Иракъера схьахьажийна шина беран нана кхин дIа а лаьцна йуьтур йу ГIалгIайчуьра кхело

Шеман къилбаседанера мухIажарийн куп, 2019 шо. Гайтаман сурт

Терроризмана тIехула бехкейина мехкан йахархо Гатагажева Лайлаъ кхин дIа а лаьцна йуьтуш хан дIайахйина ГIалгIайчохь Малгобек гIалин кхело. Иза бер долчу хенахь "Исламан пачхьалкхан" гIаттамхой болчу дIайигинера йоI, тIаьхьо оцу тIехула Иракъехь хан текхна йу иза, амма хIетте а чохь латтош хиллера иза стохка аьхка Оьрсийчоьне схьайаллалц, цул тIаьхьа йуха а лецира иза.

Гатагажеван адвокато дIахьедира цунна дIасайалар доьхкучу хаттаран формалехь тергойира кхело: иза къайлайала гIоьртина хиларх цхьана а кепара тоьшалла ца далийна талламо, цул хьалха а йоIа раж талхийна йац йа талламан изоляторехь а, йа цIера йалар дихкина лаьцна йитинчу хенахь а. Малгобек гIалин кхело а, ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело а и бахьанаш тергамза дитира – Гатагажеван кегий бераш хилар а санна.

  • Гатагажеван 13 шо долчу хенахь нанас дIайигинера иза "Исламан пачхьалкх" олучу тобано дIалаьцначу дозана тIе, цигахь маре а йеллера иза бертаза. Шен 14 шо долуш дуьххьара бер дира цо, 15 шо долуш – шолгIа а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, Шемахь йоI "шен лаамехь" дIакхетта даIишах, цигахь церан гIуллакхашка хьожуш хилла йу иза, иштта "шен ахчанах царна герз а латтийна" аьлла.
  • 2023-гIа шо довш дийца даьккхира Гатагажева кхин дIа а лаьцна йуьтуш хиларх, цул тIаьхьа цхьана ханна цIера йалар дихкина йитира иза, амма дукха ца Iаш прокуратурин тIедилларца йоI СИЗО йухайалийра.
  • Кавказ.Реалиин сайто хьалхо дийцира Иракъера зударийн "Русафа" набахтехь латтийначу тутмакхийн кхолламах лаьцна, йара царлахь Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а 30 йахархо. Тхан аьтто хилира церан гергарчу нахаца а, таIзарш динчу зударшца а зIе таса.