Акиев Тимур, "Эхо Кавказа"
ГIалгIайчуьра оппозици къаръяр тIедожийна гонахарчу мехкийн ницкъхошна. Хьалхо лецна хилла 12 политик-протестхо Нальчике дIавигина Iедало оршотдийнахь. Царна орцахбевлла хьийза бакъоларъярхой. Лецначех цхьамма, къаночо Барахоев Ахьмада, мацалла кхайкхийна.
Магасехь айбина гулам чаккхе йоцуш хир бу лидерша баьхна массех сахьт далале, нах дIасабехира тIелаьллинчу полицино. Хиламо дардина хьал дIатиэле, рогIерчу, керлачу гуламна дехар чуделира протестан лидерша. Амма шагъелира оцу юкъанна Iедалан тактика.
Кху беттан 3-чу дийнан Iуьйранна араяьллачу Къоман гвардино а, Экстремизман дуьхьалолатточу центро а лецира массех оппозиционер. Церан хIусамех хьаьвсина Къилбаседа Кавказан Талламан комитетера бахкийтина белхахой.
КХИН А ХЬАЖА: ГIалгIайн оппозици митинге яьлла юха а. ХIун хилла?Лецначу лидершлахь ву Чемурзиев Барах, Барахоев Ахьмад, Ужахов Малсаг, Погоров Ахьмад, Хаутиев Бахьавдин, Саутиева Зарифа, Нальгиев ИсмаьIал, Мальсагов Муса, ишта муфтин гIовс Мейриев Муса, жигархой-блогерш Нальгиев Исрапил, Хашагульгов Бекьхан. Верриг а юьхьанца лаьцнарг вара 25 стаг.
Лецнарш бу Карабулакера, Соьлжера (Орджоникидзевская), Несарара, Обарг-Эвлара (Троицкая), Плиевора, Кантышевора, кхечу меттигашкара.
ДIабигинчех цхьаболучарна дуьхьал дов айдина Бехктакхаман кодексан 318-чу артиклан 2-чу а (Iедалан белхахочун дахарна, могашаллина зен дар), 212-чу артиклан 3-чу а (адам харцонашка кхайкхар) дакъошца.
Лецна нах юьхьанца кхачийра Магасерчу кхеле. Цигахь кхаанна - Барахоев Ахьмадна, Мальсагов Мусана, Чемурзиев Барахна – лецна кхаба кхайкхийна итт-итт денош – гуламах долу низам дохорна. Оццу бехкенна гIуданаш тоьхна массех стагна. ГIалгIайн ницкъхой декъахь а боцуш, лоьццушехь, Нальчике дIавигина 12 оппозиционер. Iедалхошна дуьхьалоярна бехкево царех 9. Оцу иссанна шишша бутт кхайкхийна таллам берззалц изоляторехь кхаба.
Юьхьанца интернетехула хаам баьржира, лецначарна тIехь гIело йо ницкъхоша, аьлла. Амма царна тIекхачийтинчу адвокаташа бакъ ца до иза.
"Мемориал" центро дIахьедар даржийна ГIалгIайчуьрчу лецарийн хьокъехь. Цхьа а хьашто яцара гулам ницкъаша дIасабаккха, меттигерчу Iедало оппозицина беш ницкъ бацаро латтийна ГIалгIайчохь хьал тийна, репрессеша кхерор бац нах, мелхо а, тахана лецна латточу лидерша доладора кегийрхойн, уьш бахьана долуш, цIий ца Iанош дIасаяьлла митинг, боху бакъоларъярхоша. Цундела нах набахтешка хьийсочу ма даккхахьара хьал, репрессеш совцаяхьара, доьху мемориалхоша федералан Iедале.