Ирхъуллуш волу шен кIант вийна зуламхо витина нанас ГIажарийчохь
Балал цIе йолу зуламхо ирхъолла вуьгуш ву. 7 шо хьалха IабдаллахI цIе йолу 17 шо долу шен нийсархо вийнера цо, урс а тоьхна.
Цхьа де хьалха Балал ирхъуллур вац аьлла цхьа а сатийсам боцуш йисинера цуьнан нана.
Мазандаран-провинцехь Нуур-гIалахь кхеле хьажа гулделлера дуккха а адам.
Кхузахь кхочушъян езаш яра кхел.
Балалан гергарнаш боьлхуш бу.
Балала вийначу IабдаллахIан да-нана.
Ирхъуллу хан тIекхаьчначул тIаьхьа нанас, тIара а тоьхна, витира шен кIант вийна зуламхо Балал.
Иза ду зуламхо дийна витина бохург. Цо вийначу кIентан да-нанас дIабаьккхира цуьнан коча тесна муш.
Кхерамазаллин ницкъийн векло Дела реза хила элира вийначу кIентан дена ХоссейнзадехI IабдулгIанина, цо зулам дина стаг витарна.
Балалан а (аьрро), IабдуллахIан а наной.
Балалан гергарчара а баркалла элира IабдаллахIан дена.
Балала вийначу IабдаллахIан да-нана а, цуьнан йиша а ду шайн хIусамехь. Дукха хан йоцуш кхин цхьа церан 11 шо долу кIант вийра, мотоцикл а хаьрцина.
IабдаллахIан да-нана ду цуьнан кошанна тIехIоьттина.