Ичкерин сатийсамаш: хьанна, стенна оьшу Европерчу нохчийн гулам

Нохчийн диаспоро Страсбургехь хIоттийна митинг

Нохчийчуьра шолгIа тIом бахьанехь республикан бIе эзарнаш бахархоша Европан а, Азин а пачхьалкхашка эмиграци йира, иштта Америке, Канаде а. Мангал-баттахь диаспоран векалша махкахойн гуламна анонс йира, тIаккха цунна лерина Страсбургехь пресс-конференци вовшахтуьйхира. Кавказ.Реалиино дуьйцу, дозанал арахьа бехачу нохчийн цхьанакхетаран бахьанех а, иштта цуьнан хьокъехь хиллачу къийсамех а лаьцна.

Тайп-тайпанчу зерашца къаьсттина Евробертан пачхьалкхашкахь бехаш 200 эзар нохчий бу. Царлахь Ичкерин а, (Оьрсийчохь магийна йоцу) "Имарат Кавказан" а агIончаш санна, Кадыров Рамзанан роже безам берш а бу. Цундела политикан хьежамаш тидаме эцча, хала ду диаспора цхьаэшшар ю ала. Амма Украине оьрсийн чугIортар хилча, цхьанакхета а, шайн меттиг билгалбаккха а лаам чIагIбелла Европерчу нохчийн.

Къоман референдум оьшу, иза ю нохчийн юкъараллин цхьанакхетаран Iалашо ю

Европехь берриг нохчийн вовшахкхетар дIадахьар хьахийнарг бара дукха хан йоцуш кхоьллина "Толам" комитетан куьйгалхой. Царна хетарехь, баьржина болу нохчийн политикан ницкъаш цхьана организацин юккъехь барамо схьагуло беза. Вовшахкхетаран меттиг Страсбург хаьржина – Европан политикан центр лоруш йолу.

Оцу францхойн гIалахь "Толам" комитет кхоьллина йолчу "Барт-Маршо" организацин хьалхо аьтто белира, дуккха а диаспоран векалша дакъа лоцуш гулам хIотто – 2017-чу шеран чиллан-беттан 23-хь эзарнаш нохчий схьагулбелира Европан Кхеташонан Парламентан асамблейна хьалха, 1944-чу шарахь дIабохош хIаллак хиллачу нехан иэсан Дийнахь. Ша Нохчийчохь иштта тезетан барамаш хIиттор оцу хенахь минимуме дигина дара – Оьрсийчохь чиллан-беттан 23-хь "Даймохк ларбечун Де" даздеш хиларна.

2020-гIа шо долалуш Страсбургехь юха а нохчийн митинг хилира, Кадыров Рамзанна оппозицехь лаьттачу жигархойн а, блогерийн а гергарнаш лечкъорна дуьхьал протесте боьвллера цуьнан декъашхой. Бараме 400 стаг веара.

Съезде боьдучу новкъахь

Диаспоран векалша дакъа а лоцуш Евробертан пачхьалкхашкахь митингаш хIиттораш "Барт-Маршо", "Толам" а, иштта Европерчу нохчийн Ассамблейс (тIаьххьарчунна Страсбургехь векалт а, штаб-квартира а ю) цхьанакхетараллаш ю.

Берриг нохчийн гулам вовшахтухуш накъосталла лоьхуш, оцу организацийн векалша шайн санна ойла йолчу нахе кхайкхам бира. Ичкерин хиллачу президентан кIентан Масхадов Анзоран а, "Толам" комитетан куьйгалхочун Сулейманов Джамболатан а, Австрерчу блогеран Адам вон Грацан а кхайкхамаш ютьюбехь арахийцира, иштта Великобританера, Польшера, Украинера нохчаша анониман кепехь дIабазбина кхайкхамаш а бара царлахь. Цара массара а гулам хIоттор къобалдира.

Амма шорттачу политикан ницкъашна юккъера, ша кхоьллинчу шерашкахь кхечу йозуш йоцчу Ичкерин агIончашца, уггар хьалха цуьнан арахьарчу премьер-министран Закаев Ахьмадан агIончашца, барт бан аьтто ца хилла болу политикан ницкъо берриг нохчийн гулам вовшахтоха гIертар дара дукхачу наханна ца тайнарг.

Нохчийн гуламна лерна пресс-конференци мангал-беттан 26-хь хилира. Цигахь дакъа лецира ПАСЕ-ра Украинан векало Гончаренко Алексейс – иза дукха хан йоцуш Лакхарчу радехь кхоьллина йолчу "За свободный Кавказ" фракцийн юкъара тобанан хьалханчан кепехь дакъа лоцуш вара. Барам ютьюбехула онлайн-рожехь гайтира, уггар дукха цуьнга цхьана муьрехь эзаре кхачалц нах хьовсура.

Оппозици кийча ю, Iедал ницкъ ца бечу кепехь хийца лаам бу цуьнан, цивилан гIирсашца

Страсбургерчу конференцин жамIехь меморандум тIеийцира, цигахь дуьйцура, Европехь нохчийн гулам цхьанатохархьама комитет кхолларх лаьцна.

Оцу хеначохь диспоран векалашца дийцарш дуьйладелира, Ичкерин кхане муха го бохучун хьокъехь. Коьрта хаттар – пачхьалкхан кхолларан бух шариIатца богIуш хир бу, йа демократин конституцица.

Страсбургерчу пресс-конференцин жамIашна комментари йоьхуш Кавказ.Реалиино "Толам" комитетан куьйгалхочуьнца Сулейманов Джамболатца къамел дира. Иза къера хилира, йозуш йоцчу Ичкерин идея, цуьнан агIончашна юккъехь къийсамаш хиларна "кIорггерчу стагнаце йирзина".

"ТIаккха иза къоман проект хиларна, кхузахь ерриг юкъараллин форум оьшу, иза ю нохчийн гуламан Iалашо", - тидам бина къамел дечо.

Сулейманов тешна ву, и барамаш хIитторал хьалха, нохчийн юкъараллехь цкъа дуьххьара бахархойн синхаамна тIехь болх бар оьшу. Цундела гуламан комитето "тахана хьалхе ду, кхана тIаьхьа хила мега", бохучу рожехь болх бийр бу, аьлла хета цунна.

Ницкъаца боцу некъ

Дукха хан йоцуш Оьрсийчуьра дIавахна волу нохчийн бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакаро юккъерчу барамехь къобалдо къоман гулам хIоттор.

Оппозици кийча ю, ницкъ ца бечу некъаца Iедал хийца лаам бу цуьнан, бахархойн гуламаш, конференцеш санна цивилан гIирсех пайда а оьцуш. Дуккха а адамийн маршо, бакъонаш хьешар дIа а гойтуш, карарчу хенара [Нохчийчуьра] Iедалан проблемаш гучуяха аьтто а лур бу цара. Иза чIогIа прогресс а, йоккха гIулч яккхар а хета суна", - дIахьедина Янгулбаевс Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь.

Оцу хенахь цо Европерчу нохчийн оппозицин негативе агIонаш йийцина: барт кIезга хилар, вовшашка йолу оьгIазаллаш, коьртачу сферашкахь Нохчийчоьнан кхиаран коьрта некъаш билгадохуш деклараци ца хилар. Делахь а, бакъоларъярхочунна хетарехь, республикехь тахана долчу Iедалан карахь и гIирсаш бу – уьш мелла беламе хетахь а.

"Кадыровс оьрсийн Iедалан хьостах пайда а оьцуш, шен гонаха шен санна ойла йолу нах гулбина. Амма церан идеологехь ницкъбар, агресси, кхерамаш тийсар хиларо Нохчийчуьра Iедало дуьххьара дуьйна эшаме чакхе кечйо ша-шена а, къоманна а", - хета Янгулбаевна.

Йозуш йоцчу Ичкерин Европерчу агIончашна юккъехь болу къийсамаш листархьама бакъоларъярхочо нохчашна юккъехь харжамаш хIиттор хьоьху – цхьа куьйгалхо, йа юьззин куьйгалхойн тоба кхоллархьама.

Your browser doesn’t support HTML5

Украинех а, Ичкерих а бартхой хуьлуш лаьтта

Ичкерин агIончаша шайн проблемийн хеттарш шуьйрачу публикана хьалха дийцаре дарна дика мах хадорна реза ву Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхо Кутаев Руслан. Амма, билгалдоккху къамел дечо, тIаьххьарчу хенахь Европерчу нохчийн цIарах къамел деш болу нах юкъараллан Iалашонашна меттана, сих-сиха шайн лаамаш кхочушдан гIерташ хуьлу.

"Цундела кхолладелла вовшашца тешам ца хилар [диаспорана юккъехь]. Вовшашна Iиттарш йар ца ган хала ду, уьш [жигара хьийза Ичкерин агIончаш бу буьйцурш. – Редакцин билг.] гена бу бакъволчу мостагIчунца къийсам латторна, гена бу барт хиларна а, лакхара Iалашонна а", - дийцина шена хетарг Кутаевс.

Делахь а цо къобалдо нохчийн цхьа юкъаралла кхоллар, Кадыров Рамзанан рожна дуьхьал баккъала йолу политикан оппозици кхоллархьама.

  • Нохчийчийн республикан къобалъязчу Ичкерин арахьарчу министрийн кабинетан куьйгалхочо Закаев Ахьмада куьйгъяздина Украинехь консул хIоттош. Шулипа Юрий ву иза. Сацам тIеэцна Закаев Украинехь хиллачул тIаьхьа а, украинхойн Iедалхойн векалшца а, нохчийн диаспорица а, юкъараллин гIуллакхдархошца а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.
  • Мангал-беттан чакхенгахь "За свободный Кавказ" депутатийн фракцийн юккъера цхьанакхетаралла кхоьллира Украинан Лаккхарчу радехь, цуьнан декъашхо хилира 10 парламентхо. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь дийцарш дарехь ПАСЕ-хь Украинан векал волчу цуьнан кхоллархочо Гончаренко Алексейс критика йира Къилбаседа Кавказерчу Оьрсийчоьнан политикана.
  • Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах нохчийн лаамхойн батальонаш ю Украинехьа тIемаш беш. Кремло хIоттийначу Кадыров Рамзана Iиттарш йина ца Iаш, хьалхо Украинан Iедалхой а цхьаьна бара царна тIаьхьабевлла- стохка Къоман кхерамзаллин Кхеташоно бIахошна дуьхьал санкцеш ехира.