Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна тIеман инарла-майор чин делла, хаамбина мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, оцу кепара омрана куьгйаздина Путин Владимира, Оьрсийчоьнан президентан официалан сайтехь а, бакъонан информацин порталехь а документ зорбане даьккхина дац. Стохка марсхьокху-баттахь Кадыровс дIахьединера, Даудов инарла-майор хилла аьлла, хIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин цIе йара йуьйцург.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, меттигерчу парламентан спикеро "регионалан СВО дIайахьаран Оперативан штабан балхана тIехь Iуналла латтадо" (СВО – "леррина тIеман операци" – иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинана дуьхьал бечу тIамах).
Оцу штабо, Кадыровс чIагIдарехь, оьшург латтадо республикера эскархошна а, ницкъахошна а Украинехь, иштта жоьпалла ду цунна тIехь йоллу Оьрсийчуьра гулбен лаамхой олурш кечбарх а, уьш тIаме хьийсорах а. Оцу доллучух а лаьцна Нохчийчоьнан урхалхочо хьалхо йаздира, Даудовна МВД-н инарла-майоран чин лучу заманчохь.
Украинан кхерамзаллин урхалло (СБУ) стохка бIаьста шеконаш кховдийра Даудов Мохьмадан хьокъехь, Оьрсийчоьнан тIамехь цо дакъалацарца доьзна. Нохчийн хьаькам, урхаллин сайтехь билгалдаьккхина ма-хиллара, "Кадыровн уллорчу гонера ву, цуьнан тIедахкарш кхочушдо цо агрессин тIом дIабахьарехь" украинхойн пачхьалкхана дуьхьал. ТIамехь дакъалаьцна аьлла Оьрсийчохь Даудовна Сийлаллин орден йелира – и нисделира иза сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олучу меттиашкахь хиллачул тIаьхьа.
2014-чу шарера схьа дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн санкцийн тептарехь ву, адамийн бакъонаш ларйеш вац аьлла. 2020-чу шарахь цунна дозанаш туьйхира Британихь а, ЛГБТ+адамийн бакъонаш лар ца йарна Нохчийчохь. Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Польшин санкцеша а лецира Даудов. Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабевлла лелачу хьаькамийн могIарехь а ву парламентан хьалханча. 2019-чу шарахь Даудовс чIир кхайкхийра цунна, Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо вара блогеро аларна.
- Нохчийн "Ахмат" спецназан командирана Алаудинов Аптина Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь лаккхара дарж делла. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а санкцеша лаьцначу Кадыровн гонера иза тIеман-политикан белхан Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Цунах лаьцна дийца даьккхира Нохчийчохь "контртерроран операци" йухайаьккхина 15 шо кхаьчначу дийнахь.
- Ша йукъадаьккхина "Нохчийчоьнан турпалхо" чин делла Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йуккъе йогIучу "Восток-Ахмат" батальонан командирана Хамбулатов Вахина, хьалхо Украинехь Запорожьен кIоштарчу Мелитополера блокпостехь тIеман полицех тийсалуш дакъа лецира цо.
- Оьрсийчоьнан орцан министраллин Нохчийчуьра коьрта урхаллин куьйгалхочуьнца Цакаев Алиханца кху деношкахь нисйелла инцидент "эхье провокаци" а, "спектакль" а йу элира нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Хьалхо иза лаьцнера дагестанхойн Нохчийчоьнца дозанера дагестанхойн "Герзелан тIай" КПП-хь.