Сулейманов Раис: Бусулба нах шайн къаьмнийн орамех хедабо салафийано

ГIезалойчоь -- Идал-хица болчу мехкийн регионалан а, динан а талламийн центран директор Сулейманов Раис.

Оьрсийчуьрчу маьждигашкахь даΙваташ меттигерчу къаьмнийн меттанашкахь а ца деш, юкъара лоручу оьрсийн маттахь до, оцу хьоло иштта а эшамехь долу меттанаш, нахана ца оьшучу дохуш лаьтта, бохуш орца доху кху деношкахь шен артикл тΙехь Идал-хица лаьттачу мехкийн регионалан а, динан а талламийн центран директора, гΙезалочо Сулейманов Раиса. Цо яржаен ойланаш бух болуш хиларе терра, Маршо Радионо къамел дира цуьнца.



Сулейманов Раис, кхеташ ма-хиллара, шен къам хьалха даккха гΙерта мотт боцуш дисарх, оьрсийн моттий бен ца буьйцучу адамийн хьесапе дерзарх.

Казанехь маьждиг даьккхина рузбанахь Ιачу бусулбанашлахь беккъа гΙезалой хилла Ιаш бацарна, чохь буьйцург оьрсийн мотт хуьлу, шатайпа оьрсийн меттан бусулба кеп лелайо нахана даΙваташ дечу имамаша, Ιеламнаха, боху Сулеймановс ша интернетехь даржадечу йозанашкахь.

Муьлш бу маьждигашкара къамелаш оьрсийн маттахь дийраш, аьлла, шега хаьттича, цо бехке бо ислам фундаменталан ларда тΙехь чΙагΙдан арабевлла Ιеламчаш, я Кремлан риторикехь аьлча, вахьабхой.

ДаΙваташ, хуьлда иза Казанехь я Нальчикехь, оьрсийн маттахь даро дечу зенал а совнаха, ша салафийян боламо ден аьлла шена хета кхин зенаш а охьадагардира цо тхан къамелехь.

Сулейманов: «Уггаре хьалха ас юьйцурш ю кеп-кепарчу некъаша йохьу ассимиляци. Кхетам, къаьмнийн култура хьаьккхина дΙайоккхуш ю, иштта цамагадо хелхарш, къоман мукъамаш, эшарш. И дерриг а хьарам ду боху. Амма хΙора а къоман долуш ма ду шайн хелхарш, иллийн култура. Деэтнизаци ю-кх дΙахьош.

ШолгΙа проблема ю гΙезалойн – меттан ассимиляци. Маьждиге леларш цхьана къомах бацаре терра, массо а кхетачу оьрсийн маттахь до даΙваташ. Ткъа хуьлуш дерг хΙун ду – гΙезалой оьрсийн матте берзош бу. Делахь а Къуръанехь аьлла ма ду, АллахΙа ларамза ца декъна адамаш тайп-тайпанарчу къаьмнашка.

Советан заманахь адам къам доцчу хьесапе доккхуш болх бора, хΙинца вахьабхой бу оцу кепе бусулба нах бохуш».

Ненан мотт, къоман билгалонаш, цуьнан гΙиллакхаш, ламасташ даздеш, церан кхоччуш ларамбеш вацахь а, хьо мел суьпа велахь а, нийса вац – къоман мехаллаш дΙахьошийла дац, аьлла хета Идал-хица лаьттачу мехкийн регионалан а, динан а талламийн центран директорна Сулейманов Раисна.

Сулейманов: «Уьш хΙуманш дуьхь-дуьхьал хΙиттош схьабогΙу. Церан кхетамехь дин а къам а цхьанаоьш ду. Ткъа къастам бан безаш хилча, цара дин коьрта лору къоман башхаллел. Аьлча а, со бусулба ву, бухадуьсург дерриг а мехала дац».

Сулеймановс гΙаттийна тема керла яц. Кест-кеста дийцаре до вай, хΙун ду хьалхадолуш – дин я къоман билгалонаш. ХьастагΙа Маршо Радионо нохчашна хьалха хаттар а хΙоттийнера оцу маьΙанехь. Вайн адамаш шина декъе декъаделира жоп луш, цхьаболучара бусулба хилчхьана, нохчо ву яц вац хьехо а хьашт доцуш лору, кхечара шаьш уггаре хьалха ночхий ду, тΙаккха бусулба а ду бохура.

Оцу могΙара къестамаш бар стеган шен бакъо, шен лаам бу. Ткъа ненан мотт, дайн гΙиллакхаш ваьшкара довш ду бохуш орца а дохуш, дахаран кхечу агΙонашкахь хьовха, динан гΙуллакх дечохь а оьрсийн мотт хьалха а туьйсуш вай даьхча, стенга кхочур ду а дика кхетадо вай.

Масала, интернетехь шортта ю нохчашлахь нохчаша Дела дош даржаден сайташ. Амма церан массеран а коьрта мотт бу оьрсийниг. Нохчашна ислам довзийтар – иза а бу мехала болх. Амма иштта а юкъахь, къаьсттина йозанаш вовшашца деш, нохчаша лелош а боцу нохчийн мотт нохчашкара дΙабаьккхича вайна бухадуьсург хΙун ду, оцу дисинчун хΙун мах хила тарло – цуьнан ойла вай кΙезиг йо.