СаIудийн Iаьрбийчоьнна шайн 18 юьртбахаман проект дIагайта дагахь бу ГIалгIайчоьнан куьйгалхой а, бизнесхой а, дIахьедина "Вести-24" каналехула мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.
«Уьнах цIена кхача шайна нисбар царна вуно мехала ду. Цундела оха цаьрца болхбийр бу уггаре хьалха оцу агIор», - элира Евкуровс. Цо бахарехь, моз Iаьрбашна хIинцале а духку ГIалгIайчоьно.
Евкуровс пресс-гIоьнчалло бечу хаамца, деношкахь делегаци гIур ю Эл-Рияде мехкан таронаш йовзийта а, контракташ хIитто а.