Ичкерин совгIаташ дина Украинин президентана Зеленский Владимирна

Украинин тIеман министраллин талламхойн Коьртачу урхаллин куьйгалхо Буданов Сергей ву президенте Зеленский Владимире Ичкерин совгIаташ дIалуш

Нохчийн Ичкерия республикин лаккхара ши совгIат дина Украинин президентана Зеленский Владимирна – "Къоман сий" а, Дудаев Джохаран цIарах орденаш а.

И совгIаташ дина Зеленскийна "маршонан а, демократин а дуьхьа гIарадевлла гIуллакхаш дарна а, нохчийн къомана гергахь ша-къаьстина гIуллакхаш дарна а", билгалдоккху президентан официалан сайтехь.

Стохка лахьанан-беттан 27-чохь сацам бинера Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада совгIаташ дарх, амма Украинин тIеман министраллин талламхойн Коьртачу урхаллин куьйгалхочо Буданов Сергейс хIинцца дIакхачийна уьш Зеленскийна.

Дудаев Джохаран цIарах орден луш ю "Къоман сийн" кавалерашна. Хьалхо оцу орденашца совгIат жира Ичкерин президентана Масхадов Асланна а, цхьана хенахь президентан декхарш кхочушдинчу Яндарбиев Зеламхина а, литвахойн политикна, Литван маршонехьа боламан хьалханчана Ландсбергис Витаутасна а.

  • Стохка лахьанан-баттахь Украинин президенто Зеленский Владимира официалехь тергойира, 25 эзар куьйг гулдинчу, Ичкерин суверенитет къобалъярх петицин. Низамехь оццул кхаж вовшахкхеттехь пачхьалкхан куьйгалхо хьажа декхаре ву цуьнга хьажа. Зеленскийс тIедиллира пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина, петици тIехь хьахийна хаттар компетенцин гурашкахь листар а, цуьнца доьзна хетарг шега схьакхачор а.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь.
  • Украинин территори Iалашйеш йу иштта нохчийн лаамхойн батальонаш а цхьаьна. Церан могIаршкахь – даймохк дIатесна Ичкерин агIончаш а бу, иштта Нохчийчохь ши тIом боьдуш тIемалой хилларш а бу.