Ичкерин эскархойх лаьцна видеош бахьанехь дагестанхочунна пхи шо хан тоьхна

Оьрсийчоьнан Лаккхара кхел. Гайтаман сурт

Орсийчоьнан лакхарчу кхело тIечIагIйина дагестанхочунна Дадашев Мурадна кхайкхина кхел - йозуш йоцчу Ичкерин агIончех ши видео дIахIоттийна аьлла, чохь йаккха пхи шо хан тоьхна цунна. Талламхоша экстремизме кхайкхар санна лерира иза. Дадашевс ша и тайпа роликаш йаржийна йац аьлла.

Кхело а, талламхоша а дийцарехь, 2020-чу шеран охан-баттахь Волгоградехь Дадашевс социалан машанашкахь ши видео хIоттийна хилла. Экспертизо гайтарехь, царна чохь "Оьрсойчоьнан Iедална дуьхьало йеш Нохчийчоьнан латтанаш тIехь сепаратисташа беш болчу зуламечу белхан пропаганда йаран билгалонаш" карийна.

Бехке леринчо социалан машанашкара цхьа агIо шен йац аьлла. 2020-чу шарахь СИЗО-хь волуш Дадашевн интернет лелон аьтто ца хилла, амма оцу агIонех цхьамма пайда эцна аьлла цо. Ша терроризмана пропаганда ца йина а боху.

Амма талламхоша, и видеош хIиттийнарг Дадашев ву аьлла, ша "хIинца долчу Iедална реза цахиларх" къамелаш дина цо а боху. Цул совнах, цуьнан машанашкарчу агIонехь буьйранчин Басаев Шемалан сурт хилла. И дерриге Дадашев бехке хиларан тоьшалла лерина кхело.

Эххар а Лакхарчу кхело и сацам ца хуьйцуш битира.

  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а тIемалой Нохчийчуьра Дагестане бахара, цигахь тIемаш бира цара 1999-чу шеран марсхьокху-баттера гезгамашин-батте кхаччалц. Йуьхьанца мехкан Ботлихан, тIаьхьо Новолакскан кIошташкахь. Талламан версица, верриг а цхьа эзар ах эзар хиллера уьш. Оьрсийчоьнан тIеман министраллин зерашца, вийна цигахь 300, чевнаш йинера 800 сов Оьрсийчоьнан эскархочунна а, иштта бакъоларйаран органийн белхахошна а, маьршачу бахархошна а. "Контртерроран операци" йоло цхьахдолу бахьана хилира оцу хиламех, шолгIа Нохчийчуьра тIом аьлла, билгалбаьккхина хилла. ХIетахь, 1999-чу шеран гезгамашин-беттан 30-чохь Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчоьнан дозанаш дIелийцира.
  • ТIемлой лоруш болучара кхелашкахь дIахьедо, шаьш мел дийцинарш шайга ницкъбеш дийцитийна ду олий, боху Оьрсийчуьрчу бакъоларйархоша, адвокаташа а.
  • Нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Доьхкина джихIадан тIемаш" илли бахьана долуш Теркан кIоштан кхело экстремистийн материалаш йаржорна бехке лерира меттигера вахархо. "Одноклассники" сайтехь пост йарна цхьа эзар сом гIуда туьйхира Атуев Висханна. Пост ФСБ-н белхахошна карийнера.