Интерполо лехамашкара дIаваьккхина къобалъянзачу Ичкерин агIонча

Гайтаман сурт

Интерполехь дуьненаюкъарчу лехамашкара дIаваьккхина нохчийн мухIажар, иза схьавалар дехнера Оьрсийчоьно. Цунах лаьцна дуьйцу нохчийн "Вайфонд" ассоциацино (Швеци). Кехаташца а догIуш, "низамехь йоцучу герзаца вовшахкхетараллина юкъахь дакъа лацарна, низамлардаран хьукматийн белхахошна тIе куьйг дахьарна а" бехкево иза, иштта боху, низамехь доцуш герз кара а деана, цIерш туьйсуш, лелхуьйтуш даьхний хIаллакдора.

Интерполан комиссин сацамца а догIуш, цхьайолчу Европан пачхьалкхехь махкара араваккхарх ларвеш статус ю дIавоьхучун, тIаккха Оьрсийчоьно елла информаци системан регламентаца йогIуш яц, дIаяккха езаш а ю.

"Вайфонд" ассоциацехь Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина ма-хиллара, къобалъянзачу Нохчийн республика Ичкерин агIонча ву цара хьехориг, федералан эскаршна дуьхьал тIом бина цо "контртерроран операци" олург йоьдучу хенахь, Нохчийн шолгIа тIом, аьлла евзаш ю иза. Лоьхучун цIе йовзуьйтуш яц.

"Цуьнан цIе Интерполан йиллинчу базехь яра 2015-чу шарахь дуьйна. Хьалхо иза шозза Европера араваккха гIиртина, амма ший а эстрадицин процессаш цуьнан агIонехьа йирзира. 2017-чу шарахь мухIажар ларваран статус елира нохчочунна европхойн махкахь – тIаккха цуьнан адвокаташа къоман низамашкахула гIуллакх дира, Интерполе арз а ца деш. Цунна экстрадици йина хиллехь, иза валлалц Iазапехь латтийна хила мегара оьрсийн ницкъахоша", - дийцина ассоциацин векало.

Цо иштта билгалдаьккхина, дуьненаюкъарчу полицино наггахь бен иштта сиха жоп ца ло цхьаъ лехамашкара дIаваккхарх. Амма нохчочун йолу мухIажаран статусо гIо дина хаттар сихха листийта.

  • ТIаьххьарчу беттанашкахь Европехь митингаш хилира нохчийн зудчунна Гериханова Аминина Оьрсийчу экстрадици ярна дуьхьал, иза Румынехь дIалаьцнера, украинхойн-румынхойн дозанехь. Де хьалха Румынин полици реза ца хилира нохчийн мухIажар Гериханова Амина маьршаяккха. Хетарехь, иза миграцин набахте хьажор ю 30 денна.
  • Украинехь тIом болабелчхьана дукха нисделла Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашна дуьхьало еш, йа депортаци еш меттигаш. Доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу бахархоша латкъамаш бо кест-кеста къоман а, динан а билгалонашца дискриминаци лелайо шайца румынхойн миграцин хьукматаша бохуш. Бакъоларъярхойн хаамашца, къаьсттина хьакхало и нохчех: йа депортаци йо царна, йа лоьцу уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь бацахь а, ткъа Румынехула дехьабовлу уьш транзитехула.
  • Евробертан цхьайолчу пачхьалкхан вахархо волу нохчо дIалецира Германехь, Интерполан системехула дуьненаюкъарчу лехамашка веллера иза Оьрсийчоьнан дехарца. Товбеца-баттахь циггахь Оьрсийчоьно Интерполехула дIавехарна лецира Нохчийчуьра мухIажар. ТIаьхьо "Вайфонд" ассоциацин аьтто белира иза дуьненаюкъарчу лехамашкара дIаваккха.