Багдадерчу "Русафа" зударийн набахтин куьйгалло Оьрсийчуьра махкахошна уьш оьрсийн набахтешка шайн хенаш такха дIалур бу аьлла, дош делла. И хаам Кавказ.Реалии сайте дуьхьало йинчу тутмакхех цхьамма бира. Бехктакхаман гIуллакхаш йухалистар доьхуш кхайкхийна мацалла шина кIирнахь латтийра зударша.
"ХIинца сан йиша Оьрсийчу схьайалор йу боху. Царех кхо-йиъ оьрсий йу, кхинберш Дагестанера, масех Нохчийчуьра. Баккъала иза дан дагахь бу уьш, йа тхо ледеш бу - цкъачунна хууш дац. [Мацалла кхайкхинчу йукъанна] уьш во хуьлий, охьаэгара, лоьраша схьабогIий молха хIоттадой шуна олура. Амма глюкоза йалар мацалла сацор санна дара", – дийцира Оьрсийчоьнан махкахо йоцчу цхьамма.
Цо бахарехь, "Русафа" набахтера дукхахболу тутмакхаш 15-20 шераш тухуш чубоьхкина бу, цхьаболучарна – гуттаренна чохь йаккха хенаш йиттина. "Масех зуда йу пхиъ, йалх шераш диттина. Уьш Иракъе шайн 18 шо кхачале баьхкина бара. Дукха хан йоццуш Оьрсийчуьра цхьйолу йиша дIахийцира. Хан текхна йелира иза", – тIетуьйхира тутмакхо.
Кавказ.Реалии сайто дийцира, Иракъерчу"Русафа" зударийн набахтерчу тутмакхех. Царлахь 30 зуда йу: нохчий, дагестанхой, гIалгIай, гIебартой, балкхархой. Корреспондентан аьтто белира цаьрца а, церан гергарчаьрца а зIенейала. Зударех дукхахберш "Русафа" набахтехь болу йалхалгIа шо ду. Церан гIуллакхаш терроризм артиклаца вовшахтоьхна ду. Царна луург Оьрсийчу йухаберзар ду.
- Карарчу хенахь "Русафа" набахтехь латтош 400 зуда йу. Уьш бу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара. Оьрсийчуьра, Йуккъерчу Азин пачхьалкхашкара, Беларусера, Украинера, Францера, Туркойчуьра, Швецера, Германера. Акци йолайелира Оьрсийчуьра, Беларусера,Таджикистанера масех тутмакхо мацалла кхайкхор бахьанехь.
- Шемахь, Иракъехь дуккха Оьрсийчоьнан махкахой бу хIинца а. Дукхахьолахь уьш "Исламан пачхьалкх" тобанерчу экстремистийн зударий а, церан бераш а ду. Дукхахболу зударий – Къилбаседа Кавказера – шайн майрошна тIаьхьахIиттина, 2013-2015 шерашкахь Шема бахана бу. Кавказ.Реалии сайто дийцира царех лаьцна.
- "Исламан пачхьалкх" (ИГ) дуккхачу пачхьалкхашкахь а, Оьрсийчохь а террорхойн цхьаьнакхетаралла лоруш йу.