Нацизм къобалйарна а, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а бехкевечу иллиалархочо Шарлот Эдуарда шена гечдар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Цо бахарехь, "цхьана хIумана йуккъехула хьахош аьшнашвинера" цо иза, йаздо Свобода Радион оьрсийн сервисо. Самаран кIоштан кхелехь цунах лаьцна дIахьедина Шарлота, цигахь луьстуш йара апелляци, иза лаьцна вуьтуш бинчу сацамна.
Шарлота гечдар дехарх хаамбира, кхелера схьа репортаж йинчу 63.RU гIирсо. ВидеозIенехула кхеташонехь дакъалаьцначу иллиалархочо шена гечдар дийхира президенте Путин Владимире, Shaman иллиалархочуьнга а, "Кхерамзаллин интернетан Лигин" куьйгалхочуьнга Мизулина Екатерине а, Кадыров Рамзане а, иштта ша сийсаз мел винче а. "Килсан икона" ву а олуш, вистхилла иза патриархе Кирилле а.
Нохчийчоьнан куьйгалхо ша хIун дина аьшнашвинера, Шарлота билгал ца даьккхина.
Кхелехь вистхуьлучу аристо аьлла иштта, "америкахойн пропагандо тентакваьккхинера" ша. Хьалхо оьрсийн халкъ къинтIера доккхуш вистхилира иза, цо дIахьедира, "кегийрхойн кхетам тIетаьIIина Iехочу" Оьрсийчоьнан оппозицин Iаткъама буха нисвеллера ша.
"Набахтехь баьккхинчу цхьана баттахь а, эхабаттахь а меттавеана со. Со кийча ву нийсо толош таIзар тIелаца. Сайгара даьллачунна эхь хета суна, дола хетар дац суна гечдар деха", - дIахьедина Шарлота.
Шарлот лаьцна витарна чуйелла апелляци дIатеттина кхело, СИЗО-хь вуьтур ву иза. Цига хьажийнера и Самарера кIоштан кхелан сацамца гIуран-беттан йуьххьехь. Нацизмана реабилитаци йарна а, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а набахтехь даккха йалх шаре гергга хан кхачайо цунна.
Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан бахьана хIоьттира, музыканто инстаграме хIоттийначу видеох. Цхьахйолчу видео тIехь цо дагадо Оьрсийчоьнан паспорт, Украинан Iедалхошка вистхуьлу иза, ша тIамна дуьхьал ву, Киеве кхача лууш ву олий. Цо иштта датIадо Z элпан кепехь охьадиллина Георгийн лента, шен тIеман билет патриархан суьртаца цхьаьна жIарина тIедугIу цо.
Хьалхо Шарлота дохковаьлла СИЗО-ра кехат даийтинера патриархе. "Базан" хаамашца, кехата тIехь иллиалархочо дIахьедира, шен бехках цIанвала кийча ву ша, "жигараллица патриотикан иллеш дохуш ву, уьш дIалокхуш концерташ йала кийча ву" аьлла.
- Лахьан-беттан йуккъехь Шарлотана арз динера Орсийчоьнан Талламан комитете а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а кхерамзаллин интернетан Лигин куьйгалхочо Мизулина Екатеринас. Блогеран Шарлотан "Оьрсийчоьнан армина дискредитаци йеш, делах тешачийн дог-ойла аьшнашйеш, Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт дагош цуьнан леларан" тергойе аьлла.
- Лахьан-беттан 22-чохь Санкт-Петербургера Пулково аэропортехь лецира Шарлота Эрмалойчуьра вогIуш. Кхело 13 дей-буьйсий туьйхира цунна чохь даккха административан кепехь лаьцна вуьтуш, кега-мерса хулиганалла лелорна, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакх диллира.
- Кавказ.Реалии сайтан зерашца, Кадыровна гергахь къурд алийтар йукъадаьккхина 2005-чу шарахь дуьйна, цу тIе Нохчийчоьнел арахьа а. Къилбаседа Кавказехь нахана хьалха дIахIиттийна гечдарх дехийтарх хронологи дIахьочу "Кавказский узел" ресурсан лараршца, 2016-чу шарахь пхоьазза нисбелла ишта меттиг, 2017-чу шарахь – 15, 2019-чу шарахь – 33, 2020 - 70 гергга. Украинана дуьхьал тIом болийначу шарахь журналисташна къаьстина 26-зза гечдар дехна гIуллакх. ТIаьхьо къурд алийтар даьржира кхечу регионашкахь а. Масала, 2023-чу шеран товбеца-баттахь тIаман дуьхьал волчу мел лахара а 94 жигархочуьнга гечдар дехийтина камерана хьалха.