РогIерачу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь хьалхарчу совгIатца къастийна нохчийн режиссеран Шерипов Иналан болх. Цуьнан „КIайн фильм“ цIе йолчу лентано толам баьккхина Италерчу фестивалехь.
ХIинцале а баккхийчу кхиамашца гIараваьлла ву Малхбузехь нохчийн режиссер Шерипов Инал. Оршот дийнахь цунна Италерачу Неаполехь рогIера сийдолу совгIат делира - Люмьер-вежарийн цIарах долу Неаполерачу кинофестивалан коьрта совгIат. Цо яьккхина йолу „КIайн фильм“ цIе йолу йоца кино яра жюрино къастийнарг.
БархI минотехь бен еха йоцу и фильм, жюрин декъашхоша ма-аллара, цхьа а дешнаш а ца оьшуш, гойтуш ю, „дукхохдолчу адамийн дахарехь беккъа цхьа дагалецамаший, иэсий бен, кхин цхьа а дика хIума хIунда ца дисна“ бохучу хаттарна жоьпаш“. Ткъа ша режиссеро журналисташка дийцира, шен белхан аьтто – иза ша сица йоьзна йолчу тIегIанашкахь къахьегарехь хета шена, аьлла.
„Цхьана агIор, дуьненчохь йоккхуш ерг - иза коммерцин кино ю, муьлха а, - мел диканиг а, - идея пайдабоцучу йоккхуш йолу. Ткъа вукху агIор – адамийн дахарца уьйраш хаьдда йолу арт-хаус ю, синхьаамаш беккъа цхьа и синхьаамаш гайтархьама серла бохуш йолу. Ткъа синхьаамаш гайтар – иза коьрта Iалашо хила ца еза кинохь болх бечеран, иза коьртачу Iалашоне кхачош болу некъ хила беза“, - элира Шерипов Инала Неаполехь шена совгIат деллачул тIаьхьа хаамийн гIирсашца цхьанакхетарехь.
Шерипов Иналс яьккхина хIинцалера фильм дуьххьарлераниг яц дуьненаюкъарчу кинофестивалашкахь толам баьккхинарг. Цуьнан белхаш кху тIаьхьарчу масех шарахь Лос-Анжелесехь а, Чикагохь а, Сиэтлехь а, Джакартехь а тоьллачу меттигашца кхелира. Ткъа товбеца бутт бовш Нью-Йоркехь дIаяьхьана хилла кинофестиваль цу могIарехь тIаьхьарниг яра, нохчийн режиссерана сийдолу совгIат делларг. ХIетахь цигахь Шериповс кхеле йиллина хилла фильм „ТIаьххьара“ цIе йолуш яра. Иза „Хьовсархойн совгIатца“ билгалъяьккхира Нью-йоркехь.
Ала дашна, „ТIаьххьара“ цIе йолу фильм Шерипов Иналс Германехьий, Белгехьий яькхинера, Европерачу Исбаьхьаллин Академин дехарца. Цуьнан коьрта турпалхо Германехь вехаш волу нохчийн опералакхархо Хасанов Зайнди вара. Ткъа фильман коьрта тема – иза бусулбий, керистий ши культура вовшашца цхьанакхетар а, цу шиммо вовшашна тIеIаткъам бар а яра.
Шериповс шен тайп-тайпанчу интервьюшкахь ша йоккхуш йолу кино – иза „шахматийн кино“ ю бохуш дуьйцу. Мацах цкъа Оьрсийчоьнан шахматех ловзарехь чемпион хилла волчу цуо билгалдоккху, бакъйолу кино – иза масех чкъурах лаьтташ хила еза, массарна а кхеташ долу, тIехула долу гаррехь чкъорий, юкъа цул тIаьхьа хIора а шен кхетаман а, интеллектуалан тIегIанан а дозанаша ша кхуьуьйтучу агIор тIаьхьа кхуьуш долу тIегIий.
„Вайнзаманахьлерачу исбаьхьаллин башхалла хIун ю хьуна аьлча, цхьа -цхьаъ исбаьхьаллин болх цхьаболчарна цхьана кепехь го, вукхарна нийса бIостанечу агIор го. Ширачу цивилизацийн исбьахьаллашкахь и саннарг дан а дацара, хIунда аьлча церан символашкахь хьулбинарш – уьш цхьа билгал болу хаамаш бара, шахматашкахь санна“, - аьлла, тешна ву режиссер.
197I шарахь Соьлжа-гIалахь вина ву Шерипов Инал. Исбаьхьаллехь шен дуьхьарлера гIулчаш йолош, иза Москохарчу „Союзмультфильмехь“ а, ОРТ телеканалехь а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан документала фильмийн студехь а белхаш беш вара. Режиссер хиларал совнаха, композитор волу Инал 1990-чу шерашкахь Лондонерчу симфоникан оркестрица Нохчийн республика Ичкерин гимн дIаязъян гIерташ лийлира. Амма тIом болабалар бахьана долуш и болам жамIа доцуш бисира.
Нохчийчохь хьалхара тIом дIабирзина дукха хан ялале цуо Соьлжа-гIалах лаьцна фильм яьккхира, „Сан гIала, Соьлж-ГIала“ аьлла цIе а йолуш. Амма Оьрсийчоьнан кинояккхархойн куьйгалло бинчу сацамца, иза оьрсийн хьовсархошна цатомехь а лерина, гайтамашна йихкира. Изза кхоллам хилира Шериповн рогIерачу „Москох. Нохчийчоь. СегIаз“ цIе йолчу ленте а. ХIетахь Оьрсийчура дIавахчахьана, Малхбузехь вехаш ву режиссер.
Цкъа мацца а Нохчийчоьнах лаьцна фильм яккха ойла ю шен элира Шерипов Инала, Италерачу журналистийн хаттарна жоп луш. Амма иза маца хир ду я и фильм стенах лаьцна хир ю бохург дийцаре ца дира цуо.