"Ишта хьасташ хуьлийла дац": нохчий схьабовлар талла аьлла Кадыровс

Бенахь хIоттийначу халкъан кхоллараллин фестивалехь ву Кадыров Рамзан. Нохчийн халкъан культура денйеш хIора шарахь дIахьочу проектан гурашкахь хуьлу и фестиваль. 2022 шо

Республикехь дIакхайкхийначу историн Шеран гурашкахь Кадыров Рамзана тIедиллина, "нохчийн къам схьадаьлла цхьаъ бен доцу тоьшалла" тIечIагIдина болх йазбе аьлла. Керла концепци шена тIелаьцна информацин министр хиллачу, Соьлжа-ГIалин историх лаьцна шен белхан доккхаха долу дакъа КадыровгIеран тайпана леринчу Умаров Джамбулата. Эксперташца цхьаьна Кавказ.Реалиино листира, хIун кхача тарло керлачу инициативера.

Чиллан-беттан йуьххьехь куьгйаздира Кадыров Рамзана Нохчийчохь историн Шо дIадахьа: инициативан Iалашо йу бохура документа тIехь "историин иэс Iалашдар", иштта "халкъан историн-культурин тIаьхьенна йукъараллин терго тIеозор". Орсийчоьнан дешаран министро Кравцов Сергейс керлачу дешаран киншкаш тIехь Сталинан депортацих лаьцна карладаьккхина дакъа Кадыровна шенна дIагайтина масех бутт баллачул тIаьхьа дIакхайкхийра Нохчийчохь историн Шо.

Чиллан-бутт бовш министрийн кабинетан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо бовзийтира историн Шеран гурашкахь дIахьун болу эзар барам. Уьш кечбийр бу оцу гIуллакхана леррина билгалйаьккхинчу, Кадыров ша коьртехь волчу комиссино. Цуьнан декъехь хир бу йоллу министраллийн куьйгалхой, лакхарчу доьшийлийн ректорш, кIоштийн администарцийн урхалхой, официалан телеканалийн а, коммуналан урхаллийн а куьйгалхой. Оцу барамашна "дуккха а бахархой йукъаийзон" декхаре хир бу уьш, билгалдаьккхина документа тIехь.

Цхьахйолчу проектех хир йу "дуккхаъчу дакъошкахь" йолу нохчийн исторех лаьцна жайна. Иза арахеца Iалашо йу "нохчийн къам схьадаларан цхьа тоьшалла тIечIагIдан" лаамца. Нийса хьесапаш дархьама, "Нохчийчоьнан Iилманан академи коьртехь йолуш, боллу историкаша къахьоьгур ду", дийцира культурин министро Дадаев Мусас. Республикера Iилманан академин куьйгаллехь ву тахана Умаров Джамбулат, Нохчийчоьнан зорбанан, информацин хилла министр – иза ву историн Шеран комиссин декъехь а.

2015-чу шарера схьа дуьйна республикехь лелочу пропагандин коьрта декъашхо вара иза, цо бакъбора дуккха а адамийн бакъонаш эшийна меттигаш. Доккхачу декъанна Умаровс дIахьедора, Нохчийчохь гейш хилар "генетикехь хила йиш йоцург" ду, кхайкхамаш бора, йоллу Оьрсийчохь даржон деза гечдарш дехийтар бохуш. Академин куьйгалле и хIоттор къайлах нисделира, белхахошца дага а ца буьйлуш, дийцира Кавказ.Реалиига хьасто.

Ткъа хIинца Умаров а, культурин министр Дадаев Муса а декхаре ву Iилманчийн белхаш цхьаьнатоха, нохчий дуьненчу бовларх а, "нохчийн йукъаралла а, цуьнан пачхьалкхалла а массо а агIор кхиош" хиларх керла талламаш дIагайта, аьлла ду зазадокху-беттан 1-чохь мехкан куьйгалхочо куьйг йаздинчу декхаршна йукъахь.

"Тешамца, нийсонца Оьрсийчоьнна баьцна"

"Бакъ йолу истори хIоттон" гIоьртира Нохчийчохь тIаьххьара 2017-чу шарахь. ХIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIедилларца республикехь комисси вовшахтуьйхира "нохчийн халкъан истори талла а, нохчийн культурин тIаьхьало Iалашйан а". Цуьнан коьрта Iалашо йара, 1990-чу шерашкахь тIемаш боьлхучу заманчохь хIаллакйина хилла архив йухаметтахIоттор, ишта "нохчийн халкъан историн концепцеш" билгалйахар а.

2018-чу шарахь комиссин декъашхошца хиллачу цхьанакхетарехь дуьххьалдIа билгалйаьккхира талламаш бен болу агIо. "Билггал нохчийн истори Iамош хиллачарна хаьа, вайн дайша тешамца, бакъонца Оьрсийчоьнна гIуллакхаш дина хилар", - дIахьедира хIетахь цо. Мехкан урхалхочо хIетахь тIедиллира Нохчийчоьнан 10-чу бIешерашкара схьа дуьйна йолчу историх лаций книга арахеца аьлла – оцу хенара дуьйна схьа нохийн историхь хьахийна ду Бенойн тайп, цуьнах схьаваьлла ву Кадыров ша а.

Оццу шеран гурахь Соьлжа-ГIалахь конгресс дIайаьхьира "Этногенез и этническая история народов Кавказа" аьллачу цIарца. Цигахь йовзийтина Iилманан материалаш а, Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан суьрта тIера йолийначу гуламана йукъа йахийтира тIаьхьо. Книга йолош республикин куьйгалхочо кхин цкъа а билгалдаьккхира шен дас "Нохчийчохь дерриг а дикачу агIор хуьйцуш" динчу гIуллакхех лаьцна. Оцу гуламна йукъахь бовзийтина нохчий схьабовларх шаьш бина талламаш, иштта кхечу пачхьалкхашкара эксперташа а – Туркойчуьра, Урдунера, Гуьржийчуьра, къобалйазчу Абхазера а.

Дозанал арахьарчу Iилманчаша теллинера нохчий схьабовларан версеш, ткъа тIаьххьарчу 30 шарчохь Нохчийчуьра хиламех лаьцна база вовшахтохар тешийнера комиссин цхьана декъашхочух – хIетахь Кадыровн пресс-секретарь хиллачу Каримов Iаьлвих. Оцу заманчохь нохчийн халкъан истори толлучу комиссин куьйгалхочун гIовсо Умаров Джамбулата Соьлжа-ГIалин историх лаьцна книга кечйира – "Фактор КРА" йара цуьнан цIе. Соьлжа-ГIалахь конгресс хилла ши кIира даьллачу хенахь арахийцира монографи, цуьнан доккхаха долу дакъа Кадыровх лаьцна ду, "Нохчийчоь меттахIотторехь шен дас дина гIуллакхаш кхин дIа даьхьначу".

2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь комиссин куьйгаллехь хиллачу Гапуров Шахрудиис чIагIо йира, Нохчийчочьнан халкъан тоьлла векалш дIабоьхкина меттигаш билгалйохуш историкаша болх кхин дIа а бийр бу аьлла. Нохчийчоьнан гоьбевллачу историн гIуллакхдархой дIабоьхкина кешнаш лоьхуш, болх болийра комиссино, товш йоцу историн фактех лаьцна хьаха а ца деш.

Масала, гоьваьллачу Зандакъойн шейхан ГIеза-Хьаьжин билгалонан коша тIе хIиттинчу заманчохь ца хьахийра, Оьрсийчоьнан Iедална дуьхьал хиларна 1860-чу шерашкахь иза махках ваккхарх. Дайн лаьмнашка ван дихкинера цунна, оцу бахьанашца Меккехь дIавоьллира иза. Изза хьал нисделлера ЦIонтаройн Шемал Шоип-Моллин коша тIехь нисбелча а. Цара дага ца даийтира, шайн йуьртахоша наиб вийна хилар, иза шегарчу бакъонел сов вийлина хиллера, аьлча а, марехь мел боцу мехкарий ша дола дечу дозана тIехь маре бахийта аьлла, омра дина хиллера цо.

"Доцу жоп даккха лууш ву"

Тахана Кадыровн проблема йац, Оьрсийчоьнна дуьхьал къийсам латтон историн гIуллакхдархой "шен Нохчийчоьнан" турпалхой лара. Нохчийн агIор Кавказан тIеман турпалхо муьлхха а лара а, и хьалхатетта а йиш йу цуьнан, элира редакцица къамел динчу нохчийн историко, репрессин низамаш чIагIдарна, шен цIе йаккха ца лиира цунна.

2023-чу шарахь Нохчийчохь керла ши батальон вовшахтуьйхира, Кавказ йоккхучу заманчохь хиллачу ламанхойн лидерийн цIерашца – Шейх Мансуран а, Бенойн БойсагIаран а. Керлачу дакъошна и цIераш тахка новкъарло ца хилира, историкан бухехь долчух а, изза цIераш йолуш Украинехьа тIемаш беш дакъош хиларх а.

"Кхузахь Кадыров жоп дезаш ву, стенгара схьабевлла нохчий бохучу хаттарна. Амма нохчийн истори – хаттар ду, таханалерачу дийнахь дерриг а диллина диссина. Кхо эзар, йа пхи эзар хьалха нохчийн генезисех тоьшалла дийр долу хьасташ йац, йа хуьлийла дац", - билгалдоккху историко.

Нохчий схьабовлар – оцу хаттаро Iилманчийн гонашкахь къийсамаш гIиттабо, хIунда аьлча, Кавказехь историхь кхоллайелла халкъан а, культурин а мозаика йу. Масала, Оьрсийчоьнан историко, малхбале толлучу Берже Адольфа масех теори хьийхира "нохчий" боху цIе гучуйаларх лаьцна: йара царлахь легендашкахь вийцина, нохчийн дайх волчу Нахчууо Турпалх къам схьадаьлла боху верси а, иштта Большой Чечень эвлан цIарах бовлар а.

ТIаьххьарчу хенахь шуйра йаржийна Нохчийчоьнан официалан историографихь абхазхойн Iилманчан Гумба Гураман трактовка. Цо йаздира, VII-чу бIешерашкара "Эрмалойн географи" тIехь хьахийначу ширачу "нахчматянаш" бохучу цIарах схьабевлла нохчий.

"Кадыров декларацица тIеэца лууш ву бухехь абхазхойн Iилманчан Гумба Гураман теори. Ширачу эрмалойн хьастийн буха тIера цуьнан верси хила бакъо йолуш йу, амма и цхьаъ бен нийса йац аьлла, тIеоьцийла дац. Хаттаран маьIнех ца кхеташ, лаха, йазйе аьлла омра дар – оццул экамечу теме Iилманан агIор хьажар а дац, йа историца хьажар а дац. Цо хьалхатеттина муьлхха а верси, верси йу, тIечIагIдина бакъдерг дац", - билгалдоккху историко.

Гумбан верси кхоьллина, гIалгIашца цхьаьна кхин а ширачу "нахех" нохчий гучубевлла аьлла – оцу буха тIехь цо йуьйцург "ширачу нохчийн, ширачу гIалгIайн тIаьхьенах йукъара истори" йу. Шина республикина йукъарчу девнах лаьцна дуьйцуш хазахета Кадыровна, гIалгIай а, нохчий а цхьа къам ду бохуш, дагалоьцуш.

Оцу аргументах пайдаийцира цо 2021-чу шарахь, ГIалгIайчоьнан Сунжа-кIоштан бахархой республикийн дозанийн йохаллехь охьадогIучу Фортанга хина уллохь белхаш болорна дуьхьал халкъан гуламе бевлча. "Питанчийн жIугана" таIзар де аьлла, кхайкхамбира Кадыровс, дозанаш нийса ца декъарна аьлла, дуьхьал йолийна харц протестех цо кхетийра, гIалгIай нохчийн къомах схьабевлла хиларца а, нохчийн цхьа гара уш хиларца а.

"ЖамIана дуьхьал у"

Боккъалла а дерг хийца а, историхь хилла доцург дIайаздан а хьийзар ду Кадыровн Нохчийчоьнан историх лаьцна шуьйра болх болабар тIедожор, аьлла хета нохчийн йукъараллин гIуллакхдархочунна Кутаев Русланна. 2014-чу шарахь, нохчий махках бахарна лерина хIоттийначу конференцихь цо бехкевира Кадыров историн иэс Iалашдарца бала цахиларна. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь лачкъийра иза, тIаккха наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкевина, набахтехь даккха диъ шо туьйхира цунна.

"Оццул йаккхий таронаш йолуш: зорба тоха бакъо, Iилманан академи долахь йолчу Нохчийчоьнан Iедалхоша дерриг а дийр ду, шайн верси йаржорхьама, - школашкара дешаран жайнашкахь и дерриг а хир ду. Амма цхьа хIума ду, ночхчийн иэс онда ду, тхуна дагахь бу йамартхой а, турпалхой а- доьзалашна кар-караоьцуш и дерриг а дIакхачош а ду. Цундела официалан "истори" кехата тIехь бен хир йац", - тешна ву иза.

Цхьана агIор, историхула кхоьллина керла комисси, историн Шо ша а санна, Кадыровна а, цуьнан бIанакъосташна а конференци, баннерш, уггар а коьрта бюджеташ бен йац, дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"ХIара шо историн Шо лерина цара, стохкалера меттан Шо дара. Суна ца го, нохчийн мотт кхин а тIе маьIне хетта меттиг: нохчий маттана ассимиляци йеш йу тIетаьIIина, Советан заманахь а ца хиллачу кепара. Шен тIегIанехь мегар дара цара документацин бланкаш мукъна а нохчийн маттахь кхолла. Нохчийчохь Кадыровс мел дийриг, цхьа у долуш хуьлу, жамI кхин хуьлу", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Меттан хеттаршка хьаьжча, историн хеттарш – политикан гIирс бу, цундела 2024-чу шарахь "хила йиш йоцу хIуманаш" а хуьлийла ду, кхин дIа дуьйцура Сулеймановс.

"Суна хетарехь, хIара шо чекхдалале цхьа белхаш йазбийр бу, дарстийна аьлча, нохчий а, оьрсий а цхьана дайх схьабевлла бу бохуш. Оьрсийчоьне гара хьежа ца оьшу аьлла, нохчий оцу тIе балорхьама дерриг а дийр ду цара. Цу тIе (Iилманан академи) Умаров Джамбулат оцу кепарчунна гунахь ву. И ма вуй даим а "лоькхург", дин а цхьаъ ду вай бохуш санна -керста а, бусалба а", - дагалоьцура цо.

20I1-чу шарахь Умаров Джамбулата резонансе къамел дира Дуьненайукъарчу оьрсийн халкъан килсехь РПЦ-но дIахьочу барамехь. Цо дIакхайкхийра православин а, исламан цхьа барт хиларх "либералан иблисана дуьхьал лаьттачохь", дIахьедира, нохчашна даим а безна оьрсий, хIунда аьлча, "церан жIараш даим а сийлахьчу Оьрсийчоьнна тIехула лепаш хиларна", хIунда аьлча, "сийлахьчу син шортон" дакъа шаьш хетарна. Умаровс къамелдина дукха хан йалале цунна орден йелира Оьрсийн православин килсан "Сий, доьналла" аьлла. Цул тIаьхьа цунна критика йира исламана йамартваларна, информацин министран дийзира хIетахь бехказавийла.

  • 2023-чу шеран охан-баттахь республикан дешарх лаьттачу низамехь бинчу хийцамашкахь мехкан дешаран министраллина бакъо йитира федералан дешаран программаш хIитторехь дакъалаца - "регионалан, къоман, этнокультурин башхаллин чоьтан декъехь". Регионалан дешаран программаш кечйан бакъо Нохчийчоьнан министрийн кабинетан и хийцамаш бале хьалха а цхьаьна йара.
  • 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедалхоша куьйгашйаздира дозанаш хуьйцучу бертана, цо протест гIаттийра гIалгIайн цхьадолчу декъехь, оцу бертаца шайн махкана дуьхьал къайлах барт бина аьлла хетта. Масийтта деношкахь Магасехь урамашкахь протесташ йинчул тIаьхьа жигархой бертаза дIасалаьхкира, Оьрсийчоьнан Конституцин кхело, Евкуров ваьллера цаьрга, дозанех бина сацам низамехь бу элира.
  • Кадыров Рамзан бен вац Кавказехь нахана репрессеш йинчу бехкечийн цIераш йохург. Масала, кху шеран чиллан-беттан 23-чохь, депортаци йина 80 шо кхочуш, цо дIахьедира, халкъаш махках даьхнера "неIалте Сталин Иосифан" омраца, ткъа "Чечевица" аьллачу кодехь дашца йолийначу операцин куьйгалла дийриг Берия Лаврентий хиллера.