Магасехь некъан ханна тIелетта бевзаш боцу нах. Вийна цхьа полисхо а, ши тIелатархо а.

Бевзаш боцу нах тIелетта Магасерчу некъан ханна, вийна царех шиъ, цхьаъ лазийна, шен хьасташна тIе а тевжаш хаамбо "Интерфаксо"

"Кхаа стага, машенахь Магасехь лаьттачу некъан ханна герга а вахана, маса-тоьпаш йиттина полисхошна тIе. Шина полисхочунна чевнаш хилла, цхьаъ велла, халахеташ делахь а», - аьлла агенталле хьасто.

РИА Новости агенталло бечу хаамца, уьрсаш хилла тIелеттачаьргахь.
"Машен тIетоьхна некъа йистехь лаьттачу полисхочунна, цул тIаьхьа уьрсаш диттина цара цуьнан накъосташна. Кхечу кепара герз карийна дац тIелеттачаьргахь», - боху оцу агенталло.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас бакъбина тIелатарх болу хаам «Интерфаксе».

"Махках а, бахархойх а, шайн дахарх а бешаш боцийла гайтина оцу наха Керла Шо тIехIуттучу сахьташкахь. Иза ду-кх сан оцу бохамах ала», - мах хадийна хиллачун Калиматовс.