Импери йохар? Оьрсийчоьно Нохчийоьнна оккупаци яр къобал стенна дина Украино

"Ичкери дийна ю!" аьлла, Киевеехь дIаяьхьначу акцихь. 2017-гIа шо, мархьокху-беттан 13-гIа.

Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана йина геноцид" емал йеш сацам тIеэцна Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира 351 депутатах 287-ммо. 64 депутато куьйгаш ца айбира.

Долчух кхеточу кехата тIехь дIахьедо, 1991-чу шарахь СССР-н декъера Нохчийчоь ара а яьлла, Ичкерия аьлла, ша йозуш цахилар цо дIакхайкхийра. Текстехь чIагIдо, ООН-н уставехь билгалъяьхна цхьа бакъо хиларан а, къаьмнийн шаьш шайн кхоллам нисбан а принципаш йоллушехь, Оьрсийчоьно цунна дуьхьало йира.

Оьрсийчоьнан эскархой бехкебо къобалъязчу Ичкерин дозанашна шозза чугIортарна, дуьненаюкъарчу конвенциша дихкина герзаш лелорна а, эзарнаш махкара бахархой баъйарна а. ЧIагIдо, Къилбаседа-ХIирийчуьра Бесланан школера дешархой оьрсийн эскархоша закъалте эцарх, и бахьанехь "нохчийн къоман 300 векал вийра"(и бакъ дац: доккхачу декъанна хIирийн бераша доьшуш хилла школа дIалецира нохчийн тIеман командирна Ичкерин премьер-министр хиллачу Басаев Шемалан тIемалоша. – Редакцин билгалдаккхар.)

Иштта чулацамах кхеточу кехата тIехь боху, документ тIеэцарца нохчийн къоман суверенитете гIертарна гIо лоцу Украино.

"Цул совнах, Москвано нохчийн къомана дуьхьал лелийна зуламаш а, иштта геноцид а емалдаро гIо дийр ду историн нийсо юхаметтахIоттош, ткъа бозуш боцу таллам бе бохуш, бен кхайкхамаш – бехкечарна таIзар дан", - аьлла ду текстехь.

Радо тIеэцначу сацаман маса тергойира Оьрсийчохь: Думера халкъийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовса Чепа Алексейс элира, Оьрсийчоьнан чоьхьарачу гIуллакхашна юкъагIортар а, "чуьра хьал меттахдаккхар" а ду, иштта цо кхайкхамбина украинхойн коллегашка Соьлжа-ГIала гIо, цигахь Кадыров Рамзана довзуьйтур ду шуна республикера шайн дахар, царна "шайн бIаьргашца гур ду церан къобалдар – пайдабоцург а, питана дар а дуйла".

Пачхьалкхан Думан кхин а цхьана депутато Морозов Олега дIахьедина, Лакхарчу Радан инициатива "къаьсттина лартIахь доцург ду, йоьдучу спецоперацихь (иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинана дуьхьал бечу тIамах. –Редакцин билгалдаккхар.) нохчийн эскарша Оьрсийчоьнан цхьааллехьа бечу тIамехь, тIехлакхара доьналла гойтучу юкъанна", тIом "Ичкеригахьа беш ба" аьлла, билгалдоккхуш.

Украинаца дозанца йолчу Курскан кIоштан губернаторо Старовойт Романа а цхьаьна йина комментарий керлачу хаамна, цо дIахьедина, "Лакхарчу Радехь шайн эшар тIелацар гIоле ду, шаьш лартIахь дац аьлла шеконаш хуьлуьйтучул а".

Цкъачунна украинхойн парламентан сацамах бистхилла бац Кремлехь, ткъа нохчийн ЧГТРК "Грозный" телехьожйилан директоро Ахмадов Чингиза "филькина грамота" ю и аьлла.

Къобалйина яцара Ичкери цхьана а пачхьалкхан куьйгалло – ООН-н декъашхоша

1990-чу шерашкахь билггал Нохчийчоьнан дозана тIехь контроль латтош йоллушехь, цхьана а низамерчу пачхьалкхо – ООН-н декъашхоша къобалйина яцара Ичкери. 1992-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан йозуш цахилар тIелоцуш омрана куьйгъяздира Гуьржийчоьнан хиллачу президенто Гамсахурдия Звиада, амма оцу хенахь иза ша а вара вохийна. Дуьненаюкъаралло къобалвинчу пачхьалкхан куьйгалхочо Шеварнадзе Эдуарда дIахьедира, Гуьржийчоь гунахь яц оцу документана аьлла.

2000-чу шарахь Нохчийн Ичкерия республика Оьрсийчоьнах йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла, даредира афганхойн тIалибийн (цхьа могIа мехкашкахь церан болам террорхойн лору. – Редакцин билгалдаккхар.) лидеро Iумар Молла Мухьаммада.

Оцу хенахь Ичкерин масех векалт яра кхечу пачхьалкхашкахь, ткъа цуьнан даржхой цхьанабетталора пачхьалкхийн куьйгалхошца (масала, Ичкерин президент Масхадов Асланан цхьанакхетар хилира оццу Шеварндазеца). Бакъду, легалехь статус яцара оцу векалтийн, ткъа цхьанакхетарш официалехь ца хуьлура.

Иштта хьахо догIу, 1997-чу шарахь Кремлехь Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а машарх а, Оьрсийчоьнан Федерацин а, Нохчийн Ичкерия республикан а юкъарлонийн принципех а Бертан куьйгъяздар а. ХIун маьIна дара, Кремлехь де-юре регионан суверенитет къобалъяр? Масала, "муьлхха а къовсаме хаттар нислахь, ницкъ дуьхьалбаккха а, кхерамаш тийса а" дуьхьало ен барт бохийра ши шо даьлча- Оьрсийчоьнан эскарш юха а чугIоьртира, республикан доллу дозанаш шайн куьйгакIел а дерзош.

МостагI юкъара хилча

Лакхарчу Радо сацам тIеэцар нисделира нохчийн диаспора Украина Оьрсийчоьнан агрессих Iалашъян кийча хилар дIагойтучу юкъанна. ТIом болабелчхьана кхузахь тIемаш беш ю иштта нохчийн лаамхойн батальонаш а цхьаьна, церан могIаршкахь бу, даймохк дIатесна къобалъязчу Ичкерин агIончий а.

Стигалкъекъа-баттахь Киевн политикашца цхьаьнакхитийра Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад, ткъа Лакхарчу Радан депутато Гончаренко Алексейс хьийхира чергазийн геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалъяр. Оккупаци ярх сацам тIеэцначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан цхьа могIа зорбанан гIирсаша хаамбора, Лакхарчу Радехь йозуш цахилар ду дарединарш, амма иза кеп-кепара парламентан инициативаш ю аьлла.

Оьрсийчоьнан эскарш шаьш дIаяьхначу территореш тIера юхадийла а дуьйлалуш, тIамехь хьал хийцададарца Ичкерин агIончаша дIахьедира, Нохчийчохь къайлах гIаттамхой кечбеш ду шаьш дуьхьалоян аьлла, церан Iалашо яра – республикана деоккупаци яр. Цул совнах товбеца-бутт бовш Закаевн буьйраца Украинан Интернационалан легионан декъехь Къаьстина батальон кхоьллира.

Зеленскийс дIахьедира, "шина континентерачу иттанаш сов халкъийн шайн пачхьалкхан дахар нисдан, шайн некъ харжа" бакъо цахиларх

Охан-беттан 5-чохь рогIехь йоцчу ООН-н кхерамзаллин Кхеташонехь къамел дечу Украинан президенто Зеленский Владимира дIакхайкхийра, "шина континентерачу иттанаш сов халкъийн шайн пачхьалкхан дахар нисдан, шайн некъ харжа" бакъо цахиларх а, "халкъан а, динан а башхалла хIаллакъйеш", Оьрсийчоьно лелочу политикех а.

Мобилизацина дуьхьало йеш Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а дуккха а нах ара а буьйлуш, митингаш хIиттийначул тIаьхьа Зеленскийс видеокхайкхам дIаязбира Кавказан къаьмнашка, "и тIом безачу дуккхаъчийн могIаршкахь хила шу цхьа а бахьана дац" аьлла, тидам тIе а узуш.

Импери йохорехь яьккхина гIулч

"И хаттар [Оьрсийчоьно Ичкерина оккупаци ярх] ас хьалхатеттинера, суо "Маьршачу Кавказехьа" фракцийн вовшахтохараллин хьалханча хиларе терра, тахана вайна гуш бу нийсса бина сацам. ХIаъ, хIара-м цхьа гIулч ю, кхечу пачхьалкхаша а, со тешаш хиларца, Нохчийн Ичкерия республикин суверенитет а, бахархошна тIехь лелийна геноцид а къобалйийр ю аьлла", - дийцина Кавказ.Реалиига Лакхарчу Радин депутато Гончаренко Алексейс.

Политико билгалдаьккхира, Ичкерина дередар гIулч ю Оьрсийчоьнна деимпериализаци ярехь а, охьатаIийначу къаьмнашна деколонизаци ярехь а.

"Цхьана дийнахь хир долуш хIума дац хIара, амма сацамаш тIеэцаро хаттар дуьненан юкъаралле доккхур ду. Оха цхьабосса дехар до массо а дуьненаюкъарчу организацешка а, пачхьалкхашка а, оцу кепара сацамаш тIеэца аьлла. Оьрсийчоьно эшийна, ницкъбен, кест-кеста геноцид лелош схьадалош доллу иттаннашкахь халкъаш маьрша даха мехала гIулч ю хIара историхь", - дерзийна Гончаренкос.

ГIадужу-беттан 15-чохь Лакхарчу Радан депутатийн инициативаца цхьаьна Ичкерин куьйгалло кхайкхам бира спикере Стефанчук Руслане а, Украинан президенте Зеленский Владимире а, хаамбира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада.

Доллу нохчийн къоман хиндолчунна хIара Iаламат чIогIа мехала гIулч ю

"ХIара историн мIаьрго а, историн де а ду. ХIара бакъо дIахIотторан юьхь ю. Тахана Украино, маьршачу дуьненан лидер йолчу, даредина къаьмнийн шайн лаамаллин, пачхьалкхан бакъо хилар, Оьрсийчоьнан агресси бахьана долуш Нохчийчоь йийсарехь хилар тIе а чIагIдеш. Доллу нохчийн къоман кханенехьа йоккха гIулч ю хIара, Оьрсийчоьо лаьцна гурашкахь латточу кхечу къамьнашна а гайтаме", - билгалдаьккхира политико.

Киевехь Лакхарчу Радан кхеташо хилале хьалха дIаяьхьира, Оьрсийчоьно Iазапхьоьгуьйтучу халкъашкарчу хьолана мониторинг ярхьама гуттар болх бечу горгачу стоьлан конференци. Цуьнан балхахь дакъалецира Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Адыгейра а, Гуьржийчуьра а, Абхазира а, Чергазийчуьра а, ГIирмера а векалша.

"Шена Оьрсийчохь а цхьаьна кIорггера хийцамаш бан тарло хIокху процессаша. Вай тешаш хила тарло, тIаьххьара импери, зуламан импери, пачхьалкхан кхоллар санна юхуш гуш", - аьлла хета Ичкерин премьер-министрна.

Закаевс билгалдаьккхира, Радехь бинчу сацамо "тешам ло, хIара беркате болх хир бу, кхинйолу пачхьалкхаш а тIе а хIуьттуш, къаьсттина Советан Iедал доьхначул тIаьхьа дIасаевлла пачхьалкхаш".

Херсонах а, Запорожьех а жоп?

Сацам тIеэца бахьана хIоьттира 2022-чу шарахь Оьрсийчоьно украинхойн дозанашна аннекси яр. Цул а масех де хьалха Украино къобалйира къилберчу Курилан гIайрешна тIера Японин суверенитет. Кремлан экспансина жоп луш дIахьош йолу юкъара кампани ю и элира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо, профессоро Савва Михаила.

Эксперто билгалдаьккхира,2014-чу шарахь, ГIирмина аннекси йина, Украинан Луганскан а, Донецкан а кIошташна тIехь урхалла дан долийча, официалан Киев реза ца хилира оцу сацамна "тоталан тIом цахиларна".

"Ичкери къобалъяр йа Къилбан Курилаш – шина пачхьалкхана юккъехь хилла бертийн а, дийцарийн а гурашкара довлар ду иза. ХIинца гуш ду: цхьа а бертан дийцарш лардеш дац, хIуммаъ а ларъйеш яц", - билгалдоккху эксперто.

Профессорна Саввана хетарехь, таханалерачу дийнахь оцу сацамийн нийсонца тIаьхье хир яц, амма хьал хийцадала тарло, нагахь санна, Оьрсийчохь сепаратизм жигара ялахь а, къовсаме территореш Москвах дIакъаста гIортахь а. Цуьнца доьзна, Ичкерина оккупаци йина хиларна тIетан тарло кхинйолу пачхьалкхаш а, боху политолого, иштта, цхьа могIа оьрсийн латтанаш Украинаца доза цхьаьнадогӀу пачхьалкхан латтанаш хилар къобалдеш.

Дипломатин юкъаметтигаш хьаьнца нисъян еза боху хаттар диллина дуьссу

"Оцу сохьта Нохчийчоьнан суверенитет тIелаца хала хила а тарло, хIунда аьлча, дипломатин юкъаметтигаш хьаьнца нисъян еза боху хаттар диллина дуьссу. Иштта элира Лакхарчу Радан цхьа могIа депутаташа а", - билгалдоккху нохчийн юкъараллин "Толам" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата а стигалкъекъа-беттан юьххьехь украинхойн президентан "Слуга народа" партин депутатца Чернев Егорца шен цхьанакхетар хиларх дуьйцуш.

ДIахьедар тIеэцаран тIаьхье морале стимул ю боху "Толаман" куьйгалхочо, нохчийн шайн суверенитетехьа а, шайн пачхьалкх кхолла а къийсам карлабаккхархьама.

"Вайна гуш ду тIеэцар махкахдаьккхинчу Iедалан агIор дац, Гуьржийчоьнца санна, тIалибийн агIор а дац. Ичкерина оккупаци йина хиларх даредина суверенитете, йозуш йоцчу, демократин пачхьалкхо- ООН-н декхъашхочо", - билгалдоккху Сулеймановс.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьно лелочунна дуьхьал делла жоп ду Нохчийчоь йийсарехь хилар къобалдар.

"Психологин дуьхьалонех яьлла Украина", - элира эксперто.

Суверенитет къобалъяр

Лакхарчу Радан дIахьедаро гойту пачхьалкхан официалан позици, терго йо къобалъязчу Ичкерин Украинерчу консуло, украинхойн юристо Шулипа Юрийс.

"Дуьненаюкъара гуманитаран бакъонехь, кхечу пачхьалкхаша а, халкъашна юкъарчу организацеша а тIелацахь а, ца лацахь а, Нохчийн Ичкерия республикан оккупаци йинчу пачхьалкхан статус ю, цигахь Оьрсийчоьнан режим дIахIоьттичхьана", - билгалдоккху Шулипас.

Оцу бахьанашца тIеэцначу документо, Ичкерина оккупаци йина хиларан факт тIе а чIагIйъеш, цхьатерра юридикан трансмиссихула бакъйо, Нохчийн Ичкерия республикан цхьана ханна яйна суверенитет а, дерзийра консуло.

***

  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь.
  • Украинерчу тIамехь дакъалоцуш болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхамбира хьалхо Кадыров Рамзана. И дан аьтто баьллачунна политико маршо а, хьал долу дахар а хьехна.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах шеконаш ю Украинан Зуламан кодексан кхаа къепехь зуламаш лелорна – пачхьалкхан кхерамзаллин сервисо бехкево иза агрессиве тIом барна а, Оьрсийчоь тIелатар нийса хетарна а, пачхьалкхан цхьааллин маршо яъйа гIортарна а.