

Локшина Таня

Европехула а, Йуккъерчу Азихула а йолчу бакъонашларйаран Human Rights Watch организацин декъан директоран гIовса Локшина Таняс, Къилбаседа Кавказера уггар а гIарадевллачу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш, билгалдаьккхира журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а дина тIелатар. Политикан буха тIехь нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран вежарийн нанна Мусаева Заремина дуьхьал айдинчу гIуллакхехула цунна таIзар кхайкхочу догIуш хиллера и шиъ.

Локшинас дийцарехь, журналистана а, адвокатана а дина тIелатар хилла ца Iара и, тIехь ницкъбар а ду кхузахь: "Милашинин пIелгаш кегдинера, телефонан праоль йийца бохуш. Оьрсийчоьнан кхоьлинчу контекстехь а цхьаьна хIара инзаре хIума дара".

2023-чу шарахь латтийначу гIелонах уггар а гIарадаьлла дара боху Локшинас, КъорIан дагийна аьлла лаьцначу Журавель Никитин гIуллакх СИЗО-хь цунна йиттинера Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIанта.

"Цхьана агIор, СИЗО-хь гIело хьегийтарх гIовгIане дийцар ду хIара, вукху агIор – тоъал нахала ца даьккхира хIара хилларг- ша шега далур доцу хIума ма дара 15 шо долчу кIанта изолятор чохь волчунна йеттар. Оьрсийчоьнан низамаша могуьйтуш дац кхиазхой низамехь доцчу гIуллакхашна йукъаийзор - и зулам ду", - элира бакъоларйархочо.

КХИН А ХЬАЖА: Буйнаш тIехь бакъо: 2023 шо а, Нохчийчуьра адамийн бакъонаш а

Цуьнан дешнашца, 2023-чу шарахь кхо а, цуьнан коллегаша а дукха хьолахь технологех пайдаийцира – терахьаллин талламех а, спутникан суьртех а, хIунда аьлча, "лаьтта тIехь" царна болх бан аьтто битина бац. Карладоккху, Оьрсийчоьнан юстицин министралло Human Rights Watch организацина йина регистраци дIайаьккхира 2022-чу шеран охан-баттахь.

Локшинас дукхазза белхаш бина Къилбаседа Кавказера бахархоша бинчу латкъамашца Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелаца, иштта тIехь гIело хьегийтарх а. Цо бахарехь, компенсацеш йелла ца Iаш, кхело адамашна нийсо, бакъо йу аьлла, тешам а лора: "Оьрсийчохь шайн бакъонаш Iалашйан ницкъ ца кхаьчна церан, амма бакъо карийна царна "лакхарчу кхелехь", цо къаьсташ дIа ма кхайкхийна, уьш бакъ бу, пачхьалкх бехке йу аьлла. Мацах чуделла хиллачу аьрзнашкахула толамаш бохучарна маьIне ду и тахана а, Оьрсийчохь и сацамаш тергамза битахь а".