Your browser doesn’t support HTML5
Еарийдийнахь Фейсбукерчу шен агIонтIехь, ша Несара а воьду, цигарчу полице а кхаьчна, цуьнга шегара хIун даьлла хатта а воллу, яздира вевзаш волчу гIалгIайн оппозиционеро Хазбиев Мохьмада. Полицино лаьцна, таллам бечу юкъанна, аьлла, изолятере хьажийна иза
Кхаа шарахь Магасо дуьненаюкъарчу лехаме велла а волуш, Соьлж-ГIалахь вехира иза. Нохчийчохь оцу юкъанна бовзаза бисинчу наха веза а велира иза, цуьнан машенна тIелатар дича.
Дуккха а шераш ду Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан Iедалца къийсало, бахархой протестан гуламашка боху. Цо кест-кеста емалйо махкара коррупци, шена харцонна тIехь бу аьлла го куьйгалхой, ша аьлча, ГIалгIайчоьнан лидер Евкуров Юнус-Бек.
Шен махкара ведда, Нохчийчохь цуьнан къайлавалар нисделира 2015-чу шеран юьххьехь. Ростов гIалахь ядийна, лохуш йолу Тойота Лэнд Крузер Хазбиев Мохьмадан кертахь карийна, аьлла ю полицин претензи. Иштта, машенан лоьмарш хуьйцу гIирс а, герз а даьккхина цуьнгара, чIагIдо Iедалхоша.
Маршо Радион къамел хилира изолятор чохь валлочу оппозиционеран вешица Хазбиев Мурадца. Цо дийцира, хIун хьал ду таханенна лаьцначуьнгахь а, цунна гонах а.
- Баккъал а шен лаамехь, ша тIевахарий хьан ваша полицина?
- Ша цIа а веана, вахана иза гIалин полице, адвокатца цхьаьна. ЦIахь а воцуш, арест ма ярий цунна кхайкхийна. Украинехь ву, Оьрсийчохь вац, аьлла, баттана лаца кхачийнера иза кхелахочо Калиматовас. И бутт бу хIинца цунна тоьхнарг. Талламан изоляторе дIавигина, Карабулаке. Цкъачунна тхуна гина вац, телефонехула къамел а ца хилла.
- Ша бехке лорий цо, дохко-м ца ваьлла «лелийначунна»?
- Дохковала цунна хIума а дац. Ша лоцур вуйла а, чувуллур вуйла а иза хууш вара. ТIехьерчориг боцу бехк бу, бахьана а кхоьллина, Iадал ша лаца гIертийла а цунна хаьара. Цунна герз кIелкхоьссина стаг ша а ву цIеравала дихкина, шен чохь вехаш. Цара бохург хIун ду? Президентан аппаратера арадаьлла лела дерриг а. Мохьмаде ша хьалха йинчу критиканна Евкуров къинтIера ваккха боху.
- Адвокат вуй Мохьмадан? Цуьнан агIо лоцуш, иза мукъаваккха араваьлла вуй цхьа а?
- Тахана кхин цхьа адвокат а лаьцна оха цунна Несарара. Нохчийчуьра цхьа адвокат а ю цуьнан. Мохьмад могуш вац, чуо есташ ву, диети тIехь лелаш. Оцу хьокъехь лоьраш хьовсийта аьлла талламчига кехат а яздина адвокаташа. Арест цIахь-чохь ловчу хьоле иза ваккхийта гIерта-кх.
Иштта ду кIирандийнахь Маршо Радион лаьцначун вешица хилла къамел.
Ша Хазбиев Мохьмада харцбо шена тIекхоьхьу бехкаш. Ша емалдечу мехкан Iедало доцу бахьана айдина, иза ша хIаллакван гIерта, аьлла цо прессехь дуккхаза а.
Машен ядорна а, герз лелорна а ХазбиевгIар шеконе бахкале диъ шо хьалха цара, Мохьмад хьалха а волуш, митинг гIаттийра Несарахь – бевзаш боцчара вадийна кIоштара вахархо Горчханов Илес Iедале схьалаха бохура наха. Гуламхоша дийцинарг а, шаьш леца тIаьхьаяьллачу полицина цара дуьхьалояр а емалдира хIетахь Евкуровс.