Iилманча, профессор Арсалиев Шавади кхелхина коронавирусан ун духахьадаьлла

Арсалиев Шавади

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан проректор, педагогикан Iилманийн доктор, профессор Арсалиев Шавади кхелхина коронавирусан уьнах тахана, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь. Махкарчу хаамийн гIирсаша бина цунах лаьцна хаам. КарабогIучу беттан 24-чохь 63 шо кхочур дара цуьнан.

Нохч-ГӀалгӀайчуьра Веданан кӀоштан Гуьнахь вина вара Арсалиев. 1974 шарахь чекхъяьккхира цо Гуьнара юккъера школа.

1984-чушарахь чекхъяьккхина цо Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. 1983-1989-чу шерашкахь болх бина школехь оьрсийн меттан а, литературин а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, цул тӀаьхьа школан директор а лаьттина иза.

Белхаш бина Арсалиевс Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а.

1991-чу шарахь дӀахӀоьттира Москварчу хьехархойн Ленинан цӀарахчу институте аспирантурин лакхара школан педагогикин кафедран декъе. 1993-чу шарахь кандидатийн диссертаци язйира цо.

1996—1999-чу шерашкахь дийшира Москварчу хьехархойн пачхьалкхан университетан лакхарчу школан кафедран докторантурехь. 1999 шарахь чекхдаьккхира докторийн диссертаци.

1999 шарахь дуьйна профессор а, Нохчийн хьехархойн институтан кафедран куьйгалхо а вара иза. 2003 шарахь дуьйна Москвара хьехархойн пачхьалкхан университетан хьехархойн лакхара ишколан кафедран профессор хилира цунах.

Арсалиевс зорба тоьхна 70 сов Ӏилманийн а, методикин а белхашна, царех кхоъ монографи ю. Цуьнан куьйгаллийца чекхдаьккхина ворхӀ кандидатийн диссертаци. Вара иза Дуьненаюкъара хьехархойн академин академик, Дуьненаюкъара хьехархойн дешаран Ӏилманан академин академик, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин "Этнопедагогикин"секторан куьйгалхо а.