" Евкуровх ас аьлларг "йовсарбек" ду, аш бохург дац"

Your browser doesn’t support HTML5

Хазбиев Мохьмад БуьритIехь кхобу кхело

Михальченко Лидия

Вевзаш волчу гIалгIайн оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан кхелехь

38 шо кхаьчначу Хазбиевн дов Магасерчу кхело листа долийна кху аьхка. Цунна бехкедо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна, Iедална, кхеланна, ницкъхошна дуьхьал гамо яржор, иштта тIехьерчадо низамехь а доцуш герз лелор (Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан артиклаш: 282, 3I9-чун I-ра дакъа, 222).

Герзаца бозу бехк боцург, бисина бехкаш берраш а Iедлахошна "карийна" Хазбиев Мохьмада цкъа мацца а меттигерчу сайтна еллачу 3 сахьтах лаьттачу интервьюхь. Герз цIийнах хьожуш карийна, боху полисхоша.

Кхаа шарахь Нохчийчохь тховкIелонехь а Iийна, ша Несарарчу полицина тIевеъча лецира Хазбиев кхушеран Iай. Стаг ша цхьаъ кхобучу набахтин чоьнна чохь латтийра иза кхаа баттахь, шолгIа стаг тIевалийра иза чохь валлоче цо мацалла кхайкхийча. Малдеш дац цунна хьелаш, дуккха а лазарш шеца долуш иза воллушехь – бронхит, цIий Iеттор, чуьйрийн цамгарш.

Хазбиев "хала стаг" ву, таханлерачу Iедале хаьттина ца Iаш, Евкуровл хьалха махкахь куьйгалла деш Iийначаьрга хаьттича а. Евкуров дуккха а низамаш дохорна, масала, мехкан конституци а хьошуш, кхозлагIа а президентан дарже хаа гIертарна бехке во Хазбиевс. Дукха сакхташ гора цунна хьалхо даржера дIавахначу Зязиков Муратца а. Ткъа шена Мохьмадна хетарехь, ца деза Iедална цо ша гездохуш.

Оппозиционеро бахарехь, цунна герз "бухакхоьссинарш" бу кху муьрехь Нальчикерчу гарнизонан кхело нах хьийзорна бехкебина "Э"центрера полисхой. Хазбиевн адвокаташа дийцарехь, церан кхел йоьдуш дуккхаза а хьехийра, "Э" центро кхочушдора Евкуровс къайлах ден омранаш, бохуш.

Гур, герзахой, туьтмIаьжигаш

Изоляторера Хазбиев кхеле валочу муьрехь герзхоша дIалоцу Магасерчу кхелан массо а маьIиг. Евкуровн критик гура чу воьллинчул тIаьхьа журналисташна доьхку видео, суьрташ даха.

"Хазбиев махкара хьал талхош хьийзара, низам дохадечийн, гIаттамхойн, экстремистийн амалехь адам ду", боху цунна иза вехачу куьпах жоп лучу полисхочо Илиев Ахьмада хIоттийначу тоьшаллехь.

Ткъа кхеле кхайкхинчу Илиевс, ша ца яздина Хазбиевх лаьцна цхьана а тайпа тоьшалла, бухара куьг шен а дац, ша кехато юьйцучу хенахь ур-атталла даржехь а вацара аьлла.

Гочдархо галваьлла…

Евкуров Юнус-Бек ца лела кхеле. Оьрсийн маттахь дуьйцу къамелаш гIалгIайн матте гочдан а ца магадо кхелахочо. "Ас ца аьлла Евкуровх "зудбек", иза харц гоч ду. Ас аьлларг "йовсарбек" ду. Иза гIалгIайн маттехь "ваьлла леларг, хьаштвоцург" ду, - олу Хазбиевс.

Прокуроран Казарян Захаран дехарца шен неIарш къовлу кхело, арабоху кхеле хьовса баьхкинарш, журналисташ.

Учахь лаьтта оппозиционеран йижарий, вежарий, дукха хан йоццуш хиллачу инсультах юьззина меттаянза йолу нана Лайлаъ. Да велла ши бутт гергга хьалха. Хазбиев да веллачу ца вахийтина.

Жоп ца карадо кхелахочунна

Кхелан коьртерчу Мурзабеков Хьамаде, ша Несарчу изоляторехь ца вуьтуш, БуьрийтIерачу изоляторе стенна хьажийна, хоьтту Хазбиевс. Вукхо, бух балош, хьахадо Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло ца магийна ГIалгIайчуьрчу изоляторехь экстермизмна бехкебен нах кхаба, олий.

Адвокат Сабинин Андрей оцу сахьтехь лаха волало кхелахочо буьйцу бух, амма ца карабо. Кхечу адвокато, Ибриева Хедас, ишта буьйра дина а дац боху "Кавказ.Реалиин" корреспонденте.

ХIирийчуьрчу изоляторе, таIзар дан кхерамаш а туьйсуш, дIавуьгуьйту Хазбиев. Гергарнаш сингаттамца буха буьсу –лазарша гIело совйоккху Мохьмадна изоляторехь, лоьралла данне а дац деш.

Оцу юкъанна, ша саготта хилар хоуьйтуш ву Евкуров Юнус-Бек, цунна ца тайна цкъачунна шегахь дуьсучу дарже наха Хазбиев тоьттуш хаадалар. Гура чу воьллича а кхераме ву цунна Хазбиев Мохьмад.

Кхеташ ду, ГIалгIайчоьнан коьрта дарж кхозлагIа а шегара ца далийта таро ю Евкуровгахь. Хазбиевн дарже ваха шанс ю ала дац – цуьнга массех шарахь набахти токхуьйтур ю, гарехь.